Мусхаф., агӏо 148
-
فَإِنْ كَذَّبُوكَ فَقُلْ رَبُّكُمْ ذُو رَحْمَةٍ وَاسِعَةٍ وَلَا يُرَدُّ بَأْسُهُ عَنِ الْقَوْمِ الْمُجْرِمِينَ
Хьо цара харцвахь‚ āла: 'Шун Кхиош-кхобург ву шортта къинхетам болуш‚ бухатохалур бац Цуьнан ницкъ къинош дечу къомах'
6:147 -
سَيَقُولُ الَّذِينَ أَشْرَكُوا لَوْ شَاءَ اللَّهُ مَا أَشْرَكْنَا وَلَا آبَاؤُنَا وَلَا حَرَّمْنَا مِنْ شَيْءٍ ۚ كَذَٰلِكَ كَذَّبَ الَّذِينَ مِنْ قَبْلِهِمْ حَتَّىٰ ذَاقُوا بَأْسَنَا ۗ قُلْ هَلْ عِنْدَكُمْ مِنْ عِلْمٍ فَتُخْرِجُوهُ لَنَا ۖ إِنْ تَتَّبِعُونَ إِلَّا الظَّنَّ وَإِنْ أَنْتُمْ إِلَّا تَخْرُصُونَ
Делаца накъост лаьцначара эр ду: 'Далла лиънехьара, Делаца накъост лоцур вацара оха а‚ тхан дайша а‚ хIумма а хьарам дийр дацара оха'. Иштта харцдира /дин/ царал хьалха хиллачара а тхан ницкъ Iовшшалц. Āлал (хаттал цаьрга): 'Шуьгахь дуй Iилма? Делахь, аш и тхуна гучудаккха. Шу тIаьхьахIуьттуш ма дац моттаргIашна а бен‚ шу ма дац харцлуьйш а бен '
6:148 -
قُلْ فَلِلَّهِ الْحُجَّةُ الْبَالِغَةُ ۖ فَلَوْ شَاءَ لَهَدَاكُمْ أَجْمَعِينَ
Āла: 'Делехь ду кхоччуш делил. Лиънехьара, шу дерриге а нисдийр дара Цо'
6:149 -
قُلْ هَلُمَّ شُهَدَاءَكُمُ الَّذِينَ يَشْهَدُونَ أَنَّ اللَّهَ حَرَّمَ هَٰذَا ۖ فَإِنْ شَهِدُوا فَلَا تَشْهَدْ مَعَهُمْ ۚ وَلَا تَتَّبِعْ أَهْوَاءَ الَّذِينَ كَذَّبُوا بِآيَاتِنَا وَالَّذِينَ لَا يُؤْمِنُونَ بِالْآخِرَةِ وَهُمْ بِرَبِّهِمْ يَعْدِلُونَ
Āла: 'Балабе шайн тешаш‚ шаьш тешалла дийр долу‚ Дала и хьарам дина'‚ аьлла. Цара тешалла дахь‚ ахь ма делахь царца тешалла. Хьо тIаьхьа ма хIотталахь Тхан аяташ харцдиначеран а‚ эхартах цатешачеран а лааршна – уьш бу шайн Кхиош-кхобучуьнца /кхин накъостий/ нисбеш (мушрикаш)
6:150 -
قُلْ تَعَالَوْا أَتْلُ مَا حَرَّمَ رَبُّكُمْ عَلَيْكُمْ ۖ أَلَّا تُشْرِكُوا بِهِ شَيْئًا ۖ وَبِالْوَالِدَيْنِ إِحْسَانًا ۖ وَلَا تَقْتُلُوا أَوْلَادَكُمْ مِنْ إِمْلَاقٍ ۖ نَحْنُ نَرْزُقُكُمْ وَإِيَّاهُمْ ۖ وَلَا تَقْرَبُوا الْفَوَاحِشَ مَا ظَهَرَ مِنْهَا وَمَا بَطَنَ ۖ وَلَا تَقْتُلُوا النَّفْسَ الَّتِي حَرَّمَ اللَّهُ إِلَّا بِالْحَقِّ ۚ ذَٰلِكُمْ وَصَّاكُمْ بِهِ لَعَلَّكُمْ تَعْقِلُونَ
Āла /цаьрга, хIай Мухьаммад/: 'Схьадуьйла‚ ас дуьйцур ду шун Кхиош-кхобучо шуна хьарам динарг: аш цуьнца цхьанна хIуманца накъост цалацар а‚ деца-ненаца дика хилар а. Шайн доьзалш ма байа мацаллах /кхоьруш/- Оха кхобур ду шу а‚ уьш а. Боьхачунна герга ма гIолаш – цунах гучудаьллачух а‚ къайлаха долчух а. Са ма делаш, ша Дала хьарам дина долу‚ бакъонца бен. И ду Цо шуьга весет динарг, шу хиллархьама хьекъале
6:151
Гочдар: Магомед Магомедов