Сурат 6 Аль-анIам (АнIам)

  1. بَلْ إِيَّاهُ تَدْعُونَ فَيَكْشِفُ مَا تَدْعُونَ إِلَيْهِ إِنْ شَاءَ وَتَنْسَوْنَ مَا تُشْرِكُونَ

    ХIан-хIа! Цуьнга кхойкхур дара аш. Айдийр дара Цо аш шега кхайкхинарг, Шена лаахь. Аш дицдийр дара шаьш /Делаца/ накъост лацар

    6:41
  2. وَلَقَدْ أَرْسَلْنَا إِلَىٰ أُمَمٍ مِنْ قَبْلِكَ فَأَخَذْنَاهُمْ بِالْبَأْسَاءِ وَالضَّرَّاءِ لَعَلَّهُمْ يَتَضَرَّعُونَ

    Хьол хьалха а бахкийтира Оха халкъашка /элчанаш/‚ и халкъаш баланашца (мискаллица)‚ халонашца (цамгаршца) схьалийцира Оха‚ уьш /Тхоьга/ хьасталур бацара-те?

    6:42
  3. فَلَوْلَا إِذْ جَاءَهُمْ بَأْسُنَا تَضَرَّعُوا وَلَٰكِنْ قَسَتْ قُلُوبُهُمْ وَزَيَّنَ لَهُمُ الشَّيْطَانُ مَا كَانُوا يَعْمَلُونَ

    Тхан ницкъ шайга беъча, хьаста хIунда ца белира уьш /Далла/? Делахь а, къиза хилира церан дегнаш. Хаздора царна шайтIано шаьш деш хилларг

    6:43
  4. فَلَمَّا نَسُوا مَا ذُكِّرُوا بِهِ فَتَحْنَا عَلَيْهِمْ أَبْوَابَ كُلِّ شَيْءٍ حَتَّىٰ إِذَا فَرِحُوا بِمَا أُوتُوا أَخَذْنَاهُمْ بَغْتَةً فَإِذَا هُمْ مُبْلِسُونَ

    Цара шайга шеца хьехам бина хилларг (кхерам тесна хилларг) дицдича, Оха дIайиллира царна массо а /дикачу/ хIуманан неIарш (шайн къиношкахь уьш дуккха латтийтархьама)‚ уьш бакхийбеш болуш шайга деъначух‚ /тIаккха/ цIеххьана схьалийцира Оха уьш – тIаккха цара дог диллира массо а диканах

    6:44
  5. فَقُطِعَ دَابِرُ الْقَوْمِ الَّذِينَ ظَلَمُوا ۚ وَالْحَمْدُ لِلَّهِ رَبِّ الْعَالَمِينَ

    Хадийра ша зулам деш хиллачу халкъан тIаьхье. Хастам бу Далла – Iаламийн Дена

    6:45
  6. قُلْ أَرَأَيْتُمْ إِنْ أَخَذَ اللَّهُ سَمْعَكُمْ وَأَبْصَارَكُمْ وَخَتَمَ عَلَىٰ قُلُوبِكُمْ مَنْ إِلَٰهٌ غَيْرُ اللَّهِ يَأْتِيكُمْ بِهِ ۗ انْظُرْ كَيْفَ نُصَرِّفُ الْآيَاتِ ثُمَّ هُمْ يَصْدِفُونَ

    Ахь āла: 'Шу хьовсал‚ Дала шун лерса а‚ бIаьрса а схьаэцча‚ шун дегнашна Цо мухIар тоьхча‚ АллахI воцчу муьлхачу Дала шуна и лур дара? Хьажал! Муха билгалдоху Оха аяташ – тIаккха а уьш /бакъдолчух/ дIабоьрзу'

    6:46
  7. قُلْ أَرَأَيْتَكُمْ إِنْ أَتَاكُمْ عَذَابُ اللَّهِ بَغْتَةً أَوْ جَهْرَةً هَلْ يُهْلَكُ إِلَّا الْقَوْمُ الظَّالِمُونَ

    Ахь āла: 'Хьовсал! Дийцийша суна‚ Делан Iазап шайга цIеххьана деъча я гуш деъча, зуламе къам бен хIаллакьхир дуй?'

