Мусхаф., агӏо 130
-
قُلْ أَيُّ شَيْءٍ أَكْبَرُ شَهَادَةً ۖ قُلِ اللَّهُ ۖ شَهِيدٌ بَيْنِي وَبَيْنَكُمْ ۚ وَأُوحِيَ إِلَيَّ هَٰذَا الْقُرْآنُ لِأُنْذِرَكُمْ بِهِ وَمَنْ بَلَغَ ۚ أَئِنَّكُمْ لَتَشْهَدُونَ أَنَّ مَعَ اللَّهِ آلِهَةً أُخْرَىٰ ۚ قُلْ لَا أَشْهَدُ ۚ قُلْ إِنَّمَا هُوَ إِلَٰهٌ وَاحِدٌ وَإِنَّنِي بَرِيءٌ مِمَّا تُشْرِكُونَ
Āлал /хIай Мухьаммад/: 'ХIун ду уггар доккха хма тешалла дарца?' Āла: 'Дела ву теш суна а, шуна а юккъехь‚ соьга ваьхьица даийтина хIара Къуръан‚ ас шеца кхерам тасархьама шуна а, и /шега/ кхаьчначуьнга а. Шу ду тешалла деш Делаца кхин делий бу, бохуш?' Āла: 'Ас тешалла дац'. Āла: 'Баккъалла а, и – цхьа Дела ву‚ со цIена ву аш Делаца накъост лацарх'
6:19 -
الَّذِينَ آتَيْنَاهُمُ الْكِتَابَ يَعْرِفُونَهُ كَمَا يَعْرِفُونَ أَبْنَاءَهُمُ ۘ الَّذِينَ خَسِرُوا أَنْفُسَهُمْ فَهُمْ لَا يُؤْمِنُونَ
Оха шайна жайна деллачарна вевза и‚ шайн кIентий бовзаре терра, шайна иэшам бинарш – уьш бу ца тешаш‚
6:20 -
وَمَنْ أَظْلَمُ مِمَّنِ افْتَرَىٰ عَلَى اللَّهِ كَذِبًا أَوْ كَذَّبَ بِآيَاتِهِ ۗ إِنَّهُ لَا يُفْلِحُ الظَّالِمُونَ
Мила ву зуламе Далла тIе харцдерг кхоьллинчул‚ я Цуьнан аяташ харцдинчул? Баккъалла а, бакхийбийр ма бац зуламхой
6:21 -
وَيَوْمَ نَحْشُرُهُمْ جَمِيعًا ثُمَّ نَقُولُ لِلَّذِينَ أَشْرَكُوا أَيْنَ شُرَكَاؤُكُمُ الَّذِينَ كُنْتُمْ تَزْعُمُونَ
Оцу /къемат/дийнахь Оха гулбийр ма бу уьш массо а‚ тIаккха Оха эр ду ширк диначаьрга: 'Мичахь бу шун накъостий‚ шуна шаьш /делий бу / моьттуш хилла болу?'
6:22 -
ثُمَّ لَمْ تَكُنْ فِتْنَتُهُمْ إِلَّا أَنْ قَالُوا وَاللَّهِ رَبِّنَا مَا كُنَّا مُشْرِكِينَ
ТIаккха церан /кхин/ бехказло ма ца хилира, цара алар бен: 'ВаллахIи‚ тхан Кхиош-кхобучух дуй ма боу оха: тхо ма ца хилира /Делаца/ накъост лоцурш '
6:23 -
انْظُرْ كَيْفَ كَذَبُوا عَلَىٰ أَنْفُسِهِمْ ۚ وَضَلَّ عَنْهُمْ مَا كَانُوا يَفْتَرُونَ
Хьажал! Муха харцлийна уьш шаьш шайна тIехь! ДIатилира царах шаьш кхуллуш хилла долу харцдерг
6:24 -
وَمِنْهُمْ مَنْ يَسْتَمِعُ إِلَيْكَ ۖ وَجَعَلْنَا عَلَىٰ قُلُوبِهِمْ أَكِنَّةً أَنْ يَفْقَهُوهُ وَفِي آذَانِهِمْ وَقْرًا ۚ وَإِنْ يَرَوْا كُلَّ آيَةٍ لَا يُؤْمِنُوا بِهَا ۚ حَتَّىٰ إِذَا جَاءُوكَ يُجَادِلُونَكَ يَقُولُ الَّذِينَ كَفَرُوا إِنْ هَٰذَا إِلَّا أَسَاطِيرُ الْأَوَّلِينَ
Царах хьоьга ладугIуш верг ву. Церан дегнашка кирхьа диллина Оха, уьш цунах ца кхетийта‚ церан лергаш чохь къоралла йина. Массо а делил шайна дайча а‚ ца теша уьш цунах, мел дуккха хьо волчу баьхкича а‚ хьоьца къуьйсу цара‚ цатешачара олу: 'Уьш-м хьалхалерачийн туьйранаш дара'
6:25 -
وَهُمْ يَنْهَوْنَ عَنْهُ وَيَنْأَوْنَ عَنْهُ ۖ وَإِنْ يُهْلِكُونَ إِلَّا أَنْفُسَهُمْ وَمَا يَشْعُرُونَ
Уьш оцунах /нах/ бухатухуш бу‚ шаьш а генабовлуш бу цунах. Цара хIаллакдеш-м дац шайн догIмаш бен. Ца хаало-кх царна
6:26 -
وَلَوْ تَرَىٰ إِذْ وُقِفُوا عَلَى النَّارِ فَقَالُوا يَا لَيْتَنَا نُرَدُّ وَلَا نُكَذِّبَ بِآيَاتِ رَبِّنَا وَنَكُونَ مِنَ الْمُؤْمِنِينَ
Хьуна гича уьш жоьжахатина тIехIиттийна‚ цара олуш: 'Ма декъаза хили тхо! Юхадахийтахьара тхо – ма харцдийр дацара Оха тхайн Кхиош-кхобучун аяташ‚ тешачарех хир дара тхо'
6:27
Гочдар: Магомед Магомедов