Мусхаф., агӏо 118

  1. وَإِذَا نَادَيْتُمْ إِلَى الصَّلَاةِ اتَّخَذُوهَا هُزُوًا وَلَعِبًا ۚ ذَٰلِكَ بِأَنَّهُمْ قَوْمٌ لَا يَعْقِلُونَ

    Аш ламазе кхайкхича, и беламе а‚ ловзаре а оьцу цара. И ду уьш хиларна, шаьш ойла ца еш долу къам

    5:58
  2. قُلْ يَا أَهْلَ الْكِتَابِ هَلْ تَنْقِمُونَ مِنَّا إِلَّا أَنْ آمَنَّا بِاللَّهِ وَمَا أُنْزِلَ إِلَيْنَا وَمَا أُنْزِلَ مِنْ قَبْلُ وَأَنَّ أَكْثَرَكُمْ فَاسِقُونَ

    Ахь āла: 'ХIай жайнан охIла! Аш бекхам бо тхуна деккъа Оха ийман диллина хиларна Деле‚ тхайга доссийначуьнга а‚ хьалха доссийначуьнга а‚ шух дукхахберш фасикъаш хиларна а'

    5:59
  3. قُلْ هَلْ أُنَبِّئُكُمْ بِشَرٍّ مِنْ ذَٰلِكَ مَثُوبَةً عِنْدَ اللَّهِ ۚ مَنْ لَعَنَهُ اللَّهُ وَغَضِبَ عَلَيْهِ وَجَعَلَ مِنْهُمُ الْقِرَدَةَ وَالْخَنَازِيرَ وَعَبَدَ الطَّاغُوتَ ۚ أُولَٰئِكَ شَرٌّ مَكَانًا وَأَضَلُّ عَنْ سَوَاءِ السَّبِيلِ

    Ахь āла: 'Ас дIахоуьйтий шуьга цул а вониг бекхам хиларца Делан гергахьара? Уьш бу Дала шайна неIалт аьлларш‚ И шайна оьгIазвахнарш‚ Цо шайх маймалш а‚ хьакхарчий а йинарш а‚ тIагIутана шаьш Iибадат динарш а. Уьш бу вонаш (шайна хир йолчу) меттигца‚ уггар тилабелла берш нийсачу некъах'

    5:60
  4. وَإِذَا جَاءُوكُمْ قَالُوا آمَنَّا وَقَدْ دَخَلُوا بِالْكُفْرِ وَهُمْ قَدْ خَرَجُوا بِهِ ۚ وَاللَّهُ أَعْلَمُ بِمَا كَانُوا يَكْتُمُونَ

    Шу долчу баьхкича /жуьгтийн мунепикъаш/, цара олу: 'Тхо ийман диллина ду'‚ уьш-м /шу долчу/ баьхкина ма бара керстаналлица‚ – уьш /шу долчуьра/ ара ма бевли цуьнца. И Дела дика хууш ву-кх цара хьулдеш хилларг

    5:61
  5. وَتَرَىٰ كَثِيرًا مِنْهُمْ يُسَارِعُونَ فِي الْإِثْمِ وَالْعُدْوَانِ وَأَكْلِهِمُ السُّحْتَ ۚ لَبِئْسَ مَا كَانُوا يَعْمَلُونَ

    Хьуна го царах дукхаберш сихлуш къа дарехь а‚ мостагIалла лелорехь а‚ хьарам хIума даарехь а. Ма вон хIума ду-кх цара деш хилларг!

    5:62
  6. لَوْلَا يَنْهَاهُمُ الرَّبَّانِيُّونَ وَالْأَحْبَارُ عَنْ قَوْلِهِمُ الْإِثْمَ وَأَكْلِهِمُ السُّحْتَ ۚ لَبِئْسَ مَا كَانُوا يَصْنَعُونَ

    Уьш духа хIунда ца туху раббанаша а‚ ахьбараша а къахиларан дашах а‚ хьарам мел дерг а цара даарх а? Ма вон ду цара деш хилларг!

    5:63
  7. وَقَالَتِ الْيَهُودُ يَدُ اللَّهِ مَغْلُولَةٌ ۚ غُلَّتْ أَيْدِيهِمْ وَلُعِنُوا بِمَا قَالُوا ۘ بَلْ يَدَاهُ مَبْسُوطَتَانِ يُنْفِقُ كَيْفَ يَشَاءُ ۚ وَلَيَزِيدَنَّ كَثِيرًا مِنْهُمْ مَا أُنْزِلَ إِلَيْكَ مِنْ رَبِّكَ طُغْيَانًا وَكُفْرًا ۚ وَأَلْقَيْنَا بَيْنَهُمُ الْعَدَاوَةَ وَالْبَغْضَاءَ إِلَىٰ يَوْمِ الْقِيَامَةِ ۚ كُلَّمَا أَوْقَدُوا نَارًا لِلْحَرْبِ أَطْفَأَهَا اللَّهُ ۚ وَيَسْعَوْنَ فِي الْأَرْضِ فَسَادًا ۚ وَاللَّهُ لَا يُحِبُّ الْمُفْسِدِينَ

    Жуьгташа элира: 'Делан куьг дихкина ду'. Куьйгаш дихкина-кх церан. НеIалт аьлла царна шаьш дуьйцург бахьанехь. Цуьнан (Делан) ши куьг даржийна ду‚ Шена луучунна рицкъ луш ву И. Царах дукхаберш совбохур бу хьан Кхиош-кхобучуьнгара хьоьга доссийначо /Делан / дозанех бовларца а, керстаналлица а. Царна юкъа мостагIалла а‚ оьгIазло а кхоьссина Оха къематде кхаччалц. Цара цIе мел латий тIамна‚ Дала яйира и. Лаьттахь боьха дерг даржадо цара. Далла безац боьханиг деш берш

    5:64

Гочдар: Магомед Магомедов