Сурат 2 Аль-бакъара (Етт)

  1. بَلَىٰ مَنْ كَسَبَ سَيِّئَةً وَأَحَاطَتْ بِهِ خَطِيئَتُهُ فَأُولَٰئِكَ أَصْحَابُ النَّارِ ۖ هُمْ فِيهَا خَالِدُونَ

    Хъ, вониг динарш а, шайн глаташ шайх хьаьрчинарш а – уьш бу жоьжахатин дай, шаьш цу чохь гуттар хир болуш

    2:81
  2. وَالَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ أُولَٰئِكَ أَصْحَابُ الْجَنَّةِ ۖ هُمْ فِيهَا خَالِدُونَ

    Ткъа ийман диллинарш а‚ диканиг динарш а – уьш бу ялсаманин дай‚ шаьш цу чохь гуттар хир болуш

    2:82
  3. وَإِذْ أَخَذْنَا مِيثَاقَ بَنِي إِسْرَائِيلَ لَا تَعْبُدُونَ إِلَّا اللَّهَ وَبِالْوَالِدَيْنِ إِحْسَانًا وَذِي الْقُرْبَىٰ وَالْيَتَامَىٰ وَالْمَسَاكِينِ وَقُولُوا لِلنَّاسِ حُسْنًا وَأَقِيمُوا الصَّلَاةَ وَآتُوا الزَّكَاةَ ثُمَّ تَوَلَّيْتُمْ إِلَّا قَلِيلًا مِنْكُمْ وَأَنْتُمْ مُعْرِضُونَ

    /Дагадаийта царна‚ хIай Мухьаммад/ Исраилан кIенташца чIагIо йира Оха: 'Далла бен Iибадат дийр дац аш‚ деца-ненаца а дика хир ду шу‚ гергарчаьрца а‚ боберашца а /жималлехь дай белла бисинчу/‚ мискачаьрца а /дика хир ду/‚ аьлла; аш āла нахе диканиг‚ ламаз де‚ закат ло'. ТIаккха шу юхадевлира‚ шух цхьа кIеззиг берш боцурш‚ шаьш дуьхьал а хуьлуш

    2:83
  4. وَإِذْ أَخَذْنَا مِيثَاقَكُمْ لَا تَسْفِكُونَ دِمَاءَكُمْ وَلَا تُخْرِجُونَ أَنْفُسَكُمْ مِنْ دِيَارِكُمْ ثُمَّ أَقْرَرْتُمْ وَأَنْتُمْ تَشْهَدُونَ

    Барт бинера Оха шуьца: 'Аш вовшийн цIий Iенор дац‚ шаьш вовшийн цIеношкара ара а дохур дац'‚ – аьлла‚ тIаккха аш чIагIдира /и/‚ шаьш тешаш а долуш

    2:84
  5. ثُمَّ أَنْتُمْ هَٰؤُلَاءِ تَقْتُلُونَ أَنْفُسَكُمْ وَتُخْرِجُونَ فَرِيقًا مِنْكُمْ مِنْ دِيَارِهِمْ تَظَاهَرُونَ عَلَيْهِمْ بِالْإِثْمِ وَالْعُدْوَانِ وَإِنْ يَأْتُوكُمْ أُسَارَىٰ تُفَادُوهُمْ وَهُوَ مُحَرَّمٌ عَلَيْكُمْ إِخْرَاجُهُمْ ۚ أَفَتُؤْمِنُونَ بِبَعْضِ الْكِتَابِ وَتَكْفُرُونَ بِبَعْضٍ ۚ فَمَا جَزَاءُ مَنْ يَفْعَلُ ذَٰلِكَ مِنْكُمْ إِلَّا خِزْيٌ فِي الْحَيَاةِ الدُّنْيَا ۖ وَيَوْمَ الْقِيَامَةِ يُرَدُّونَ إِلَىٰ أَشَدِّ الْعَذَابِ ۗ وَمَا اللَّهُ بِغَافِلٍ عَمَّا تَعْمَلُونَ

