Мусхаф., агӏо 144

  1. فَمَنْ يُرِدِ اللَّهُ أَنْ يَهْدِيَهُ يَشْرَحْ صَدْرَهُ لِلْإِسْلَامِ ۖ وَمَنْ يُرِدْ أَنْ يُضِلَّهُ يَجْعَلْ صَدْرَهُ ضَيِّقًا حَرَجًا كَأَنَّمَا يَصَّعَّدُ فِي السَّمَاءِ ۚ كَذَٰلِكَ يَجْعَلُ اللَّهُ الرِّجْسَ عَلَى الَّذِينَ لَا يُؤْمِنُونَ

    Далла Шена нисван луучунна дог паргIатдоккху исламана‚ Цо Шена тилавала вита луучунна дог чIогIа гатдо, стигла хьалаволучух терра. Иштта хилийтина Дала рижс цатешачарна тIехь

    6:125
  2. وَهَٰذَا صِرَاطُ رَبِّكَ مُسْتَقِيمًا ۗ قَدْ فَصَّلْنَا الْآيَاتِ لِقَوْمٍ يَذَّكَّرُونَ

    ХIара бу хьан Кхиош-кхобучун некъ‚ нийса хилла болу. Къаста ма дина Оха аяташ хьехам тIелоцучу къомана

    6:126
  3. لَهُمْ دَارُ السَّلَامِ عِنْدَ رَبِّهِمْ ۖ وَهُوَ وَلِيُّهُمْ بِمَا كَانُوا يَعْمَلُونَ

    Царна машаран цIа ду шайн Кхиош-кхобучун гергахь. И ву церан доттагI уьш хиларна /дика/ Iамалш еш

    6:127
  4. وَيَوْمَ يَحْشُرُهُمْ جَمِيعًا يَا مَعْشَرَ الْجِنِّ قَدِ اسْتَكْثَرْتُمْ مِنَ الْإِنْسِ ۖ وَقَالَ أَوْلِيَاؤُهُمْ مِنَ الْإِنْسِ رَبَّنَا اسْتَمْتَعَ بَعْضُنَا بِبَعْضٍ وَبَلَغْنَا أَجَلَنَا الَّذِي أَجَّلْتَ لَنَا ۚ قَالَ النَّارُ مَثْوَاكُمْ خَالِدِينَ فِيهَا إِلَّا مَا شَاءَ اللَّهُ ۗ إِنَّ رَبَّكَ حَكِيمٌ عَلِيمٌ

    /Хьахаде:/ уьш берриге а гулбечу дийнахь /кхойкхур ду/: 'ХIай жинийн тоба! Адамех доккха дāкъа схьалаьцна аш (дуккха адамаш тилийна аш)'. Адамех церан доттагIаша эр ду: 'Тхо Кхиош-кхобуш волу, тхан Дела‚ оха вовшашкара зовкх ийцира‚ Ахь тхуна хIоттийна йолу тхан Iожалла тIекхечира'. Цо (Дала) элира: '/Жоьжахатин/ цIе ю шун чугIойла‚ даима цу чохь лаьтташ‚ Далла ма лиъна'. Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург ма ву Ша хьукма /нийса/ деш верг а‚ хууш верг а

    6:128
  5. وَكَذَٰلِكَ نُوَلِّي بَعْضَ الظَّالِمِينَ بَعْضًا بِمَا كَانُوا يَكْسِبُونَ

    Иштта цхьаболчу зуламхошка вуккхеран доладойту Оха цара карадеш хилла долчуьнца

    6:129
  6. يَا مَعْشَرَ الْجِنِّ وَالْإِنْسِ أَلَمْ يَأْتِكُمْ رُسُلٌ مِنْكُمْ يَقُصُّونَ عَلَيْكُمْ آيَاتِي وَيُنْذِرُونَكُمْ لِقَاءَ يَوْمِكُمْ هَٰذَا ۚ قَالُوا شَهِدْنَا عَلَىٰ أَنْفُسِنَا ۖ وَغَرَّتْهُمُ الْحَيَاةُ الدُّنْيَا وَشَهِدُوا عَلَىٰ أَنْفُسِهِمْ أَنَّهُمْ كَانُوا كَافِرِينَ

    'ХIай жинийн а‚ адамийн а тоба! Шуьга ца баьхкина элчанаш шуна юккъера‚ шуьга дуьйцуш Сан аяташ‚ шуна хьехош (кхерам тасарца) хIокху шун денна дуьхьалкхетар?' Цара аьр: 'Тхайна тIехь тешалла дина оха'. Дуьненан дахаро Iехийра уьш‚ шайна тIехь тешалла дира цара, шаьш ца тешаш хилла, аьлла

    6:130
  7. ذَٰلِكَ أَنْ لَمْ يَكُنْ رَبُّكَ مُهْلِكَ الْقُرَىٰ بِظُلْمٍ وَأَهْلُهَا غَافِلُونَ

    Иштта (элчанаш бохуьйтура Оха) хьан Кхиош-кхобург ца хилла дела зуламца ярташ хIаллакьеш, церан охIланна а ца хууш

    6:131

Гочдар: Магомед Магомедов