Сурат 6 Аль-анIам (АнIам)

  1. بَدِيعُ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ ۖ أَنَّىٰ يَكُونُ لَهُ وَلَدٌ وَلَمْ تَكُنْ لَهُ صَاحِبَةٌ ۖ وَخَلَقَ كُلَّ شَيْءٍ ۖ وَهُوَ بِكُلِّ شَيْءٍ عَلِيمٌ

    Стигланийн а‚ лаьттан а юьхьанца кхоллархо, мичара хир ву Цуьнан доьзалхо ? Цуьнан зуда ма ца хилла. Цо Ша ма кхоьллина массо а хIума. Массо а хIума Ша хууш верг ма ву Иза

    6:101
  2. ذَٰلِكُمُ اللَّهُ رَبُّكُمْ ۖ لَا إِلَٰهَ إِلَّا هُوَ ۖ خَالِقُ كُلِّ شَيْءٍ فَاعْبُدُوهُ ۚ وَهُوَ عَلَىٰ كُلِّ شَيْءٍ وَكِيلٌ

    И ву шун Дела – шу Кхиош-кхобург – кхин дела вац И воцург‚ массо а хIума Ша кхоьллинарг ву И. Цунна Iибадат дейша! И ма ву массо а хIуманна тIехь векал

    6:102
  3. لَا تُدْرِكُهُ الْأَبْصَارُ وَهُوَ يُدْرِكُ الْأَبْصَارَ ۖ وَهُوَ اللَّطِيفُ الْخَبِيرُ

    БIаьрса ца кхуьу Цунах‚ И кхуьу бIаьрсанах. И тIех кхетаме а ву‚ дика хууш а ву

    6:103
  4. قَدْ جَاءَكُمْ بَصَائِرُ مِنْ رَبِّكُمْ ۖ فَمَنْ أَبْصَرَ فَلِنَفْسِهِ ۖ وَمَنْ عَمِيَ فَعَلَيْهَا ۚ وَمَا أَنَا عَلَيْكُمْ بِحَفِيظٍ

    Шуьга еана бIаьрсерлонаш шун Кхиош-кхобучуьнгара. БIаьрг биллинчунна – цунна шена ду‚ бIаьрг хьаббинчунна – цунна шена ду‚ /ахь āла‚ Мухьаммад/: 'Со ма вац шуна тIехь хехо'

    6:104
  5. وَكَذَٰلِكَ نُصَرِّفُ الْآيَاتِ وَلِيَقُولُوا دَرَسْتَ وَلِنُبَيِّنَهُ لِقَوْمٍ يَعْلَمُونَ

    Иштта билгалдоху Оха аяташ‚ цара āла тарло дела: 'Ахь Iамийна'‚ Оха и билгалдаккхархьама хууш долчу къомана

    6:105
  6. اتَّبِعْ مَا أُوحِيَ إِلَيْكَ مِنْ رَبِّكَ ۖ لَا إِلَٰهَ إِلَّا هُوَ ۖ وَأَعْرِضْ عَنِ الْمُشْرِكِينَ

    Хьо хьайн Кхиош-кхобучуьнгара хьайн даг чу дуьллучунна тIаьхьахIотта‚ кхин Дела вац И воцург‚ генавала мушрикех

    6:106
  7. وَلَوْ شَاءَ اللَّهُ مَا أَشْرَكُوا ۗ وَمَا جَعَلْنَاكَ عَلَيْهِمْ حَفِيظًا ۖ وَمَا أَنْتَ عَلَيْهِمْ بِوَكِيلٍ

    Далла лиънехьара /Цуьнца/ накъост лоцур вацара цара‚ царна тIехь хехо ца вина Оха хьох‚ царна тIехь векал а вац хьо

    6:107
  8. وَلَا تَسُبُّوا الَّذِينَ يَدْعُونَ مِنْ دُونِ اللَّهِ فَيَسُبُّوا اللَّهَ عَدْوًا بِغَيْرِ عِلْمٍ ۗ كَذَٰلِكَ زَيَّنَّا لِكُلِّ أُمَّةٍ عَمَلَهُمْ ثُمَّ إِلَىٰ رَبِّهِمْ مَرْجِعُهُمْ فَيُنَبِّئُهُمْ بِمَا كَانُوا يَعْمَلُونَ

