Мусхаф., агӏо 110
-
وَمِنَ الَّذِينَ قَالُوا إِنَّا نَصَارَىٰ أَخَذْنَا مِيثَاقَهُمْ فَنَسُوا حَظًّا مِمَّا ذُكِّرُوا بِهِ فَأَغْرَيْنَا بَيْنَهُمُ الْعَدَاوَةَ وَالْبَغْضَاءَ إِلَىٰ يَوْمِ الْقِيَامَةِ ۚ وَسَوْفَ يُنَبِّئُهُمُ اللَّهُ بِمَا كَانُوا يَصْنَعُونَ
Оха ваIда ийцира тхо насараш (христианаш) ду аьллачаьргара‚ цара а дицдира цхьа дāкъа шеца шайна хьехам бина хилла долчух. Царна юкъатесира Оха мостагIалла а‚ оьгIазло а къематде хIотталц‚ тIаккха дуьйцур ду Дала‚ уьш хIун деш хилла, аьлла
5:14 -
يَا أَهْلَ الْكِتَابِ قَدْ جَاءَكُمْ رَسُولُنَا يُبَيِّنُ لَكُمْ كَثِيرًا مِمَّا كُنْتُمْ تُخْفُونَ مِنَ الْكِتَابِ وَيَعْفُو عَنْ كَثِيرٍ ۚ قَدْ جَاءَكُمْ مِنَ اللَّهِ نُورٌ وَكِتَابٌ مُبِينٌ
ХIай жайнан охIла! Веана шуьга Тхан элча‚ аш жайнах хьулдеш хилла долу дуккханиг шуна билгалдеш волу‚ дукханиг гучу ца доккхуш а дуьту цо. Деана шуьга Делера нур а‚ билгала жайна а
5:15 -
يَهْدِي بِهِ اللَّهُ مَنِ اتَّبَعَ رِضْوَانَهُ سُبُلَ السَّلَامِ وَيُخْرِجُهُمْ مِنَ الظُّلُمَاتِ إِلَى النُّورِ بِإِذْنِهِ وَيَهْدِيهِمْ إِلَىٰ صِرَاطٍ مُسْتَقِيمٍ
Цуьнца нисво Дала Ша резахиларна тIаьхьахIоьттинарг машаран некъашка‚ боданашкара нуьре арабоху Цо уьш Шен лаамца‚ нисбо Цо уьш нийсачу новкъа
5:16 -
لَقَدْ كَفَرَ الَّذِينَ قَالُوا إِنَّ اللَّهَ هُوَ الْمَسِيحُ ابْنُ مَرْيَمَ ۚ قُلْ فَمَنْ يَمْلِكُ مِنَ اللَّهِ شَيْئًا إِنْ أَرَادَ أَنْ يُهْلِكَ الْمَسِيحَ ابْنَ مَرْيَمَ وَأُمَّهُ وَمَنْ فِي الْأَرْضِ جَمِيعًا ۗ وَلِلَّهِ مُلْكُ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ وَمَا بَيْنَهُمَا ۚ يَخْلُقُ مَا يَشَاءُ ۚ وَاللَّهُ عَلَىٰ كُلِّ شَيْءٍ قَدِيرٌ
Керстаналла дина шаьш аьллачара: 'Баккъалла а, Дела И ма ву Марьяман кIант Масūхь'. Ахь āла: 'Делера цхьанна хIуманна доладалуш мила ву, Цунна лиъча хIаллакван Марьяман кIант Масūхь а‚ цуьнан нана а‚ лаьттахь мел дерг а?' Делан ма ду стигланийн а‚ лаьттан а долалла‚ царна юккъехь дерг а. Шена луург кхуллуш ву И. И Дела массо а хIуманна тIехь ницкъ кхочуш ма ву
5:17
Гочдар: Магомед Магомедов