Сурат 5 Аль-маида (Даарийн шун)

  1. يَا أَيُّهَا الرَّسُولُ لَا يَحْزُنْكَ الَّذِينَ يُسَارِعُونَ فِي الْكُفْرِ مِنَ الَّذِينَ قَالُوا آمَنَّا بِأَفْوَاهِهِمْ وَلَمْ تُؤْمِنْ قُلُوبُهُمْ ۛ وَمِنَ الَّذِينَ هَادُوا ۛ سَمَّاعُونَ لِلْكَذِبِ سَمَّاعُونَ لِقَوْمٍ آخَرِينَ لَمْ يَأْتُوكَ ۖ يُحَرِّفُونَ الْكَلِمَ مِنْ بَعْدِ مَوَاضِعِهِ ۖ يَقُولُونَ إِنْ أُوتِيتُمْ هَٰذَا فَخُذُوهُ وَإِنْ لَمْ تُؤْتَوْهُ فَاحْذَرُوا ۚ وَمَنْ يُرِدِ اللَّهُ فِتْنَتَهُ فَلَنْ تَمْلِكَ لَهُ مِنَ اللَّهِ شَيْئًا ۚ أُولَٰئِكَ الَّذِينَ لَمْ يُرِدِ اللَّهُ أَنْ يُطَهِّرَ قُلُوبَهُمْ ۚ لَهُمْ فِي الدُّنْيَا خِزْيٌ ۖ وَلَهُمْ فِي الْآخِرَةِ عَذَابٌ عَظِيمٌ

    ХIай элча! Хьо сингаттаме ма войла керстаналлехь сихбеллачара‚ уьш хиллехь а шаьш багахь аьллачарах: 'Тешна тхо' - тешна дац церан дегнаш; уьш хиллехь а шаьш харцдолчуьнга ладоьгш хиллачу, шаьш хьо волчу /куралла еш, ца бешаш / ца баьхкинчу кхечу нахе ладоьгш хиллачу жуьгтех. Уьш бу дош шен меттигера дIадоккхуш‚ кхечухьа хIиттош. Цара олу: 'И шайга деллехь – схьалаца‚ шайга ца деллехь – ларло'. Дала шена питана лууш волчунна – цунна Делера цхьанна хIуманна доладийр дац ахь. Уьш бу Далла шайн дегнаш цIандан ца лууш берш. Царна дуьненахь сийсазалла ю‚ эхартахь царна деза-доккха Iазап ду

    5:41
  2. سَمَّاعُونَ لِلْكَذِبِ أَكَّالُونَ لِلسُّحْتِ ۚ فَإِنْ جَاءُوكَ فَاحْكُمْ بَيْنَهُمْ أَوْ أَعْرِضْ عَنْهُمْ ۖ وَإِنْ تُعْرِضْ عَنْهُمْ فَلَنْ يَضُرُّوكَ شَيْئًا ۖ وَإِنْ حَكَمْتَ فَاحْكُمْ بَيْنَهُمْ بِالْقِسْطِ ۚ إِنَّ اللَّهَ يُحِبُّ الْمُقْسِطِينَ

    ЛадоьгIурш бу уьш харцдолчуьнга‚ юурш бу уьш хьарам мел ерг. Уьш хьо волчу багIахь‚ хьукам де царна юккъехь‚ я дIаверза царах. Хьо царах дIавирзича‚ хIумма зен дийр дац цара хьуна. Айхьа хьукам деш‚ нийсонца хьукам де царна юккъехь. Баккъалла а, Далла беза нийсо лелораш

    5:42
  3. وَكَيْفَ يُحَكِّمُونَكَ وَعِنْدَهُمُ التَّوْرَاةُ فِيهَا حُكْمُ اللَّهِ ثُمَّ يَتَوَلَّوْنَ مِنْ بَعْدِ ذَٰلِكَ ۚ وَمَا أُولَٰئِكَ بِالْمُؤْمِنِينَ

    Хьоьга хьукам муха дойту цара? Цаьргахь Таврат ма дуй‚ шена чохь Делан хьукам долуш! ТIаккха цул тIаьхьа а дIабоьрзу уьш /Делан некъах/ – бац уьш муъмин нах

