Мусхаф., агӏо 147
-
ثَمَانِيَةَ أَزْوَاجٍ ۖ مِنَ الضَّأْنِ اثْنَيْنِ وَمِنَ الْمَعْزِ اثْنَيْنِ ۗ قُلْ آلذَّكَرَيْنِ حَرَّمَ أَمِ الْأُنْثَيَيْنِ أَمَّا اشْتَمَلَتْ عَلَيْهِ أَرْحَامُ الْأُنْثَيَيْنِ ۖ نَبِّئُونِي بِعِلْمٍ إِنْ كُنْتُمْ صَادِقِينَ
/Схьаэца/ бархI боьршаниг а‚ стēниг а: уьстагIех а шишша‚ гезарех а шиша. Āлал (хаттал цаьрга): 'Боьршаниг шиъ хьарам дина Цо (Дала) я стēниг шиъ дина‚ я шиннан а стечийн кийрахь дерг дина? Дийцал суна Iилманца‚ шаьш бакълуьйш хиллехь'
6:143 -
وَمِنَ الْإِبِلِ اثْنَيْنِ وَمِنَ الْبَقَرِ اثْنَيْنِ ۗ قُلْ آلذَّكَرَيْنِ حَرَّمَ أَمِ الْأُنْثَيَيْنِ أَمَّا اشْتَمَلَتْ عَلَيْهِ أَرْحَامُ الْأُنْثَيَيْنِ ۖ أَمْ كُنْتُمْ شُهَدَاءَ إِذْ وَصَّاكُمُ اللَّهُ بِهَٰذَا ۚ فَمَنْ أَظْلَمُ مِمَّنِ افْتَرَىٰ عَلَى اللَّهِ كَذِبًا لِيُضِلَّ النَّاسَ بِغَيْرِ عِلْمٍ ۗ إِنَّ اللَّهَ لَا يَهْدِي الْقَوْمَ الظَّالِمِينَ
Эмкалех шиъ‚ бежнех шиъ – āлал /хIинца/: шиъ боьршаниг хьарам дина‚ я шиъ стēниг дина‚ я шиннан а стēчийн кийрахь дерг дина‚ я шу дара тешаш (дāкъа лоцуш) Дала шуна цуьнца весет деш?' Мила хир ву зуламе Далла тIе харцдерг кхуллучул, нах тилорхьама цхьа а Iилма доццушехь? Баккъалла а, Дала ца нисдо зуламе къам
6:144 -
قُلْ لَا أَجِدُ فِي مَا أُوحِيَ إِلَيَّ مُحَرَّمًا عَلَىٰ طَاعِمٍ يَطْعَمُهُ إِلَّا أَنْ يَكُونَ مَيْتَةً أَوْ دَمًا مَسْفُوحًا أَوْ لَحْمَ خِنْزِيرٍ فَإِنَّهُ رِجْسٌ أَوْ فِسْقًا أُهِلَّ لِغَيْرِ اللَّهِ بِهِ ۚ فَمَنِ اضْطُرَّ غَيْرَ بَاغٍ وَلَا عَادٍ فَإِنَّ رَبَّكَ غَفُورٌ رَحِيمٌ
Ахь āла: 'Суна ца карадо сайга даийтинчу ваьхьашкахь дуучунна даа хьарам динарг къеделларг доцург‚ я Iенаш долу цIий доцург, я хьакхин жижиг доцург‚ – тIаккха и рижс ю, – я шена тIехь/урс хьокхуш/ Дела воцчун цIе яьккхина цIена йоцу хIума йоцург. ТIкъа шена ницкъ бахь /мацалло/‚ къинах ларлуш‚ /Делан/ дозанах а ца волуш – /юур ю цо хьарамниг/. Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург гечдеш верг ма ву‚ къинхетаме верг а ма ву
6:145 -
وَعَلَى الَّذِينَ هَادُوا حَرَّمْنَا كُلَّ ذِي ظُفُرٍ ۖ وَمِنَ الْبَقَرِ وَالْغَنَمِ حَرَّمْنَا عَلَيْهِمْ شُحُومَهُمَا إِلَّا مَا حَمَلَتْ ظُهُورُهُمَا أَوِ الْحَوَايَا أَوْ مَا اخْتَلَطَ بِعَظْمٍ ۚ ذَٰلِكَ جَزَيْنَاهُمْ بِبَغْيِهِمْ ۖ وَإِنَّا لَصَادِقُونَ
Жуьгташна хьарам ма дира Оха массо а (екъаелла) берг йолу /дийнат/. Хьелех а‚ уьстагIех а, - Оха хьарам йира царна оцеран мохь, шайн букъах‚ я чокох летт йоцург‚ я даьIахках ийнарг йоцург. И бекхам бира Оха царна уьш тилбалар бахьанехь. Баккъалла а, тхо бакъ ду /Тхан хьукмашкахь./
6:146
Гочдар: Магомед Магомедов