Мусхаф., агӏо 135

  1. وَهُوَ الَّذِي يَتَوَفَّاكُمْ بِاللَّيْلِ وَيَعْلَمُ مَا جَرَحْتُمْ بِالنَّهَارِ ثُمَّ يَبْعَثُكُمْ فِيهِ لِيُقْضَىٰ أَجَلٌ مُسَمًّى ۖ ثُمَّ إِلَيْهِ مَرْجِعُكُمْ ثُمَّ يُنَبِّئُكُمْ بِمَا كُنْتُمْ تَعْمَلُونَ

    Шу буса долуьйтург ву Иза‚ аш дийнахь деш дерг хууш ву И – тIаккха цу чохь (дийнахь) шу дендо Цо – цIе тоьхна йолу хан кхочушхилийтархьама. Цунна тIе ду шун дIадерзар‚ тIаккха Цо дуьйцур ду шуьга аш лелош хилларг

    6:60
  2. وَهُوَ الْقَاهِرُ فَوْقَ عِبَادِهِ ۖ وَيُرْسِلُ عَلَيْكُمْ حَفَظَةً حَتَّىٰ إِذَا جَاءَ أَحَدَكُمُ الْمَوْتُ تَوَفَّتْهُ رُسُلُنَا وَهُمْ لَا يُفَرِّطُونَ

    Иза ницкъ кхочуш ву Шен лешна тIехь. Шуна тIе боуьйту Цо хехой. Шух цхьанна тIе валар деъча – Тхан элчанаш (маликаш) кхочушдо и – цара ледарло ца йолуьйту

    6:61
  3. ثُمَّ رُدُّوا إِلَى اللَّهِ مَوْلَاهُمُ الْحَقِّ ۚ أَلَا لَهُ الْحُكْمُ وَهُوَ أَسْرَعُ الْحَاسِبِينَ

    ТIаккха берзабо уьш Далла тIе‚ церан бакъ Доладийриг волчу.Ткъа хьукма Цуьнан дац? Уггар сиха ву И хьесап дарехь

    6:62
  4. قُلْ مَنْ يُنَجِّيكُمْ مِنْ ظُلُمَاتِ الْبَرِّ وَالْبَحْرِ تَدْعُونَهُ تَضَرُّعًا وَخُفْيَةً لَئِنْ أَنْجَانَا مِنْ هَٰذِهِ لَنَكُونَنَّ مِنَ الشَّاكِرِينَ

    Ахь āла: 'Мила ву и шу аренан а‚ хIордан а боданах ларден верг‚ аш Шега хьастаделла а‚ къайлаха а кхойкхуш верг: 'ХIокхунах Цо тхо кIелхьардахахь‚ тхо хиланне а хир ма ду баркалла олучарах!?' /олуш/

    6:63
  5. قُلِ اللَّهُ يُنَجِّيكُمْ مِنْهَا وَمِنْ كُلِّ كَرْبٍ ثُمَّ أَنْتُمْ تُشْرِكُونَ

    Ахь āла: 'Дала кIелхьардохур ду шу цунах а‚ массо а балех а – тIаккха а аш Цуьнца накъост ма лоцу'

    6:64
  6. قُلْ هُوَ الْقَادِرُ عَلَىٰ أَنْ يَبْعَثَ عَلَيْكُمْ عَذَابًا مِنْ فَوْقِكُمْ أَوْ مِنْ تَحْتِ أَرْجُلِكُمْ أَوْ يَلْبِسَكُمْ شِيَعًا وَيُذِيقَ بَعْضَكُمْ بَأْسَ بَعْضٍ ۗ انْظُرْ كَيْفَ نُصَرِّفُ الْآيَاتِ لَعَلَّهُمْ يَفْقَهُونَ

    Āла: 'Иза /Дела/ ницкъ кхочуш ву шуна тIехула а‚ шун когий бухахула а шуна Iазап доссо‚ я шу тобанашка декъа‚ цхьаболчара вукхаьрга бала хьегабайта а'. Хьажал‚ муха ма-дарра дуьйцу Оха аяташ, уьш хилийта кхеташ

    6:65
  7. وَكَذَّبَ بِهِ قَوْمُكَ وَهُوَ الْحَقُّ ۚ قُلْ لَسْتُ عَلَيْكُمْ بِوَكِيلٍ

    Харцдина хьан къомо и (Къуръан), и бакъдерг доллушехь. Ахь āла: 'Со ца хили шуна тIехь векал' (шун гIуллакхаш кхочушдан)

    6:66
  8. لِكُلِّ نَبَإٍ مُسْتَقَرٌّ ۚ وَسَوْفَ تَعْلَمُونَ

    ХIор /Делера/ хабаран шен хан ю /и тхьттича, и кхочушхир долуш/ – тIаьхьа хуур ду шуна

    6:67
  9. وَإِذَا رَأَيْتَ الَّذِينَ يَخُوضُونَ فِي آيَاتِنَا فَأَعْرِضْ عَنْهُمْ حَتَّىٰ يَخُوضُوا فِي حَدِيثٍ غَيْرِهِ ۚ وَإِمَّا يُنْسِيَنَّكَ الشَّيْطَانُ فَلَا تَقْعُدْ بَعْدَ الذِّكْرَىٰ مَعَ الْقَوْمِ الظَّالِمِينَ

    Хьуна гича, Тхан аяташ, сийсаз а деш, хьехош берш – генавала царах‚ уьш кхечу хабарна тIебовллалц. Я хьо ванне а вицволуьйтур ву шайтIано – тIаккха дагадеъначул тIаьхьа кхин зулам дечу къомаца охьа ма хаалахь

    6:68

Гочдар: Магомед Магомедов