Мусхаф., агӏо 128
-
الْحَمْدُ لِلَّهِ الَّذِي خَلَقَ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضَ وَجَعَلَ الظُّلُمَاتِ وَالنُّورَ ۖ ثُمَّ الَّذِينَ كَفَرُوا بِرَبِّهِمْ يَعْدِلُونَ
Хастам бу Далла‚ Ша стигланаш а‚ латта а кхоьллинчу‚ Ша бода а‚ нур а динчу. ТIаккха а керстанаша шайн Кхиош-кхобучуьнца нисбо /кхиберш/
6:1 -
هُوَ الَّذِي خَلَقَكُمْ مِنْ طِينٍ ثُمَّ قَضَىٰ أَجَلًا ۖ وَأَجَلٌ مُسَمًّى عِنْدَهُ ۖ ثُمَّ أَنْتُمْ تَمْتَرُونَ
И ву шу кхоьллинарг поппарх‚ тIаккха жалла хIоттийна /шуна дала/. /Кхин/ жалла ю хан тоьхна Цунна гергахь /шу гIовто/. ТIаккха а шу шеко еш ду
6:2 -
وَهُوَ اللَّهُ فِي السَّمَاوَاتِ وَفِي الْأَرْضِ ۖ يَعْلَمُ سِرَّكُمْ وَجَهْرَكُمْ وَيَعْلَمُ مَا تَكْسِبُونَ
И – АллахI (ц йолу цхьа Дела) ву‚ Ша стигланашкахь а ву‚ лаьттахь а ву. Цунна хаьа шун къайлах дерг а‚ шун гуш дерг а. Цунна хаьа аш карадеш дерг а
6:3 -
وَمَا تَأْتِيهِمْ مِنْ آيَةٍ مِنْ آيَاتِ رَبِّهِمْ إِلَّا كَانُوا عَنْهَا مُعْرِضِينَ
Шайн Кхиош-кхобучун аятех цхьа а аят ца деана цаьрга‚ уьш цунах дIабоьрзуш бен
6:4 -
فَقَدْ كَذَّبُوا بِالْحَقِّ لَمَّا جَاءَهُمْ ۖ فَسَوْفَ يَأْتِيهِمْ أَنْبَاءُ مَا كَانُوا بِهِ يَسْتَهْزِئُونَ
Харцдира цара бакъдерг, и шайга деъначул тIаьхьа. ТIаьхьа догIур ду цаьрга хабарш‚ уьш шайх ца бешаш хилла долу
6:5 -
أَلَمْ يَرَوْا كَمْ أَهْلَكْنَا مِنْ قَبْلِهِمْ مِنْ قَرْنٍ مَكَّنَّاهُمْ فِي الْأَرْضِ مَا لَمْ نُمَكِّنْ لَكُمْ وَأَرْسَلْنَا السَّمَاءَ عَلَيْهِمْ مِدْرَارًا وَجَعَلْنَا الْأَنْهَارَ تَجْرِي مِنْ تَحْتِهِمْ فَأَهْلَكْنَاهُمْ بِذُنُوبِهِمْ وَأَنْشَأْنَا مِنْ بَعْدِهِمْ قَرْنًا آخَرِينَ
Царна ца го-техьа: мел дукха тьхьенаш хIаллакйина Оха царал хьалха‚ Оха чIагIбина бара уьш лаьттахь, шу ца чIагIдинчу кепара‚ стигал йоссийра Оха царна тIе догIица‚ церан бухахула лелаш хиш хилийтира Оха‚ тIаккха Оха хIаллакбира уьш шайн къинош бахьанехь‚ царал тIаьхьа кхечаран тьхье кхиийра Оха
6:6 -
وَلَوْ نَزَّلْنَا عَلَيْكَ كِتَابًا فِي قِرْطَاسٍ فَلَمَسُوهُ بِأَيْدِيهِمْ لَقَالَ الَّذِينَ كَفَرُوا إِنْ هَٰذَا إِلَّا سِحْرٌ مُبِينٌ
Оха доссош делхьара жайна хьоьга кехата тIехь‚ шайн куьйгашца цунах хьакхалур бара уьш – керстанаша эр ма дара: 'Билггала бозбуунчалла ду-кх хIара'
6:7 -
وَقَالُوا لَوْلَا أُنْزِلَ عَلَيْهِ مَلَكٌ ۖ وَلَوْ أَنْزَلْنَا مَلَكًا لَقُضِيَ الْأَمْرُ ثُمَّ لَا يُنْظَرُونَ
Ма элира цара: 'Малик доссийна хиллехьара цунна тIе'. Оха малик доссийна хиллехьара – кхочушхир дара гIуллакх‚ тIаккха а уьш хьоьжуш лоттуьйтур бацара
6:8
Гочдар: Магомед Магомедов