    ТIаккха, цул тьхьа, шу ду хIорш: шаьш шайн дойуш‚ шайх цхьаберш шайн хсамашкара арабохуш‚ къа латорца а‚ мостагIаллица а царна (мушрикунашна) гIо а деш. Уьш йийсарш хилча‚ мехах паргIатбоху аш. Шуна хьарам ду уьш ( шайн жуьгтийн вежарий шайн цношкара) арабахар. Ткъа жайнан цхьадолчех шу теша‚ важа харцдо аш? Шух и лелочунна бекхам бац дуьненан дахарехь сисазалла бен‚ ткъа къематдийнахь уьш дIаберзор ма бу уггар чIогIачу Iазапе‚ ма вац и Дела тергал ца деш аш дийриг

    2:85
  6. أُولَٰئِكَ الَّذِينَ اشْتَرَوُا الْحَيَاةَ الدُّنْيَا بِالْآخِرَةِ ۖ فَلَا يُخَفَّفُ عَنْهُمُ الْعَذَابُ وَلَا هُمْ يُنْصَرُونَ

    Уьш ма бу эхартах дуьненан дахар эцнарш. Царна Iазап дайдийр ма дац‚ царна гIо а дийр ма дац

    2:86
  7. وَلَقَدْ آتَيْنَا مُوسَى الْكِتَابَ وَقَفَّيْنَا مِنْ بَعْدِهِ بِالرُّسُلِ ۖ وَآتَيْنَا عِيسَى ابْنَ مَرْيَمَ الْبَيِّنَاتِ وَأَيَّدْنَاهُ بِرُوحِ الْقُدُسِ ۗ أَفَكُلَّمَا جَاءَكُمْ رَسُولٌ بِمَا لَا تَهْوَىٰ أَنْفُسُكُمُ اسْتَكْبَرْتُمْ فَفَرِيقًا كَذَّبْتُمْ وَفَرِيقًا تَقْتُلُونَ

    Оха деллера Мусага жайна‚ цул тIаьхьа а бахийтира элчанаш‚ Марьяман кIанте Iийсага делира кхоччуш тешаллаш (Инжил)‚ чIагIвира и Дезачу сица‚ ткъа мелла а шайн догIмашна цадезарг дохьуш шуьга элча веъча‚ шу курадовлура /хй Исраилан кнтий/‚ /элчанех/ цхьаберш харцбора аш‚ цхьаберш бойура аш

    2:87
  8. وَقَالُوا قُلُوبُنَا غُلْفٌ ۚ بَلْ لَعَنَهُمُ اللَّهُ بِكُفْرِهِمْ فَقَلِيلًا مَا يُؤْمِنُونَ

    Цара (Исраилан кIенташа) элира: 'Тхан дегнаш мужалт ду (дIакъевлина ду)”. ХIаъ‚ Дала неIалт элира царна, уьш (Делах) цатешар бахьанехь. Ма кIеззиг ду-кх и, уьш шех тешаш берг

    2:88
  9. وَلَمَّا جَاءَهُمْ كِتَابٌ مِنْ عِنْدِ اللَّهِ مُصَدِّقٌ لِمَا مَعَهُمْ وَكَانُوا مِنْ قَبْلُ يَسْتَفْتِحُونَ عَلَى الَّذِينَ كَفَرُوا فَلَمَّا جَاءَهُمْ مَا عَرَفُوا كَفَرُوا بِهِ ۚ فَلَعْنَةُ اللَّهِ عَلَى الْكَافِرِينَ

    Цаьргахь дерг (Таврат) бакъдеш долу жайна (Къуръан) Делера шайга деъначул тIаьхьа…– хьалха уьш ма хиллера цатешачарна тIехь шайна гIо а доьхуш…– шайга и шайна хууш дерг деъча (Мухьаммад пайхамар)‚ цунах ца тийшира уьш. Делан неIалт хуьлда цатешачарна