    5:43
  4. إِنَّا أَنْزَلْنَا التَّوْرَاةَ فِيهَا هُدًى وَنُورٌ ۚ يَحْكُمُ بِهَا النَّبِيُّونَ الَّذِينَ أَسْلَمُوا لِلَّذِينَ هَادُوا وَالرَّبَّانِيُّونَ وَالْأَحْبَارُ بِمَا اسْتُحْفِظُوا مِنْ كِتَابِ اللَّهِ وَكَانُوا عَلَيْهِ شُهَدَاءَ ۚ فَلَا تَخْشَوُا النَّاسَ وَاخْشَوْنِ وَلَا تَشْتَرُوا بِآيَاتِي ثَمَنًا قَلِيلًا ۚ وَمَنْ لَمْ يَحْكُمْ بِمَا أَنْزَلَ اللَّهُ فَأُولَٰئِكَ هُمُ الْكَافِرُونَ

    Баккъалла а, Оха охьадоссийна Таврат /Мусага/‚ шена чохь нийса некъ а‚ нур а долуш. Цуьнца хьукам до жуьгташна /Делан гIуллакхна/ муьтIахь хилла болчу пайхамараша а‚ /цуьнца хьукам до/ раббанаша а‚ ахьбараша а Делан жайнах шайна Iалашдина хиллачуьнца‚ уьш хилира цу тIехь тешаш. Шу нахах ма кхера‚ шу кхера Сох‚ ма дохка Сан аяташ кIеззигчу мехах. Дала доссийначуьнца хьукам ца деш берш –уьш керстанаш бу (и Делан хьукам ца дезаш я нийса ца лоруш белахь)

    5:44
  5. وَكَتَبْنَا عَلَيْهِمْ فِيهَا أَنَّ النَّفْسَ بِالنَّفْسِ وَالْعَيْنَ بِالْعَيْنِ وَالْأَنْفَ بِالْأَنْفِ وَالْأُذُنَ بِالْأُذُنِ وَالسِّنَّ بِالسِّنِّ وَالْجُرُوحَ قِصَاصٌ ۚ فَمَنْ تَصَدَّقَ بِهِ فَهُوَ كَفَّارَةٌ لَهُ ۚ وَمَنْ لَمْ يَحْكُمْ بِمَا أَنْزَلَ اللَّهُ فَأُولَٰئِكَ هُمُ الظَّالِمُونَ

    Оха тIедиллина царна цу (Таврата) чохь: са – сица‚ бIаьрг – бIаьргаца‚ мара – мерца‚ лерг – лергаца‚ церг – цергаца‚ чевнаш йоькхур ю (чIир оьцур ю), аьлла. Цхьаммо гечдахь‚ и цунна кафарат (къинойх цIанвалар) ду. Дала доссийначуьнца (нийса) хьукам ца деш берш – уьш зуламхой бу

    5:45
  6. وَقَفَّيْنَا عَلَىٰ آثَارِهِمْ بِعِيسَى ابْنِ مَرْيَمَ مُصَدِّقًا لِمَا بَيْنَ يَدَيْهِ مِنَ التَّوْرَاةِ ۖ وَآتَيْنَاهُ الْإِنْجِيلَ فِيهِ هُدًى وَنُورٌ وَمُصَدِّقًا لِمَا بَيْنَ يَدَيْهِ مِنَ التَّوْرَاةِ وَهُدًى وَمَوْعِظَةً لِلْمُتَّقِينَ

    Царна тIаьххье ваийтира Оха Марьяман кIант Iийса‚ бакъдеш шел хьалха хилла Таврат. Цуьнга делира Оха Инжил‚ шена чохь нийса некъ а‚ нур а долуш‚ ша бакъдеш долу шел хьалха хилла Таврат‚ ша нийса некъ а, /Делах/ кхоьруш болчарна хьехам а хилла долу