    6:47
  8. وَمَا نُرْسِلُ الْمُرْسَلِينَ إِلَّا مُبَشِّرِينَ وَمُنْذِرِينَ ۖ فَمَنْ آمَنَ وَأَصْلَحَ فَلَا خَوْفٌ عَلَيْهِمْ وَلَا هُمْ يَحْزَنُونَ

    Оха бохуьйтуш ма бац элчанаш цара /дика Iамал йиначарна/ кхаъ боккхуш‚ /вон Iамал йиначарна/ кхерам тосуш бен. Ийман диллинарг а‚ диканиг динарг а – /эхартахь/ кхерам а хир ма бац царна‚ уьш сингаттаме а хир ма бац /дуьненахь бухадуьсачух/

    6:48
  9. وَالَّذِينَ كَذَّبُوا بِآيَاتِنَا يَمَسُّهُمُ الْعَذَابُ بِمَا كَانُوا يَفْسُقُونَ

    Тхан аяташ харцдинарш – царах хьакхалур ду Iазап уьш фасикъ хиларна

    6:49
  10. قُلْ لَا أَقُولُ لَكُمْ عِنْدِي خَزَائِنُ اللَّهِ وَلَا أَعْلَمُ الْغَيْبَ وَلَا أَقُولُ لَكُمْ إِنِّي مَلَكٌ ۖ إِنْ أَتَّبِعُ إِلَّا مَا يُوحَىٰ إِلَيَّ ۚ قُلْ هَلْ يَسْتَوِي الْأَعْمَىٰ وَالْبَصِيرُ ۚ أَفَلَا تَتَفَكَّرُونَ

    Ахь āла: 'Ас ца боху шуьга: 'Сан гергахь Делан хазнаш ду'‚ суна ца хаьа къайле а‚ ас ца боху шуьга: 'Со малик ду'. Со тIаьхьахIуттуш ву сайга луш долчу ваьхьашна'. Ахь āла: 'Ткъа цхьабосса вуй-те бIаьрса доцург а‚ бIаьрса дерг а. Аш ойла ца йо-те?'

    6:50
  11. وَأَنْذِرْ بِهِ الَّذِينَ يَخَافُونَ أَنْ يُحْشَرُوا إِلَىٰ رَبِّهِمْ ۙ لَيْسَ لَهُمْ مِنْ دُونِهِ وَلِيٌّ وَلَا شَفِيعٌ لَعَلَّهُمْ يَتَّقُونَ

    Ахь цуьнца хьехамбе шаьш шайн Кхиош-кхобучунна хьалха гулдийриг хиларх кхоьруш болчарна‚ царна вац И воцург доладийриг а‚ гIодаккхархо а – уьш хила мегара кхоьруш

    6:51
  12. وَلَا تَطْرُدِ الَّذِينَ يَدْعُونَ رَبَّهُمْ بِالْغَدَاةِ وَالْعَشِيِّ يُرِيدُونَ وَجْهَهُ ۖ مَا عَلَيْكَ مِنْ حِسَابِهِمْ مِنْ شَيْءٍ وَمَا مِنْ حِسَابِكَ عَلَيْهِمْ مِنْ شَيْءٍ فَتَطْرُدَهُمْ فَتَكُونَ مِنَ الظَّالِمِينَ

    Ахь дIа ма лелхабе Iуьйренца а‚ суьйренца а шайн Деле кхойкхуш берш‚ Цуьнан юьхь лууш /миска бу алий, хьалдолчарна тамбархьама/. Церан хьесап цхьана а хIуманца хьуна тIехь дац‚ хьан хьесапан хIумма а царна тIехь а дац (хьоьга хоттур дац церан къинойх я дагчохь дерг бахьанехь, иштта цаьрга а – хьо бахьанехь). Ахь уьш дIалелхабой – хьо зуламхойх хуьлу

    6:52
  13. وَكَذَٰلِكَ فَتَنَّا بَعْضَهُمْ بِبَعْضٍ لِيَقُولُوا أَهَٰؤُلَاءِ مَنَّ اللَّهُ عَلَيْهِمْ مِنْ بَيْنِنَا ۗ أَلَيْسَ اللَّهُ بِأَعْلَمَ بِالشَّاكِرِينَ

    Иштта Оха зийра уьш вовшашца, цаьрга алийтархьама: 'ХIорш бу уьш Дала вайна юккъера шайна диканаш делларш'. Ткъа Дела вац дика бевзаш шукур дийраш (баркалла олурш)?

    6:53
  14. وَإِذَا جَاءَكَ الَّذِينَ يُؤْمِنُونَ بِآيَاتِنَا فَقُلْ سَلَامٌ عَلَيْكُمْ ۖ كَتَبَ رَبُّكُمْ عَلَىٰ نَفْسِهِ الرَّحْمَةَ ۖ أَنَّهُ مَنْ عَمِلَ مِنْكُمْ سُوءًا بِجَهَالَةٍ ثُمَّ تَابَ مِنْ بَعْدِهِ وَأَصْلَحَ فَأَنَّهُ غَفُورٌ رَحِيمٌ