    2:89
  10. بِئْسَمَا اشْتَرَوْا بِهِ أَنْفُسَهُمْ أَنْ يَكْفُرُوا بِمَا أَنْزَلَ اللَّهُ بَغْيًا أَنْ يُنَزِّلَ اللَّهُ مِنْ فَضْلِهِ عَلَىٰ مَنْ يَشَاءُ مِنْ عِبَادِهِ ۖ فَبَاءُوا بِغَضَبٍ عَلَىٰ غَضَبٍ ۚ وَلِلْكَافِرِينَ عَذَابٌ مُهِينٌ

    Ма вон доьхки цара шайн догIмаш Дала Шен лех Шена луучуьнга Шен къинхетамах доссийнарг хьогца харц а деш. ОьгIазаллина тIе а оьгIазаллина хьакъ хилира уьш. Цатешначарна ду сийсаза долу Iазап

    2:90
  11. وَإِذَا قِيلَ لَهُمْ آمِنُوا بِمَا أَنْزَلَ اللَّهُ قَالُوا نُؤْمِنُ بِمَا أُنْزِلَ عَلَيْنَا وَيَكْفُرُونَ بِمَا وَرَاءَهُ وَهُوَ الْحَقُّ مُصَدِّقًا لِمَا مَعَهُمْ ۗ قُلْ فَلِمَ تَقْتُلُونَ أَنْبِيَاءَ اللَّهِ مِنْ قَبْلُ إِنْ كُنْتُمْ مُؤْمِنِينَ

    Цаьрга аьлча: 'Теша Дала доссийначух (Къуръанах)'‚– цара олу: 'Тхо теша тхайга доссийначух'. Уьш ма тешац цул тьхьа доьссинчух. Ткъа и ма ду бакъдерг‚ цаьргахь долчуьнца нийса а догIуш. Ахь āла /жуьгташка/: 'Ткъа хьалха Делан пайхамарш хIунда бойура аш‚ шаьш тешаш хиллехь?'

    2:91
  12. وَلَقَدْ جَاءَكُمْ مُوسَىٰ بِالْبَيِّنَاتِ ثُمَّ اتَّخَذْتُمُ الْعِجْلَ مِنْ بَعْدِهِ وَأَنْتُمْ ظَالِمُونَ

    Шуьга ма веънера кхоччуш тешаллашца Муса‚ тIаккха а, цул тIаьхьа, аш тIелецира эса, шаьш зуламхой а хуьлуш

    2:92
  13. وَإِذْ أَخَذْنَا مِيثَاقَكُمْ وَرَفَعْنَا فَوْقَكُمُ الطُّورَ خُذُوا مَا آتَيْنَاكُمْ بِقُوَّةٍ وَاسْمَعُوا ۖ قَالُوا سَمِعْنَا وَعَصَيْنَا وَأُشْرِبُوا فِي قُلُوبِهِمُ الْعِجْلَ بِكُفْرِهِمْ ۚ قُلْ بِئْسَمَا يَأْمُرُكُمْ بِهِ إِيمَانُكُمْ إِنْ كُنْتُمْ مُؤْمِنِينَ

    Дагадаийта! Оха ма бира шуьца барт‚ шуна тIехула айбира лам. 'Чг дIаэца Оха шайна делларг‚ ла а догIа'. Цара элира: 'ЛадоьгIна оха‚ Iеса хилла тхо'. Церан дегнашкахь кхоллабелира эсе безам уьш цатешарна. Ахь āла: 'Ма вон хIума ду-кх шун иймано шуна хьоьхуш дерг‚ шу тешаш хиллехь.'

