Мусхаф., агӏо 143
-
وَمَا لَكُمْ أَلَّا تَأْكُلُوا مِمَّا ذُكِرَ اسْمُ اللَّهِ عَلَيْهِ وَقَدْ فَصَّلَ لَكُمْ مَا حَرَّمَ عَلَيْكُمْ إِلَّا مَا اضْطُرِرْتُمْ إِلَيْهِ ۗ وَإِنَّ كَثِيرًا لَيُضِلُّونَ بِأَهْوَائِهِمْ بِغَيْرِ عِلْمٍ ۗ إِنَّ رَبَّكَ هُوَ أَعْلَمُ بِالْمُعْتَدِينَ
Аш хIунда ца дуу шена тIехь Делан цIе яьккхичух? Цо шуна къаста ма дина Ша шуна хьарам динарг. Шу и ца диъча ца довлуш дерг доцург. Баккъалла а, дукхаберш /нах/ нийсачу некъах тилош ма бу шайн лаамашца‚ цхьа а Iилма доццушехь. Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург – И ма ву дика бевзаш дозанех бевлларш
6:119 -
وَذَرُوا ظَاهِرَ الْإِثْمِ وَبَاطِنَهُ ۚ إِنَّ الَّذِينَ يَكْسِبُونَ الْإِثْمَ سَيُجْزَوْنَ بِمَا كَانُوا يَقْتَرِفُونَ
Дита гучудаьлла къа а‚ гучу ца даьлларг а. Баккъалла а, шаьш къинош деш болчарна бекхам хир ма бу шаьш деш хиллачуьнца
6:120 -
وَلَا تَأْكُلُوا مِمَّا لَمْ يُذْكَرِ اسْمُ اللَّهِ عَلَيْهِ وَإِنَّهُ لَفِسْقٌ ۗ وَإِنَّ الشَّيَاطِينَ لَيُوحُونَ إِلَىٰ أَوْلِيَائِهِمْ لِيُجَادِلُوكُمْ ۖ وَإِنْ أَطَعْتُمُوهُمْ إِنَّكُمْ لَمُشْرِكُونَ
Аш ма даалаш Делан цIе шена тIехь ца яьккхинчух. Иза, баккъалла а, фасикъалла ю. Баккъалла а, шайтIанаша дагатуьйсу шайн доттагIашна, цаьрга шуьца къийсийтархьама. Нагахь санна шу царна муьтIахь хилахь – /тккха/ шу хир ма ду мушрикаш
6:121 -
أَوَمَنْ كَانَ مَيْتًا فَأَحْيَيْنَاهُ وَجَعَلْنَا لَهُ نُورًا يَمْشِي بِهِ فِي النَّاسِ كَمَنْ مَثَلُهُ فِي الظُّلُمَاتِ لَيْسَ بِخَارِجٍ مِنْهَا ۚ كَذَٰلِكَ زُيِّنَ لِلْكَافِرِينَ مَا كَانُوا يَعْمَلُونَ
Я ша хилларг велла‚ тIаккха Оха ша денвина‚ шена Оха нур хилийтина‚ цуьнца нахалахь лелаш верг тера вуй ша боданашкахь волчух‚ цу чуьра ша аравер воцчу? Иштта хаздина цатешачарна шаьш деш хилларг
6:122 -
وَكَذَٰلِكَ جَعَلْنَا فِي كُلِّ قَرْيَةٍ أَكَابِرَ مُجْرِمِيهَا لِيَمْكُرُوا فِيهَا ۖ وَمَا يَمْكُرُونَ إِلَّا بِأَنْفُسِهِمْ وَمَا يَشْعُرُونَ
Иштта хилийтина Оха массо а юьртахь къинош леточеран тхьамданаш‚ цу чохь цаьрга мекарло яйта. Цара-м мекарло ца йо шайна а бен‚ царна хаа ца ло-кх
6:123 -
وَإِذَا جَاءَتْهُمْ آيَةٌ قَالُوا لَنْ نُؤْمِنَ حَتَّىٰ نُؤْتَىٰ مِثْلَ مَا أُوتِيَ رُسُلُ اللَّهِ ۘ اللَّهُ أَعْلَمُ حَيْثُ يَجْعَلُ رِسَالَتَهُ ۗ سَيُصِيبُ الَّذِينَ أَجْرَمُوا صَغَارٌ عِنْدَ اللَّهِ وَعَذَابٌ شَدِيدٌ بِمَا كَانُوا يَمْكُرُونَ
Шайга делил (аят) деъча‚ цара олу: 'Тхо тешар ма дац, Делан элчанашка деънарг саннарг тхайга ца дагIахь'. Далла дика хаьа Ша элчаналла дала хьакъ верг. Къинош диначарах сийсазалла кхуьур ма ю Далла гергахь‚ чIогIа Iазап а /кхуьур ду/ шаьш хиларна мекарло еш
6:124
Гочдар: Магомед Магомедов