Мусхаф., агӏо 136
-
وَمَا عَلَى الَّذِينَ يَتَّقُونَ مِنْ حِسَابِهِمْ مِنْ شَيْءٍ وَلَٰكِنْ ذِكْرَىٰ لَعَلَّهُمْ يَتَّقُونَ
/Делах/ кхоьруш болчарна церан (Делан аяташ сийсаза деш болчеран) хьесапах хIумма хир дац‚ делахь а, хьехам бар ду-кх /царна тIехь/ – уьш кхоьруш хир бацара-те?
6:69 -
وَذَرِ الَّذِينَ اتَّخَذُوا دِينَهُمْ لَعِبًا وَلَهْوًا وَغَرَّتْهُمُ الْحَيَاةُ الدُّنْيَا ۚ وَذَكِّرْ بِهِ أَنْ تُبْسَلَ نَفْسٌ بِمَا كَسَبَتْ لَيْسَ لَهَا مِنْ دُونِ اللَّهِ وَلِيٌّ وَلَا شَفِيعٌ وَإِنْ تَعْدِلْ كُلَّ عَدْلٍ لَا يُؤْخَذْ مِنْهَا ۗ أُولَٰئِكَ الَّذِينَ أُبْسِلُوا بِمَا كَسَبُوا ۖ لَهُمْ شَرَابٌ مِنْ حَمِيمٍ وَعَذَابٌ أَلِيمٌ بِمَا كَانُوا يَكْفُرُونَ
Бита и шайн дин ловзаре а‚ эрна хан яйаре а даьккхинарш‚ шаьш дуьненан дахаро Iехийнарш. Ахь хьехам бе /нахана/ цуьнца (Къуръанца) адам ша карадаийтинчо хIаллак цадайтархьама – вац цунна Дела воцург доладийриг а‚ гIолоцург а. Мелла а /жоьжахатина/ дуьхьал мах белча а – оьцур бац цуьнгара и. Уьш бу шаьш динчуьнца шаьш хIаллакьхилларш‚ царна ду цIийдина хинан малар а‚ лазош долу Iазап а - уьш хиларна ца тешаш
6:70 -
قُلْ أَنَدْعُو مِنْ دُونِ اللَّهِ مَا لَا يَنْفَعُنَا وَلَا يَضُرُّنَا وَنُرَدُّ عَلَىٰ أَعْقَابِنَا بَعْدَ إِذْ هَدَانَا اللَّهُ كَالَّذِي اسْتَهْوَتْهُ الشَّيَاطِينُ فِي الْأَرْضِ حَيْرَانَ لَهُ أَصْحَابٌ يَدْعُونَهُ إِلَى الْهُدَى ائْتِنَا ۗ قُلْ إِنَّ هُدَى اللَّهِ هُوَ الْهُدَىٰ ۖ وَأُمِرْنَا لِنُسْلِمَ لِرَبِّ الْعَالَمِينَ
Ахь āла: 'Вай кхойкху ткъа, Дела а вуьтий, ваьшна пайда а‚ зен а ца дечуьнга? Вай юхадерзина хир ма ду (керстаналле) Дала вай нисдинчул тIаьхьа‚ лаьттахь шайтIано ша Iехийнчух тера хьере а хилла‚ шен накъостий болуш шега нийсачу новкъа кхойкхуш: 'Схьавола тхуна тIе'‚ бохуш. Ахь āла: 'Делан нийса некъ – и бу нийса некъ‚ тхуна омра дина Iаламийн Дена муьтIахь хила,
6:71 -
وَأَنْ أَقِيمُوا الصَّلَاةَ وَاتَّقُوهُ ۚ وَهُوَ الَّذِي إِلَيْهِ تُحْشَرُونَ
Ламаз хIоттаде‚ Цунах (Делах) кхера'‚ аьлла. И ву шу Шена тIе дIагулдийр дерг
6:72 -
وَهُوَ الَّذِي خَلَقَ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضَ بِالْحَقِّ ۖ وَيَوْمَ يَقُولُ كُنْ فَيَكُونُ ۚ قَوْلُهُ الْحَقُّ ۚ وَلَهُ الْمُلْكُ يَوْمَ يُنْفَخُ فِي الصُّورِ ۚ عَالِمُ الْغَيْبِ وَالشَّهَادَةِ ۚ وَهُوَ الْحَكِيمُ الْخَبِيرُ
И ву стигланаш а‚ латта а Ша кхоьллинарг бакъонца. Цо 'Хила!' аьллачу дийнахь – хуьлу. Цуьнан дош бакъдерг ду. Ма (зурма) локхучу дийнахь паччахьлла Цуьнан ду‚ къайлахь дерг‚ гушдерг хуург И ву. И Ша хьекъале верг ву‚ сов дика хууш верг ву
6:73
Гочдар: Магомед Магомедов