Мусхаф., агӏо 111

  1. وَقَالَتِ الْيَهُودُ وَالنَّصَارَىٰ نَحْنُ أَبْنَاءُ اللَّهِ وَأَحِبَّاؤُهُ ۚ قُلْ فَلِمَ يُعَذِّبُكُمْ بِذُنُوبِكُمْ ۖ بَلْ أَنْتُمْ بَشَرٌ مِمَّنْ خَلَقَ ۚ يَغْفِرُ لِمَنْ يَشَاءُ وَيُعَذِّبُ مَنْ يَشَاءُ ۚ وَلِلَّهِ مُلْكُ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ وَمَا بَيْنَهُمَا ۖ وَإِلَيْهِ الْمَصِيرُ

    Жуьгташа а‚ насараша а элира: 'Тхо ду Делан кIентий а‚ Цуьнан дукхадезарш а'. Ахь āла: 'Ткъа шуна Iазап хIунда до Цо шун къинош бахьанехь? ХIан-хIа‚ шу адамаш ду Цо кхоьллинчарах. Шена луучунна гечдийр ду Цо‚ Шена луучунна Iазап дийр ду. Делан ду стигланийн а‚ лаьттан а долалла‚ царна юккъехь дерг а‚ Цуьнга ду /массеран а тIаьххьара/ дIадерзар'

    5:18
  2. يَا أَهْلَ الْكِتَابِ قَدْ جَاءَكُمْ رَسُولُنَا يُبَيِّنُ لَكُمْ عَلَىٰ فَتْرَةٍ مِنَ الرُّسُلِ أَنْ تَقُولُوا مَا جَاءَنَا مِنْ بَشِيرٍ وَلَا نَذِيرٍ ۖ فَقَدْ جَاءَكُمْ بَشِيرٌ وَنَذِيرٌ ۗ وَاللَّهُ عَلَىٰ كُلِّ شَيْءٍ قَدِيرٌ

    ХIай жайнан охIла! Веана шуьга Тхан элча /Мухьаммад/, билгаладоккхуш шуна /хIуманаш/ элчанаш бахкар сацаделла хиллачу муьрехь‚ шуьга ца алийтархьама: 'Ца веана тхоьга кхаъ боккхург‚ ца веана тхоьга кхерам тосург'. Веана шуьга кхаъ боккхург а‚ веана шуьга кхерам тосург а. Дела массо а хIуманна тIехь ницкъ кхочуш ма ву

    5:19
  3. وَإِذْ قَالَ مُوسَىٰ لِقَوْمِهِ يَا قَوْمِ اذْكُرُوا نِعْمَةَ اللَّهِ عَلَيْكُمْ إِذْ جَعَلَ فِيكُمْ أَنْبِيَاءَ وَجَعَلَكُمْ مُلُوكًا وَآتَاكُمْ مَا لَمْ يُؤْتِ أَحَدًا مِنَ الْعَالَمِينَ

    /Хьахаде/ Мусас ма аьллера шен къоме: 'ХIай сан къам‚ дагадаийта шайна тIехь хилла долу Делан ниIмат: Цо шуна юккъехь пайхамарш хилийтира‚ шух бира паччахьаш, шуна делира Iаламех цхьанна ца делларг

    5:20
  4. يَا قَوْمِ ادْخُلُوا الْأَرْضَ الْمُقَدَّسَةَ الَّتِي كَتَبَ اللَّهُ لَكُمْ وَلَا تَرْتَدُّوا عَلَىٰ أَدْبَارِكُمْ فَتَنْقَلِبُوا خَاسِرِينَ

    ХIай сан къам! Чу гIо Дала шайна /хила/ яздина долчу дезачу лаьтта (махка)‚ юха ма довла - тIаккха шу эшначаьрга ддоьрзур ду'

    5:21
  5. قَالُوا يَا مُوسَىٰ إِنَّ فِيهَا قَوْمًا جَبَّارِينَ وَإِنَّا لَنْ نَدْخُلَهَا حَتَّىٰ يَخْرُجُوا مِنْهَا فَإِنْ يَخْرُجُوا مِنْهَا فَإِنَّا دَاخِلُونَ

    Цара элира: 'ХIай Муса‚ цу чохь цхьа нуьцкъала къам ду‚ тхо даханне а цу чу гIур ма дац уьш арабовлалц цу чуьра. Уьш арабевлча цу чуьра – тхо чу гIур ду'

    5:22
  6. قَالَ رَجُلَانِ مِنَ الَّذِينَ يَخَافُونَ أَنْعَمَ اللَّهُ عَلَيْهِمَا ادْخُلُوا عَلَيْهِمُ الْبَابَ فَإِذَا دَخَلْتُمُوهُ فَإِنَّكُمْ غَالِبُونَ ۚ وَعَلَى اللَّهِ فَتَوَكَّلُوا إِنْ كُنْتُمْ مُؤْمِنِينَ

    Кхоьруш болчарах Дала шайна ниIмат (бакъ дин) делла волчу шина стага элира: 'Чу гIо царна неIарехула‚ шу цу чу дахча – шу тоьлла ду. Далла тIетовжа‚ шаьш тешаш делахь'

    5:23

Гочдар: Магомед Магомедов