    Хьо волчу баьхкича Тхан аятех тешаш берш, ахь āла: 'Машар шуна'. Шун Кхиош-кхобучо Ша Шена тIедиллина /шен халкъах/ къинхетам бар: нагахь шух цхьаммо вон дахь ца хууш‚ тIаккха цул тIаьхьа тōба дахь‚ дика Iамал яхь – баккъалла а, И ву-кх /цунна/ гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а

    6:54
  15. وَكَذَٰلِكَ نُفَصِّلُ الْآيَاتِ وَلِتَسْتَبِينَ سَبِيلُ الْمُجْرِمِينَ

    Иштта ма-дарра дIадуьйцу Оха аяташ‚ къинош леточеран некъ билгалбалийтархьама а

    6:55
  16. قُلْ إِنِّي نُهِيتُ أَنْ أَعْبُدَ الَّذِينَ تَدْعُونَ مِنْ دُونِ اللَّهِ ۚ قُلْ لَا أَتَّبِعُ أَهْوَاءَكُمْ ۙ قَدْ ضَلَلْتُ إِذًا وَمَا أَنَا مِنَ الْمُهْتَدِينَ

    Ахь āла: 'Суна ца магийна Iибадан дан Дела воцчу аш шега кхойкхучуьнга'. Āла: 'Со тIаьхьахттур ма вац шун дезаршна, /хьттинехь/ - со тиллавелла хир ма вара тккха‚ нийсачу новкъахь болчарах хир ма вацара со'

    6:56
  17. قُلْ إِنِّي عَلَىٰ بَيِّنَةٍ مِنْ رَبِّي وَكَذَّبْتُمْ بِهِ ۚ مَا عِنْدِي مَا تَسْتَعْجِلُونَ بِهِ ۚ إِنِ الْحُكْمُ إِلَّا لِلَّهِ ۖ يَقُصُّ الْحَقَّ ۖ وَهُوَ خَيْرُ الْفَاصِلِينَ

    Ахь āла: 'Баккъалла а, со сан Кхиош-кхобучун билгалонна тIехь ву‚ аш и харцдина (Делера бакъдерг). Соьгахь дац шу шеца сихлуш дерг‚ хьукма Делан бен дац – Цо дуьйцу бакъдерг‚ Иза дика къастамбийриг ма ву'

    6:57
  18. قُلْ لَوْ أَنَّ عِنْدِي مَا تَسْتَعْجِلُونَ بِهِ لَقُضِيَ الْأَمْرُ بَيْنِي وَبَيْنَكُمْ ۗ وَاللَّهُ أَعْلَمُ بِالظَّالِمِينَ

    Ахь āла: 'Соьгахь делхьара шу шеца сихлуш дерг‚– сан а‚ шун а юккъера гIуллакх (къовсам) чекхдаьлла хир дара. Дела дика бевзаш ву-кх зуламхой'

    6:58
  19. وَعِنْدَهُ مَفَاتِحُ الْغَيْبِ لَا يَعْلَمُهَا إِلَّا هُوَ ۚ وَيَعْلَمُ مَا فِي الْبَرِّ وَالْبَحْرِ ۚ وَمَا تَسْقُطُ مِنْ وَرَقَةٍ إِلَّا يَعْلَمُهَا وَلَا حَبَّةٍ فِي ظُلُمَاتِ الْأَرْضِ وَلَا رَطْبٍ وَلَا يَابِسٍ إِلَّا فِي كِتَابٍ مُبِينٍ

    Цуьнгахь ду-кх къайленан /хазнийн/ догIанаш. Цунна Шена бен ца хаьа уьш. Аренгахь дерг а‚ хIорда чохь дерг а хууш ву-кх И‚ гIа охьа- дужур ма дац Цунна хууш бен‚ буьртиг /кхуьур/ ма бац лаьттан боданашкахь‚ я тIуналла а‚ я йокъалла а /южур/ ма яц‚ ша билгалчу жайна чохь йолуш бен

    6:59
  20. وَهُوَ الَّذِي يَتَوَفَّاكُمْ بِاللَّيْلِ وَيَعْلَمُ مَا جَرَحْتُمْ بِالنَّهَارِ ثُمَّ يَبْعَثُكُمْ فِيهِ لِيُقْضَىٰ أَجَلٌ مُسَمًّى ۖ ثُمَّ إِلَيْهِ مَرْجِعُكُمْ ثُمَّ يُنَبِّئُكُمْ بِمَا كُنْتُمْ تَعْمَلُونَ

    Шу буса долуьйтург ву Иза‚ аш дийнахь деш дерг хууш ву И – тIаккха цу чохь (дийнахь) шу дендо Цо – цIе тоьхна йолу хан кхочушхилийтархьама. Цунна тIе ду шун дIадерзар‚ тIаккха Цо дуьйцур ду шуьга аш лелош хилларг

    6:60

Гочдар: Магомед Магомедов