    Аш сийсаза ма бе Дела а витина, цара шайга кхойкхуш берш (цш) – тIаккха цара мостагIаллица‚ цхьа а Iилма доцуш, Дела а сийсазвийр ву. Иштта хазйина Оха хIор умматана шен Iамал‚ тIаккха шайн Кхиош-кхобучуьнга ду церан дIадерзар‚ Цо дуьйцур ду царна цара деш хилларг

    6:108
  9. وَأَقْسَمُوا بِاللَّهِ جَهْدَ أَيْمَانِهِمْ لَئِنْ جَاءَتْهُمْ آيَةٌ لَيُؤْمِنُنَّ بِهَا ۚ قُلْ إِنَّمَا الْآيَاتُ عِنْدَ اللَّهِ ۖ وَمَا يُشْعِرُكُمْ أَنَّهَا إِذَا جَاءَتْ لَا يُؤْمِنُونَ

    Делаца чIогIа дуйнаш биира цара: шайга делил деъча‚ цунах тешанне а тешаза Iийр ма дац шаьш‚ аьлла. Ахь āла: 'Делилаш Далла гергахь ду'‚ стен хоуьйту шуьга? – уьш деъча а, цара ийман дуьллур дац

    6:109
  10. وَنُقَلِّبُ أَفْئِدَتَهُمْ وَأَبْصَارَهُمْ كَمَا لَمْ يُؤْمِنُوا بِهِ أَوَّلَ مَرَّةٍ وَنَذَرُهُمْ فِي طُغْيَانِهِمْ يَعْمَهُونَ

    Церан дегнаш а‚ церан бIаьрса а хьийзадо Оха‚ уьш цунах (Къуръанах) юьхьанца ца тешаш ма хилла‚ буьту уьш шайн тиларчохь дIасауьйдуш

    6:110
  11. وَلَوْ أَنَّنَا نَزَّلْنَا إِلَيْهِمُ الْمَلَائِكَةَ وَكَلَّمَهُمُ الْمَوْتَىٰ وَحَشَرْنَا عَلَيْهِمْ كُلَّ شَيْءٍ قُبُلًا مَا كَانُوا لِيُؤْمِنُوا إِلَّا أَنْ يَشَاءَ اللَّهُ وَلَٰكِنَّ أَكْثَرَهُمْ يَجْهَلُونَ

    Оха цаьрга маликаш доссош хиллехьара а‚ беллачара цаьрга къамел деш хиллехьара а‚ Оха царна массо а хIума шайн бIаргаш хьалха гулйина хиллехьара а – тIаккха а тешна хир бацара уьш‚ Далла лиъча а бен. Делахь а, царах дукхахберш ца хууш бу

    6:111
  12. وَكَذَٰلِكَ جَعَلْنَا لِكُلِّ نَبِيٍّ عَدُوًّا شَيَاطِينَ الْإِنْسِ وَالْجِنِّ يُوحِي بَعْضُهُمْ إِلَىٰ بَعْضٍ زُخْرُفَ الْقَوْلِ غُرُورًا ۚ وَلَوْ شَاءَ رَبُّكَ مَا فَعَلُوهُ ۖ فَذَرْهُمْ وَمَا يَفْتَرُونَ

    Иштта массо а пайхамарна мостагI хилийтира Оха адамийн а‚ жинийн а шайтIанех‚ цхьаболчара вукхеран дегнашка хаздина дешнаш кхуьссуш, уьш Iехорхьама. Хьан Кхиош-кхобучунна лиъна хиллехьара, и дина хир дацара цара. Бита уьш а‚ цара харц кхуллушдерг а

    6:112
  13. وَلِتَصْغَىٰ إِلَيْهِ أَفْئِدَةُ الَّذِينَ لَا يُؤْمِنُونَ بِالْآخِرَةِ وَلِيَرْضَوْهُ وَلِيَقْتَرِفُوا مَا هُمْ مُقْتَرِفُونَ

    Цу тIе эхартах цатешачеран дегнаш дахийтархьама а‚ цунна реза уьш хилийтархьама а‚ цаьрга гулдайтархьама а шаьш деш хилла долу къинош /битина уьш Дала/

