Мусхаф., агӏо 14
-
وَلَمَّا جَاءَهُمْ كِتَابٌ مِنْ عِنْدِ اللَّهِ مُصَدِّقٌ لِمَا مَعَهُمْ وَكَانُوا مِنْ قَبْلُ يَسْتَفْتِحُونَ عَلَى الَّذِينَ كَفَرُوا فَلَمَّا جَاءَهُمْ مَا عَرَفُوا كَفَرُوا بِهِ ۚ فَلَعْنَةُ اللَّهِ عَلَى الْكَافِرِينَ
Цаьргахь дерг (Таврат) бакъдеш долу жайна (Къуръан) Делера шайга деъначул тIаьхьа…– хьалха уьш ма хиллера цатешачарна тIехь шайна гIо а доьхуш…– шайга и шайна хууш дерг деъча (Мухьаммад пайхамар)‚ цунах ца тийшира уьш. Делан неIалт хуьлда цатешачарна
2:89 -
بِئْسَمَا اشْتَرَوْا بِهِ أَنْفُسَهُمْ أَنْ يَكْفُرُوا بِمَا أَنْزَلَ اللَّهُ بَغْيًا أَنْ يُنَزِّلَ اللَّهُ مِنْ فَضْلِهِ عَلَىٰ مَنْ يَشَاءُ مِنْ عِبَادِهِ ۖ فَبَاءُوا بِغَضَبٍ عَلَىٰ غَضَبٍ ۚ وَلِلْكَافِرِينَ عَذَابٌ مُهِينٌ
Ма вон доьхки цара шайн догIмаш Дала Шен лех Шена луучуьнга Шен къинхетамах доссийнарг хьогца харц а деш. ОьгIазаллина тIе а оьгIазаллина хьакъ хилира уьш. Цатешначарна ду сийсаза долу Iазап
2:90 -
وَإِذَا قِيلَ لَهُمْ آمِنُوا بِمَا أَنْزَلَ اللَّهُ قَالُوا نُؤْمِنُ بِمَا أُنْزِلَ عَلَيْنَا وَيَكْفُرُونَ بِمَا وَرَاءَهُ وَهُوَ الْحَقُّ مُصَدِّقًا لِمَا مَعَهُمْ ۗ قُلْ فَلِمَ تَقْتُلُونَ أَنْبِيَاءَ اللَّهِ مِنْ قَبْلُ إِنْ كُنْتُمْ مُؤْمِنِينَ
Цаьрга аьлча: 'Теша Дала доссийначух (Къуръанах)'‚– цара олу: 'Тхо теша тхайга доссийначух'. Уьш ма тешац цул тьхьа доьссинчух. Ткъа и ма ду бакъдерг‚ цаьргахь долчуьнца нийса а догIуш. Ахь āла /жуьгташка/: 'Ткъа хьалха Делан пайхамарш хIунда бойура аш‚ шаьш тешаш хиллехь?'
2:91 -
وَلَقَدْ جَاءَكُمْ مُوسَىٰ بِالْبَيِّنَاتِ ثُمَّ اتَّخَذْتُمُ الْعِجْلَ مِنْ بَعْدِهِ وَأَنْتُمْ ظَالِمُونَ
Шуьга ма веънера кхоччуш тешаллашца Муса‚ тIаккха а, цул тIаьхьа, аш тIелецира эса, шаьш зуламхой а хуьлуш
2:92 -
وَإِذْ أَخَذْنَا مِيثَاقَكُمْ وَرَفَعْنَا فَوْقَكُمُ الطُّورَ خُذُوا مَا آتَيْنَاكُمْ بِقُوَّةٍ وَاسْمَعُوا ۖ قَالُوا سَمِعْنَا وَعَصَيْنَا وَأُشْرِبُوا فِي قُلُوبِهِمُ الْعِجْلَ بِكُفْرِهِمْ ۚ قُلْ بِئْسَمَا يَأْمُرُكُمْ بِهِ إِيمَانُكُمْ إِنْ كُنْتُمْ مُؤْمِنِينَ
Дагадаийта! Оха ма бира шуьца барт‚ шуна тIехула айбира лам. 'Чг дIаэца Оха шайна делларг‚ ла а догIа'. Цара элира: 'ЛадоьгIна оха‚ Iеса хилла тхо'. Церан дегнашкахь кхоллабелира эсе безам уьш цатешарна. Ахь āла: 'Ма вон хIума ду-кх шун иймано шуна хьоьхуш дерг‚ шу тешаш хиллехь.'
2:93
Гочдар: Магомед Магомедов