Мусхаф., агӏо 127

  1. قَالَ عِيسَى ابْنُ مَرْيَمَ اللَّهُمَّ رَبَّنَا أَنْزِلْ عَلَيْنَا مَائِدَةً مِنَ السَّمَاءِ تَكُونُ لَنَا عِيدًا لِأَوَّلِنَا وَآخِرِنَا وَآيَةً مِنْكَ ۖ وَارْزُقْنَا وَأَنْتَ خَيْرُ الرَّازِقِينَ

    Марьяман кIанта Iийсас элира: 'Тхан Дела – тхан Эла (Дела)‚ охьадоссадехьа тхуна стиглара шун‚ тхуна дезде (Iийд) хир дара цунах тхан хьалхарчунна а‚ тхан тIаьхьарчунна а‚ Хьоьгара делил а хир дара. Рицкъ лōлахь тхуна. Хьо рицкъ лучарах уггар диканиг ма ву'

    5:114
  2. قَالَ اللَّهُ إِنِّي مُنَزِّلُهَا عَلَيْكُمْ ۖ فَمَنْ يَكْفُرْ بَعْدُ مِنْكُمْ فَإِنِّي أُعَذِّبُهُ عَذَابًا لَا أُعَذِّبُهُ أَحَدًا مِنَ الْعَالَمِينَ

    Дала элира: 'Ас охьадоссор ду шуна и (шун‚ даарх дуьззина). ТIаккха цул тIаьхьа шух керстаналла динчунна – ас Iазап дийр ма ду цунна Iазапца‚ Iаламашкахь цхьанна ца динчу кеппара'

    5:115
  3. وَإِذْ قَالَ اللَّهُ يَا عِيسَى ابْنَ مَرْيَمَ أَأَنْتَ قُلْتَ لِلنَّاسِ اتَّخِذُونِي وَأُمِّيَ إِلَٰهَيْنِ مِنْ دُونِ اللَّهِ ۖ قَالَ سُبْحَانَكَ مَا يَكُونُ لِي أَنْ أَقُولَ مَا لَيْسَ لِي بِحَقٍّ ۚ إِنْ كُنْتُ قُلْتُهُ فَقَدْ عَلِمْتَهُ ۚ تَعْلَمُ مَا فِي نَفْسِي وَلَا أَعْلَمُ مَا فِي نَفْسِكَ ۚ إِنَّكَ أَنْتَ عَلَّامُ الْغُيُوبِ

    Дала эр: 'ХIай Марьяман кIант Iийса‚ ахь аьллера нахе хьуо а‚ хьан нана а ши дела ву алий тIелаца‚ АллахI витий‚ аьлла?' Цо эр: 'Хьо цIанво ас‚ ма дац суна /томе/ ас āлар айса āла хьакъ доцург. Ас и аьлла хиллехьара – Хьуна и хууш хир ма дара. Хьуна ма хаа соьгахь дерг, суна ма ца хаа Хьоьгахь дерг. Баккъалла а, Хьо ма ву къайленаш тх дика хуург

    5:116
  4. مَا قُلْتُ لَهُمْ إِلَّا مَا أَمَرْتَنِي بِهِ أَنِ اعْبُدُوا اللَّهَ رَبِّي وَرَبَّكُمْ ۚ وَكُنْتُ عَلَيْهِمْ شَهِيدًا مَا دُمْتُ فِيهِمْ ۖ فَلَمَّا تَوَفَّيْتَنِي كُنْتَ أَنْتَ الرَّقِيبَ عَلَيْهِمْ ۚ وَأَنْتَ عَلَىٰ كُلِّ شَيْءٍ شَهِيدٌ

    Ца элира ас цаьрга Ахь соьга шеца омра динарг бен – 'Iибадат делаш Далла‚ сан Эла‚ шун Эла хилла волчу'. Со царна тIехь теш вара‚ со цаьрца мел волу‚ Ахь со Хьайга хьалаваьккхинчул тIаьхьа Хьо ву-кх царна тIехьожург. Хьо массо а хIуманан теш ма ву

    5:117
  5. إِنْ تُعَذِّبْهُمْ فَإِنَّهُمْ عِبَادُكَ ۖ وَإِنْ تَغْفِرْ لَهُمْ فَإِنَّكَ أَنْتَ الْعَزِيزُ الْحَكِيمُ

    Ахь царна Iазап дахь а – уьш Хьан леш бу-кх‚ Ахь царна гечдахь, баккъалла а, Хьо веза верг а‚ хьукам нийса деш верг а ву-кх'

    5:118
  6. قَالَ اللَّهُ هَٰذَا يَوْمُ يَنْفَعُ الصَّادِقِينَ صِدْقُهُمْ ۚ لَهُمْ جَنَّاتٌ تَجْرِي مِنْ تَحْتِهَا الْأَنْهَارُ خَالِدِينَ فِيهَا أَبَدًا ۚ رَضِيَ اللَّهُ عَنْهُمْ وَرَضُوا عَنْهُ ۚ ذَٰلِكَ الْفَوْزُ الْعَظِيمُ

    Дала эр: 'ХIара де ду бакълийначарна шайн бакъхиларо пайда бийр болуш‚ царна бошмаш (ялсамане) хир ю‚ шайн бухахула оьхуш хиш долуш‚ цу чохь лаьттар бу уьш гуттар а. Дела реза хуьлда царна‚ уьш а реза хуьлда Цунна – иза сийлахь-боккха толам бу-кх'

    5:119
  7. لِلَّهِ مُلْكُ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ وَمَا فِيهِنَّ ۚ وَهُوَ عَلَىٰ كُلِّ شَيْءٍ قَدِيرٌ

    Делан ду-кх стигланийн а‚ лаьттан а‚ цу чохь долчун а долалла‚ И ву-кх массо а хIуманна тIехь ницкъ берг

    5:120

Гочдар: Магомед Магомедов