Мусхаф., агӏо 137

  1. وَإِذْ قَالَ إِبْرَاهِيمُ لِأَبِيهِ آزَرَ أَتَتَّخِذُ أَصْنَامًا آلِهَةً ۖ إِنِّي أَرَاكَ وَقَوْمَكَ فِي ضَلَالٍ مُبِينٍ

    ИбрахIима аьллера шен дега Āзаре: 'Ахь цIунаш лоьцу делий бой? Хьо а‚ хьан къам а билггалчу тилар чохь гуш ву-кх со'

    6:74
  2. وَكَذَٰلِكَ نُرِي إِبْرَاهِيمَ مَلَكُوتَ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ وَلِيَكُونَ مِنَ الْمُوقِنِينَ

    Иштта гойту Оха ИбрахIимна стигланийн а‚ лаьттан а паччахьалла, и хилийтархьама а /Делах/ чг тешачарах

    6:75
  3. فَلَمَّا جَنَّ عَلَيْهِ اللَّيْلُ رَأَىٰ كَوْكَبًا ۖ قَالَ هَٰذَا رَبِّي ۖ فَلَمَّا أَفَلَ قَالَ لَا أُحِبُّ الْآفِلِينَ

    Шена тIе буьйса йоьлча‚ цунна (ИбрахIимна) гира седа. Цо элира: 'И ву сан Дела'. И дIатилча, цо элира: 'Суна ца беза дIатуьлуш берш'

    6:76
  4. فَلَمَّا رَأَى الْقَمَرَ بَازِغًا قَالَ هَٰذَا رَبِّي ۖ فَلَمَّا أَفَلَ قَالَ لَئِنْ لَمْ يَهْدِنِي رَبِّي لَأَكُونَنَّ مِنَ الْقَوْمِ الضَّالِّينَ

    Шена бутт байча кхеташ‚ цо элира: 'И ву сан Дела'. Иза а дIабуьзча‚ цо элира: 'Сан Кхиош-кхобучо со ца нисвахь‚ со билггала хир ма ву тиладеллачу къомах'

    6:77
  5. فَلَمَّا رَأَى الشَّمْسَ بَازِغَةً قَالَ هَٰذَا رَبِّي هَٰذَا أَكْبَرُ ۖ فَلَمَّا أَفَلَتْ قَالَ يَا قَوْمِ إِنِّي بَرِيءٌ مِمَّا تُشْرِكُونَ

    Шена малх гича кхеташ‚ цо элира: 'Иза ву сан Дела‚ иза уггар воккха ву'. Иза а дIабуьзча‚ цо элира: 'ХIай сан къам‚ со цIена ву-кх аш /Делаца/ накъост лацарх

    6:78
  6. إِنِّي وَجَّهْتُ وَجْهِيَ لِلَّذِي فَطَرَ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضَ حَنِيفًا ۖ وَمَا أَنَا مِنَ الْمُشْرِكِينَ

    Ас дерзи сайн юьхь стигланаш а‚ лаьтта а Кхоьллинчуьнга‚ доггах /массо а харцдинах бакъдолчу динна / тIе а вирзина‚ со вац мушрикех'

    6:79
  7. وَحَاجَّهُ قَوْمُهُ ۚ قَالَ أَتُحَاجُّونِّي فِي اللَّهِ وَقَدْ هَدَانِ ۚ وَلَا أَخَافُ مَا تُشْرِكُونَ بِهِ إِلَّا أَنْ يَشَاءَ رَبِّي شَيْئًا ۗ وَسِعَ رَبِّي كُلَّ شَيْءٍ عِلْمًا ۗ أَفَلَا تَتَذَكَّرُونَ

    Цуьнан къомо къийсира цуьнца. Цо элира: 'Соьца къуьйсу аш Дела бахьанехь? Цо со нийсачу новкъа ма ваьккхина. Со ца кхоьру аш шеца ширк дечух‚ сан Кхиош-кхобучунна лууш долчу хIуманах бен. Массо а хIума чулаьцна сан Кхиош-кхобучо Iилманца. Аш ойла ца йо?

    6:80
  8. وَكَيْفَ أَخَافُ مَا أَشْرَكْتُمْ وَلَا تَخَافُونَ أَنَّكُمْ أَشْرَكْتُمْ بِاللَّهِ مَا لَمْ يُنَزِّلْ بِهِ عَلَيْكُمْ سُلْطَانًا ۚ فَأَيُّ الْفَرِيقَيْنِ أَحَقُّ بِالْأَمْنِ ۖ إِنْ كُنْتُمْ تَعْلَمُونَ

    Со муха кхоьру аш ширк динчух? Шу а ма ца кхоьру шаьш Делаца накъост лаьцна хиларх‚ шеца шуьга доссош хилла цхьа а делил доццушехь. /Цу/ шинна тобанех муьлханиг ю уггар хьакъ кхерам цахиларна‚ шу хууш хиллехь?'

    6:81

Гочдар: Магомед Магомедов