    5:46
  7. وَلْيَحْكُمْ أَهْلُ الْإِنْجِيلِ بِمَا أَنْزَلَ اللَّهُ فِيهِ ۚ وَمَنْ لَمْ يَحْكُمْ بِمَا أَنْزَلَ اللَّهُ فَأُولَٰئِكَ هُمُ الْفَاسِقُونَ

    Инжилан охIлано хьукам дойла шайга цу чохь доссийначуьнца. Дала доссийначуьнца хьукам ца деш берш – уьш фасикъаш бу (Далла муьтхь ца хилларш)

    5:47
  8. وَأَنْزَلْنَا إِلَيْكَ الْكِتَابَ بِالْحَقِّ مُصَدِّقًا لِمَا بَيْنَ يَدَيْهِ مِنَ الْكِتَابِ وَمُهَيْمِنًا عَلَيْهِ ۖ فَاحْكُمْ بَيْنَهُمْ بِمَا أَنْزَلَ اللَّهُ ۖ وَلَا تَتَّبِعْ أَهْوَاءَهُمْ عَمَّا جَاءَكَ مِنَ الْحَقِّ ۚ لِكُلٍّ جَعَلْنَا مِنْكُمْ شِرْعَةً وَمِنْهَاجًا ۚ وَلَوْ شَاءَ اللَّهُ لَجَعَلَكُمْ أُمَّةً وَاحِدَةً وَلَٰكِنْ لِيَبْلُوَكُمْ فِي مَا آتَاكُمْ ۖ فَاسْتَبِقُوا الْخَيْرَاتِ ۚ إِلَى اللَّهِ مَرْجِعُكُمْ جَمِيعًا فَيُنَبِّئُكُمْ بِمَا كُنْتُمْ فِيهِ تَخْتَلِفُونَ

    Хьоьга /хIай Мухьаммад/ доссийна Оха жайна бакъдолчуьнца‚ ша бакъдеш шел хьалха хилла жайна‚ ша иза лашдеш а долу. Ахь хьукам де царна юккъехь Дала хьайга доссийначуьнца‚ церан синлаамашна тIаьхьа ма хIотта хьайга деана долчу бакъдолчух. Шух хIоранна Оха шарI дина‚ /динехь/ билгала некъ бина (минхIаж). Далла лиъна хиллехьара, цхьана умматах дийр дара шу‚ мухха делахь а, шу зерхьама Ша шуна деллачуьнгахь (хилийтина Цо дуккха динаш). Диканашна тIехь хьалхе яккха къовса (вовшашца)‚ Деле ду шун массеран а дIадерзар‚ тIаккха дуьйцур ду Цо шуьга шун хилпалонаш шегахь хилларг

    5:48
  9. وَأَنِ احْكُمْ بَيْنَهُمْ بِمَا أَنْزَلَ اللَّهُ وَلَا تَتَّبِعْ أَهْوَاءَهُمْ وَاحْذَرْهُمْ أَنْ يَفْتِنُوكَ عَنْ بَعْضِ مَا أَنْزَلَ اللَّهُ إِلَيْكَ ۖ فَإِنْ تَوَلَّوْا فَاعْلَمْ أَنَّمَا يُرِيدُ اللَّهُ أَنْ يُصِيبَهُمْ بِبَعْضِ ذُنُوبِهِمْ ۗ وَإِنَّ كَثِيرًا مِنَ النَّاسِ لَفَاسِقُونَ

    /И доссийна Оха хьоьга омра деш/: хьукам де царна юккъехь Дала доссийначуьнца‚ церан синлаамашна тIаьхьа ма ваза‚ ларло царах, хьо цара дIатилаварах цхьадолчу Дала хьоьга доссийначух. Уьш дIаберзахь‚ хьуна хаалахь, Дела лууш хилар уьш балане лаца церан цхьадолчу къинош бахьанехь. Баккъалла а, нахах дукхаберш фасикъаш ма бу

    5:49
  10. أَفَحُكْمَ الْجَاهِلِيَّةِ يَبْغُونَ ۚ وَمَنْ أَحْسَنُ مِنَ اللَّهِ حُكْمًا لِقَوْمٍ يُوقِنُونَ

    ЖехIаллин хьукамна тIетийжа уьш ткъа? Мила ву ткъа Делал хьукам хаза деш тешаш долчу къомана?

