Мусхаф., агӏо 13

  1. وَإِذْ أَخَذْنَا مِيثَاقَكُمْ لَا تَسْفِكُونَ دِمَاءَكُمْ وَلَا تُخْرِجُونَ أَنْفُسَكُمْ مِنْ دِيَارِكُمْ ثُمَّ أَقْرَرْتُمْ وَأَنْتُمْ تَشْهَدُونَ

    Барт бинера Оха шуьца: 'Аш вовшийн цIий Iенор дац‚ шаьш вовшийн цIеношкара ара а дохур дац'‚ – аьлла‚ тIаккха аш чIагIдира /и/‚ шаьш тешаш а долуш

    2:84
  2. ثُمَّ أَنْتُمْ هَٰؤُلَاءِ تَقْتُلُونَ أَنْفُسَكُمْ وَتُخْرِجُونَ فَرِيقًا مِنْكُمْ مِنْ دِيَارِهِمْ تَظَاهَرُونَ عَلَيْهِمْ بِالْإِثْمِ وَالْعُدْوَانِ وَإِنْ يَأْتُوكُمْ أُسَارَىٰ تُفَادُوهُمْ وَهُوَ مُحَرَّمٌ عَلَيْكُمْ إِخْرَاجُهُمْ ۚ أَفَتُؤْمِنُونَ بِبَعْضِ الْكِتَابِ وَتَكْفُرُونَ بِبَعْضٍ ۚ فَمَا جَزَاءُ مَنْ يَفْعَلُ ذَٰلِكَ مِنْكُمْ إِلَّا خِزْيٌ فِي الْحَيَاةِ الدُّنْيَا ۖ وَيَوْمَ الْقِيَامَةِ يُرَدُّونَ إِلَىٰ أَشَدِّ الْعَذَابِ ۗ وَمَا اللَّهُ بِغَافِلٍ عَمَّا تَعْمَلُونَ

    ТIаккха, цул тьхьа, шу ду хIорш: шаьш шайн дойуш‚ шайх цхьаберш шайн хсамашкара арабохуш‚ къа латорца а‚ мостагIаллица а царна (мушрикунашна) гIо а деш. Уьш йийсарш хилча‚ мехах паргIатбоху аш. Шуна хьарам ду уьш ( шайн жуьгтийн вежарий шайн цношкара) арабахар. Ткъа жайнан цхьадолчех шу теша‚ важа харцдо аш? Шух и лелочунна бекхам бац дуьненан дахарехь сисазалла бен‚ ткъа къематдийнахь уьш дIаберзор ма бу уггар чIогIачу Iазапе‚ ма вац и Дела тергал ца деш аш дийриг

    2:85
  3. أُولَٰئِكَ الَّذِينَ اشْتَرَوُا الْحَيَاةَ الدُّنْيَا بِالْآخِرَةِ ۖ فَلَا يُخَفَّفُ عَنْهُمُ الْعَذَابُ وَلَا هُمْ يُنْصَرُونَ

    Уьш ма бу эхартах дуьненан дахар эцнарш. Царна Iазап дайдийр ма дац‚ царна гIо а дийр ма дац

    2:86
  4. وَلَقَدْ آتَيْنَا مُوسَى الْكِتَابَ وَقَفَّيْنَا مِنْ بَعْدِهِ بِالرُّسُلِ ۖ وَآتَيْنَا عِيسَى ابْنَ مَرْيَمَ الْبَيِّنَاتِ وَأَيَّدْنَاهُ بِرُوحِ الْقُدُسِ ۗ أَفَكُلَّمَا جَاءَكُمْ رَسُولٌ بِمَا لَا تَهْوَىٰ أَنْفُسُكُمُ اسْتَكْبَرْتُمْ فَفَرِيقًا كَذَّبْتُمْ وَفَرِيقًا تَقْتُلُونَ

    Оха деллера Мусага жайна‚ цул тIаьхьа а бахийтира элчанаш‚ Марьяман кIанте Iийсага делира кхоччуш тешаллаш (Инжил)‚ чIагIвира и Дезачу сица‚ ткъа мелла а шайн догIмашна цадезарг дохьуш шуьга элча веъча‚ шу курадовлура /хй Исраилан кнтий/‚ /элчанех/ цхьаберш харцбора аш‚ цхьаберш бойура аш

    2:87
  5. وَقَالُوا قُلُوبُنَا غُلْفٌ ۚ بَلْ لَعَنَهُمُ اللَّهُ بِكُفْرِهِمْ فَقَلِيلًا مَا يُؤْمِنُونَ

    Цара (Исраилан кIенташа) элира: 'Тхан дегнаш мужалт ду (дIакъевлина ду)”. ХIаъ‚ Дала неIалт элира царна, уьш (Делах) цатешар бахьанехь. Ма кIеззиг ду-кх и, уьш шех тешаш берг

    2:88

Гочдар: Магомед Магомедов