Мусхаф., агӏо 138

  1. الَّذِينَ آمَنُوا وَلَمْ يَلْبِسُوا إِيمَانَهُمْ بِظُلْمٍ أُولَٰئِكَ لَهُمُ الْأَمْنُ وَهُمْ مُهْتَدُونَ

    Ийман диллинарш‚ шайн ийман зуламех ца эдинарш – уьш бу шайна кхерам боцурш‚ уьш бу нийсачу новкъахь

    6:82
  2. وَتِلْكَ حُجَّتُنَا آتَيْنَاهَا إِبْرَاهِيمَ عَلَىٰ قَوْمِهِ ۚ نَرْفَعُ دَرَجَاتٍ مَنْ نَشَاءُ ۗ إِنَّ رَبَّكَ حَكِيمٌ عَلِيمٌ

    И ду Тхан делил‚ Оха делла и ИбрахIимна шен къомана дуьхьал. Тхайна луург даржашкахь хьалавоккху Оха. Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург ма ву хьекъале верг а‚ хууш верг а

    6:83
  3. وَوَهَبْنَا لَهُ إِسْحَاقَ وَيَعْقُوبَ ۚ كُلًّا هَدَيْنَا ۚ وَنُوحًا هَدَيْنَا مِنْ قَبْلُ ۖ وَمِنْ ذُرِّيَّتِهِ دَاوُودَ وَسُلَيْمَانَ وَأَيُّوبَ وَيُوسُفَ وَمُوسَىٰ وَهَارُونَ ۚ وَكَذَٰلِكَ نَجْزِي الْمُحْسِنِينَ

    Оха цунна совгIатна велира Исхьакъ а‚ ЯIкъуб а. Берриге а нийсачу новкъа нисбира. Нухь а нисвира Оха нийсачу новкъа /царал/ хьалха. Цуьнан (ИбрахIиман) зуьрретах ву Давуд а‚ Сулайман а‚ Аюб а‚ Юсуф а‚ Муса а‚ ХIарун а. Иштта бекхам бо Оха дикачарна

    6:84
  4. وَزَكَرِيَّا وَيَحْيَىٰ وَعِيسَىٰ وَإِلْيَاسَ ۖ كُلٌّ مِنَ الصَّالِحِينَ

    Закария а‚ Яхьъя а‚ Iийса а‚ Ильяс а – массо а дикачарах ву

    6:85
  5. وَإِسْمَاعِيلَ وَالْيَسَعَ وَيُونُسَ وَلُوطًا ۚ وَكُلًّا فَضَّلْنَا عَلَى الْعَالَمِينَ

    ТIаккха ИсмаIил а‚ Ал- ЯсаI а‚ Юнус а‚ ЛутI а – массо а вазвина Оха Iаламел

    6:86
  6. وَمِنْ آبَائِهِمْ وَذُرِّيَّاتِهِمْ وَإِخْوَانِهِمْ ۖ وَاجْتَبَيْنَاهُمْ وَهَدَيْنَاهُمْ إِلَىٰ صِرَاطٍ مُسْتَقِيمٍ

    Церан дайх а‚ церан тьхьенех а‚ церан вежарех а /бевллачарна а делла Оха и ниIмат/, уьш хаьржина Оха‚ нисбира нийсачу новкъа

    6:87
  7. ذَٰلِكَ هُدَى اللَّهِ يَهْدِي بِهِ مَنْ يَشَاءُ مِنْ عِبَادِهِ ۚ وَلَوْ أَشْرَكُوا لَحَبِطَ عَنْهُمْ مَا كَانُوا يَعْمَلُونَ

    Иза – Делан нийса некъ бу‚ цуьнца нисво Цо шен лех Шена луург. Цара ширк динехьара, цара йина хилла Iамалш йовр ма яра

    6:88
  8. أُولَٰئِكَ الَّذِينَ آتَيْنَاهُمُ الْكِتَابَ وَالْحُكْمَ وَالنُّبُوَّةَ ۚ فَإِنْ يَكْفُرْ بِهَا هَٰؤُلَاءِ فَقَدْ وَكَّلْنَا بِهَا قَوْمًا لَيْسُوا بِهَا بِكَافِرِينَ

    Уьш бу Оха шайга жайна а‚ хьукма а‚ пайхамаралла а делларш. ХIорш цунах ца тешахь – Оха иза тдуьллур ду /кхечу/ къомана‚ ша цуьнца керстаналла дийр доцуш долчу

    6:89
  9. أُولَٰئِكَ الَّذِينَ هَدَى اللَّهُ ۖ فَبِهُدَاهُمُ اقْتَدِهْ ۗ قُلْ لَا أَسْأَلُكُمْ عَلَيْهِ أَجْرًا ۖ إِنْ هُوَ إِلَّا ذِكْرَىٰ لِلْعَالَمِينَ

    Уьш бу Дала нисбинарш. Церан нийсачу новкъа тIаьхьахIотта хьо. Ахь āла: 'Ас шуьгара мах ца боьху цунах. И ма бац Iаламашна хьехам бен'

    6:90

Гочдар: Магомед Магомедов