    5:50
  11. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا لَا تَتَّخِذُوا الْيَهُودَ وَالنَّصَارَىٰ أَوْلِيَاءَ ۘ بَعْضُهُمْ أَوْلِيَاءُ بَعْضٍ ۚ وَمَنْ يَتَوَلَّهُمْ مِنْكُمْ فَإِنَّهُ مِنْهُمْ ۗ إِنَّ اللَّهَ لَا يَهْدِي الْقَوْمَ الظَّالِمِينَ

    ХIай ийман диллинарш! Аш ма леца жуьгтий а‚ насараш а шайна доттагIий. Царах цхьаберш доттагIий бу вукхарна. Шух царах шена доттагIий лецнарг, – баккъалла а, и царах ву. Баккъалла а, Дала ца нисдо зуламе къам

    5:51
  12. فَتَرَى الَّذِينَ فِي قُلُوبِهِمْ مَرَضٌ يُسَارِعُونَ فِيهِمْ يَقُولُونَ نَخْشَىٰ أَنْ تُصِيبَنَا دَائِرَةٌ ۚ فَعَسَى اللَّهُ أَنْ يَأْتِيَ بِالْفَتْحِ أَوْ أَمْرٍ مِنْ عِنْدِهِ فَيُصْبِحُوا عَلَىٰ مَا أَسَرُّوا فِي أَنْفُسِهِمْ نَادِمِينَ

    Хьуна гуш бу и шайн дегнашкахь цамгар ерш (фасикъаш я мунепикъаш) сихлуш цаьргахь‚ олуш: 'Тхо кхоьруш ду тхуна /хIара/ гIуллакх цхьана балане дхьовза'. Дала тарло Шегара толам бала‚ я цхьа гIуллакх дан – тIаккха уьш ма буьсу шаьш хьулдинчух шайлахь дохкобевлла

    5:52
  13. وَيَقُولُ الَّذِينَ آمَنُوا أَهَٰؤُلَاءِ الَّذِينَ أَقْسَمُوا بِاللَّهِ جَهْدَ أَيْمَانِهِمْ ۙ إِنَّهُمْ لَمَعَكُمْ ۚ حَبِطَتْ أَعْمَالُهُمْ فَأَصْبَحُوا خَاسِرِينَ

    Ийман диллинчара олу /жуьгташка, мунепикъийн хьолах цецбовлий/: хIорш бу и шайн чIогIа дуйнаш Делаца биънарш, шаьш баккъалла а, шуьца ду‚ бохуш? Йоьхна церан Iамалш. Эшнарш хили уьш

    5:53
  14. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا مَنْ يَرْتَدَّ مِنْكُمْ عَنْ دِينِهِ فَسَوْفَ يَأْتِي اللَّهُ بِقَوْمٍ يُحِبُّهُمْ وَيُحِبُّونَهُ أَذِلَّةٍ عَلَى الْمُؤْمِنِينَ أَعِزَّةٍ عَلَى الْكَافِرِينَ يُجَاهِدُونَ فِي سَبِيلِ اللَّهِ وَلَا يَخَافُونَ لَوْمَةَ لَائِمٍ ۚ ذَٰلِكَ فَضْلُ اللَّهِ يُؤْتِيهِ مَنْ يَشَاءُ ۚ وَاللَّهُ وَاسِعٌ عَلِيمٌ

    ХIай ийман диллинарш! Шух милла шен (ислам) динера дIаваьлча – тIаккха доуьйтур ду Дала цхьа къам‚ Цунна (Далла) уьш безаш‚ царна Иза везаш‚ муъмин нахана шаьш атта а болуш‚ керстанашна хала а болуш‚ Делан новкъахь къуьйсуш‚ тIехтохам бечун тIехтохамах ца кхоьруш. И Делан дозалла ду‚ Шена луучунна и доуьйту Цо. И Дела шорто йолуш а ву‚ Iилма долуш а ву