    6:113
  14. أَفَغَيْرَ اللَّهِ أَبْتَغِي حَكَمًا وَهُوَ الَّذِي أَنْزَلَ إِلَيْكُمُ الْكِتَابَ مُفَصَّلًا ۚ وَالَّذِينَ آتَيْنَاهُمُ الْكِتَابَ يَعْلَمُونَ أَنَّهُ مُنَزَّلٌ مِنْ رَبِّكَ بِالْحَقِّ ۖ فَلَا تَكُونَنَّ مِنَ الْمُمْتَرِينَ

    /Ахь āла/: 'Дела воцчуьнгара лоьху ткъа ас хьукма? И ма ву шуьга къастош долу жайна доссийнарг'. Оха шайна жайна деллачарна хаьа и хьан Кхиош-кхобучуьнгара бакъонца доссош хилар. Хьо хиланне а ма хилалахь шеко еш болчарах

    6:114
  15. وَتَمَّتْ كَلِمَتُ رَبِّكَ صِدْقًا وَعَدْلًا ۚ لَا مُبَدِّلَ لِكَلِمَاتِهِ ۚ وَهُوَ السَّمِيعُ الْعَلِيمُ

    Кхочушхилла хьан Кхиош-кхобучун дешнаш бакъодлчуьнца а‚ нийсонца а. Цуьнан дешнаш хийца цхьа а вац. И ша хезаш верг а‚ хууш верг а ву

    6:115
  16. وَإِنْ تُطِعْ أَكْثَرَ مَنْ فِي الْأَرْضِ يُضِلُّوكَ عَنْ سَبِيلِ اللَّهِ ۚ إِنْ يَتَّبِعُونَ إِلَّا الظَّنَّ وَإِنْ هُمْ إِلَّا يَخْرُصُونَ

    Хьо муьтIахь хилахь лаьттахь болчарах дуккхахболчарна‚ Делан некъах тилор ву хьо цара. Уьш тIаьхьахIуьттуш ма бац шайна моьттуш долчунна а бен‚ уьш ма бац харцлуьйш бен

    6:116
  17. إِنَّ رَبَّكَ هُوَ أَعْلَمُ مَنْ يَضِلُّ عَنْ سَبِيلِهِ ۖ وَهُوَ أَعْلَمُ بِالْمُهْتَدِينَ

    Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург – И ма ву дика хууш (вевзаш) Шен некъах тилавелларг‚ И дика хууш (бевзаш) ма ву нийсачу новкъахь берш

    6:117
  18. فَكُلُوا مِمَّا ذُكِرَ اسْمُ اللَّهِ عَلَيْهِ إِنْ كُنْتُمْ بِآيَاتِهِ مُؤْمِنِينَ

    Аш даа /бежнех/ шена тIехь /урс хьокхучу хенахь/ Делан цIе яьккхинчух‚ шаьш Цуьнан аятех тешаш хилла делахь

    6:118
  19. وَمَا لَكُمْ أَلَّا تَأْكُلُوا مِمَّا ذُكِرَ اسْمُ اللَّهِ عَلَيْهِ وَقَدْ فَصَّلَ لَكُمْ مَا حَرَّمَ عَلَيْكُمْ إِلَّا مَا اضْطُرِرْتُمْ إِلَيْهِ ۗ وَإِنَّ كَثِيرًا لَيُضِلُّونَ بِأَهْوَائِهِمْ بِغَيْرِ عِلْمٍ ۗ إِنَّ رَبَّكَ هُوَ أَعْلَمُ بِالْمُعْتَدِينَ

    Аш хIунда ца дуу шена тIехь Делан цIе яьккхичух? Цо шуна къаста ма дина Ша шуна хьарам динарг. Шу и ца диъча ца довлуш дерг доцург. Баккъалла а, дукхаберш /нах/ нийсачу некъах тилош ма бу шайн лаамашца‚ цхьа а Iилма доццушехь. Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург – И ма ву дика бевзаш дозанех бевлларш

    6:119
  20. وَذَرُوا ظَاهِرَ الْإِثْمِ وَبَاطِنَهُ ۚ إِنَّ الَّذِينَ يَكْسِبُونَ الْإِثْمَ سَيُجْزَوْنَ بِمَا كَانُوا يَقْتَرِفُونَ

    Дита гучудаьлла къа а‚ гучу ца даьлларг а. Баккъалла а, шаьш къинош деш болчарна бекхам хир ма бу шаьш деш хиллачуьнца

    6:120

Гочдар: Магомед Магомедов