    2:93
  14. قُلْ إِنْ كَانَتْ لَكُمُ الدَّارُ الْآخِرَةُ عِنْدَ اللَّهِ خَالِصَةً مِنْ دُونِ النَّاسِ فَتَمَنَّوُا الْمَوْتَ إِنْ كُنْتُمْ صَادِقِينَ

    Ахь āла: 'ТIаьххьара хсам Далла гергахь‚ нахана а йоцуш‚ еккъа шуна хилахь‚ дала лаа‚ шаьш бакълуьйш делахь'

    2:94
  15. وَلَنْ يَتَمَنَّوْهُ أَبَدًا بِمَا قَدَّمَتْ أَيْدِيهِمْ ۗ وَاللَّهُ عَلِيمٌ بِالظَّالِمِينَ

    Царна цкъа а дезанне а дезар дац шайна иза шайн куьйгашца хьалхадаьккхинчуьнца. Дела ма ву бевзаш и зуламхой

    2:95
  16. وَلَتَجِدَنَّهُمْ أَحْرَصَ النَّاسِ عَلَىٰ حَيَاةٍ وَمِنَ الَّذِينَ أَشْرَكُوا ۚ يَوَدُّ أَحَدُهُمْ لَوْ يُعَمَّرُ أَلْفَ سَنَةٍ وَمَا هُوَ بِمُزَحْزِحِهِ مِنَ الْعَذَابِ أَنْ يُعَمَّرَ ۗ وَاللَّهُ بَصِيرٌ بِمَا يَعْمَلُونَ

    Хьуна каранне а карор ма бу уьш (жуьгтий) массо а нахал /дуьненан/ дахарна сутара‚ Делаца накъост лаьцначарел а. Царах хIоранна а луур дара эзар шарахь вāха. Ма вац-кха и Iазапах гена валалур волуш ша /мел дукха/ вāхарх. Дела гуш ма ву цара дийриг

    2:96
  17. قُلْ مَنْ كَانَ عَدُوًّا لِجِبْرِيلَ فَإِنَّهُ نَزَّلَهُ عَلَىٰ قَلْبِكَ بِإِذْنِ اللَّهِ مُصَدِّقًا لِمَا بَيْنَ يَدَيْهِ وَهُدًى وَبُشْرَىٰ لِلْمُؤْمِنِينَ

    Ахь āла: 'Мила хилла Джибрилана мостагI? Цо ма доссадора и /Къуръан/ хьан даг чу Делан пурбанца‚ цул хьалха хиллачуьнца нийса а догIуш, тешачарна ша нийса некъ а‚ кхаъ а хилла долу'

    2:97
  18. مَنْ كَانَ عَدُوًّا لِلَّهِ وَمَلَائِكَتِهِ وَرُسُلِهِ وَجِبْرِيلَ وَمِيكَالَ فَإِنَّ اللَّهَ عَدُوٌّ لِلْكَافِرِينَ

    Мила хилла мостагI Далла а‚ Цуьнан маликашна а‚ Цуьнан элчанашна а‚ Джибрилана а‚ Мийкална а..? Ткъа Дела а ма ву мостагI цатешачеран

    2:98
  19. وَلَقَدْ أَنْزَلْنَا إِلَيْكَ آيَاتٍ بَيِّنَاتٍ ۖ وَمَا يَكْفُرُ بِهَا إِلَّا الْفَاسِقُونَ

    Оха доссийна хьоьга билггала долу аяташ‚ уьш керстдийр ма дац песакъ наха а бен

    2:99
  20. أَوَكُلَّمَا عَاهَدُوا عَهْدًا نَبَذَهُ فَرِيقٌ مِنْهُمْ ۚ بَلْ أَكْثَرُهُمْ لَا يُؤْمِنُونَ

    Шаьш ваIда мел йи а‚ царах (жуьгтех) цхьана тобано и йохайо‚ мелхо а царах дукхахберш тешаш ма бац /Тавратах/

    2:100

Гочдар: Магомед Магомедов