    5:54
  15. إِنَّمَا وَلِيُّكُمُ اللَّهُ وَرَسُولُهُ وَالَّذِينَ آمَنُوا الَّذِينَ يُقِيمُونَ الصَّلَاةَ وَيُؤْتُونَ الزَّكَاةَ وَهُمْ رَاكِعُونَ

    Баккъалла а, шун доттагI Дела ву‚ Цуьнан элча ву‚ ийман диллинарш а бу‚ шаьш ламаз хIоттадеш болу‚ шаьш закат а луш болу‚ шаьш/Цунна/ гуорахьттуш а болу

    5:55
  16. وَمَنْ يَتَوَلَّ اللَّهَ وَرَسُولَهُ وَالَّذِينَ آمَنُوا فَإِنَّ حِزْبَ اللَّهِ هُمُ الْغَالِبُونَ

    Дела а‚ Цуьнан элча а, ийман диллинарш а доттагIий лаьцнарг – баккъалла а, Делан тобанан /нах бу уьш/ - уьш бу толам боккхур берш

    5:56
  17. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا لَا تَتَّخِذُوا الَّذِينَ اتَّخَذُوا دِينَكُمْ هُزُوًا وَلَعِبًا مِنَ الَّذِينَ أُوتُوا الْكِتَابَ مِنْ قَبْلِكُمْ وَالْكُفَّارَ أَوْلِيَاءَ ۚ وَاتَّقُوا اللَّهَ إِنْ كُنْتُمْ مُؤْمِنِينَ

    ХIай ийман диллинарш! Аш ма леца, шун дин беламе а‚ ловзаре а даьккхина, шул хьалха шайга жайна даийтинчарах берш а‚ керстанаш а доттагIий. Шу Делах кхера, шаьш ийман диллина делахь

    5:57
  18. وَإِذَا نَادَيْتُمْ إِلَى الصَّلَاةِ اتَّخَذُوهَا هُزُوًا وَلَعِبًا ۚ ذَٰلِكَ بِأَنَّهُمْ قَوْمٌ لَا يَعْقِلُونَ

    Аш ламазе кхайкхича, и беламе а‚ ловзаре а оьцу цара. И ду уьш хиларна, шаьш ойла ца еш долу къам

    5:58
  19. قُلْ يَا أَهْلَ الْكِتَابِ هَلْ تَنْقِمُونَ مِنَّا إِلَّا أَنْ آمَنَّا بِاللَّهِ وَمَا أُنْزِلَ إِلَيْنَا وَمَا أُنْزِلَ مِنْ قَبْلُ وَأَنَّ أَكْثَرَكُمْ فَاسِقُونَ

    Ахь āла: 'ХIай жайнан охIла! Аш бекхам бо тхуна деккъа Оха ийман диллина хиларна Деле‚ тхайга доссийначуьнга а‚ хьалха доссийначуьнга а‚ шух дукхахберш фасикъаш хиларна а'

    5:59
  20. قُلْ هَلْ أُنَبِّئُكُمْ بِشَرٍّ مِنْ ذَٰلِكَ مَثُوبَةً عِنْدَ اللَّهِ ۚ مَنْ لَعَنَهُ اللَّهُ وَغَضِبَ عَلَيْهِ وَجَعَلَ مِنْهُمُ الْقِرَدَةَ وَالْخَنَازِيرَ وَعَبَدَ الطَّاغُوتَ ۚ أُولَٰئِكَ شَرٌّ مَكَانًا وَأَضَلُّ عَنْ سَوَاءِ السَّبِيلِ

    Ахь āла: 'Ас дIахоуьйтий шуьга цул а вониг бекхам хиларца Делан гергахьара? Уьш бу Дала шайна неIалт аьлларш‚ И шайна оьгIазвахнарш‚ Цо шайх маймалш а‚ хьакхарчий а йинарш а‚ тIагIутана шаьш Iибадат динарш а. Уьш бу вонаш (шайна хир йолчу) меттигца‚ уггар тилабелла берш нийсачу некъах'

    5:60

Гочдар: Магомед Магомедов