Мусхаф., агӏо 145

  1. وَلِكُلٍّ دَرَجَاتٌ مِمَّا عَمِلُوا ۚ وَمَا رَبُّكَ بِغَافِلٍ عَمَّا يَعْمَلُونَ

    ХIоранна шен-шен дарж ду‚ ша динчух. Хьан Кхиош-кхобург ма вац тидаме оьцур доцуш цара деш дерг

    6:132
  2. وَرَبُّكَ الْغَنِيُّ ذُو الرَّحْمَةِ ۚ إِنْ يَشَأْ يُذْهِبْكُمْ وَيَسْتَخْلِفْ مِنْ بَعْدِكُمْ مَا يَشَاءُ كَمَا أَنْشَأَكُمْ مِنْ ذُرِّيَّةِ قَوْمٍ آخَرِينَ

    Хьан Кхиош-кхобург ву /цхьаннех/ ца возуш (халкъ а, цуьнан Iибадат а Шена ца хилча а мегаш)‚ къинхетам болуш а. Шена лаахь, шу хллакдийр ду Цо. Шул тIаьхьа Шена луург вуьтур ву‚ шу а Цо кхиийна хиларе терра кхечу къоман зуьрретах

    6:133
  3. إِنَّ مَا تُوعَدُونَ لَآتٍ ۖ وَمَا أَنْتُمْ بِمُعْجِزِينَ

    Баккъалла а, шуна хир ду аьлларг догIур долуш ду шуна‚ шун ницкъ кхочур ма бац и гIелдан (и духатоха)

    6:134
  4. قُلْ يَا قَوْمِ اعْمَلُوا عَلَىٰ مَكَانَتِكُمْ إِنِّي عَامِلٌ ۖ فَسَوْفَ تَعْلَمُونَ مَنْ تَكُونُ لَهُ عَاقِبَةُ الدَّارِ ۗ إِنَّهُ لَا يُفْلِحُ الظَّالِمُونَ

    Ахь āла: 'ХIай сан къам! Шайн Iамал е аш шайн меттигашкахь‚ аса а йийр ю сайн Iамал‚ тIаьхьа хуур ду шуна‚ хьенан хир ю цIийнан тIаьхье (эхарт). Баккъалла а‚ баккхийбийр ма бац зуламхой'

    6:135
  5. وَجَعَلُوا لِلَّهِ مِمَّا ذَرَأَ مِنَ الْحَرْثِ وَالْأَنْعَامِ نَصِيبًا فَقَالُوا هَٰذَا لِلَّهِ بِزَعْمِهِمْ وَهَٰذَا لِشُرَكَائِنَا ۖ فَمَا كَانَ لِشُرَكَائِهِمْ فَلَا يَصِلُ إِلَى اللَّهِ ۖ وَمَا كَانَ لِلَّهِ فَهُوَ يَصِلُ إِلَىٰ شُرَكَائِهِمْ ۗ سَاءَ مَا يَحْكُمُونَ

    Цара дира Далла Цо кхоьллинчу ялтех а‚ бежанех а дāкъа‚ элира (цара) 'ХIара Далла ду' – царна моттарехь – 'хIара вайн накъосташна ду'. Церан накъосташна хилларг Дēле ца кхочу‚ Далла хилларг церан накъосташка кхочу – ма вон хилла цара деш долу хьукма

    6:136
  6. وَكَذَٰلِكَ زَيَّنَ لِكَثِيرٍ مِنَ الْمُشْرِكِينَ قَتْلَ أَوْلَادِهِمْ شُرَكَاؤُهُمْ لِيُرْدُوهُمْ وَلِيَلْبِسُوا عَلَيْهِمْ دِينَهُمْ ۖ وَلَوْ شَاءَ اللَّهُ مَا فَعَلُوهُ ۖ فَذَرْهُمْ وَمَا يَفْتَرُونَ

    Иштта хаздира дукхаболчу мушрикашна церан накъосташа – жинаша шайн бераш дайар (зудабераш, дийна долуш, лаьттах дохкар), уьш хIаллакбархьама а‚ царна шайн (ИсмаIилера схьадогIуш хилла долу) дин дохадайтархьама а. Далла лиъна хиллехьара, и дийр дацара цара‚ бита уьш а‚ цара /харц/ кхуллург а

    6:137

Гочдар: Магомед Магомедов