Мусхаф., агӏо 129

  1. وَلَوْ جَعَلْنَاهُ مَلَكًا لَجَعَلْنَاهُ رَجُلًا وَلَلَبَسْنَا عَلَيْهِمْ مَا يَلْبِسُونَ

    Оха и хилийтинехьара малик – и дахийтина хир дара Оха адаман хьесапехь, цу тIехь а кегари (хало) йийр яра Оха, цара шаьш еш ерг

    6:9
  2. وَلَقَدِ اسْتُهْزِئَ بِرُسُلٍ مِنْ قَبْلِكَ فَحَاقَ بِالَّذِينَ سَخِرُوا مِنْهُمْ مَا كَانُوا بِهِ يَسْتَهْزِئُونَ

    Хьол хьалха а элчанаш сийсазбина. Царах ца бешаш болчарах хьакха ма делира цара ша сийсаздеш хилларг

    6:10
  3. قُلْ سِيرُوا فِي الْأَرْضِ ثُمَّ انْظُرُوا كَيْفَ كَانَ عَاقِبَةُ الْمُكَذِّبِينَ

    Ахь āла: 'ДIасаида лаьттахула‚ тIаккха хьовсал шу‚ муха хилла /дин/ харцдечаран тIаьхье'

    6:11
  4. قُلْ لِمَنْ مَا فِي السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ ۖ قُلْ لِلَّهِ ۚ كَتَبَ عَلَىٰ نَفْسِهِ الرَّحْمَةَ ۚ لَيَجْمَعَنَّكُمْ إِلَىٰ يَوْمِ الْقِيَامَةِ لَا رَيْبَ فِيهِ ۚ الَّذِينَ خَسِرُوا أَنْفُسَهُمْ فَهُمْ لَا يُؤْمِنُونَ

    Ахь āлал: 'Хьенан ду стигланашкахь а‚ лаьттахь а дерг ?' Ахь āла: 'Делан ду'. Шена тIедиллина Цо къинхетам бар. Гулданне а гулдийр ма ду Цо шу къематдийне‚ шена чохь шеко йоцчу. Шайна иэшар динарш – цара ийман дуьллур дац

    6:12
  5. وَلَهُ مَا سَكَنَ فِي اللَّيْلِ وَالنَّهَارِ ۚ وَهُوَ السَّمِيعُ الْعَلِيمُ

    Цуьнан ду буьйсанна а‚ дийнахь а тийна (я лелаш) хилларг. И хезаш верг а ву‚ хууш верг а ву

    6:13
  6. قُلْ أَغَيْرَ اللَّهِ أَتَّخِذُ وَلِيًّا فَاطِرِ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ وَهُوَ يُطْعِمُ وَلَا يُطْعَمُ ۗ قُلْ إِنِّي أُمِرْتُ أَنْ أَكُونَ أَوَّلَ مَنْ أَسْلَمَ ۖ وَلَا تَكُونَنَّ مِنَ الْمُشْرِكِينَ

    Ахь āла: 'Ша стигланийн а‚ лаьттан а кхоллархо волу Дела воцург /кхин/ лоцу ткъа ас доладийриг? И ву рицкъ луш‚ Цунна ца ло рицкъ'. Ахь āла: 'Суна омра дина со хила /Далла/ муьтхь хиллачарех хьалхарниг, аьлла‚ хьо хиланне а ма хилалахь мушрикунех '‚ аьлла

    6:14
  7. قُلْ إِنِّي أَخَافُ إِنْ عَصَيْتُ رَبِّي عَذَابَ يَوْمٍ عَظِيمٍ

    Ахь āла: 'Со кхоьру сайн Кхиош-кхобучунна со Iеса хилахь деза-доккхачу дийнан Iазапах'

    6:15
  8. مَنْ يُصْرَفْ عَنْهُ يَوْمَئِذٍ فَقَدْ رَحِمَهُ ۚ وَذَٰلِكَ الْفَوْزُ الْمُبِينُ

    Цу дийнахь ша цунах хьалхаваьккхинарг – Цо цунах къинхетам бина. И билггала толам бу-кх

    6:16
  9. وَإِنْ يَمْسَسْكَ اللَّهُ بِضُرٍّ فَلَا كَاشِفَ لَهُ إِلَّا هُوَ ۖ وَإِنْ يَمْسَسْكَ بِخَيْرٍ فَهُوَ عَلَىٰ كُلِّ شَيْءٍ قَدِيرٌ

    Дала хьо цхьана зене лацахь – вац хьуна и традоккхуверг И ша бен. Цо хьо цхьана дикане лацахь – И массо а хIуманна ницкъ кхочуш ву

    6:17
  10. وَهُوَ الْقَاهِرُ فَوْقَ عِبَادِهِ ۚ وَهُوَ الْحَكِيمُ الْخَبِيرُ

    И ницкъ болуш ву Шен лешна тIехь. И ша хьукма /нийса/ деш верг а ву‚ сов дика хууш верг а ву

    6:18

Гочдар: Магомед Магомедов