Мусхаф., агӏо 155

  1. قَالَ ادْخُلُوا فِي أُمَمٍ قَدْ خَلَتْ مِنْ قَبْلِكُمْ مِنَ الْجِنِّ وَالْإِنْسِ فِي النَّارِ ۖ كُلَّمَا دَخَلَتْ أُمَّةٌ لَعَنَتْ أُخْتَهَا ۖ حَتَّىٰ إِذَا ادَّارَكُوا فِيهَا جَمِيعًا قَالَتْ أُخْرَاهُمْ لِأُولَاهُمْ رَبَّنَا هَٰؤُلَاءِ أَضَلُّونَا فَآتِهِمْ عَذَابًا ضِعْفًا مِنَ النَّارِ ۖ قَالَ لِكُلٍّ ضِعْفٌ وَلَٰكِنْ لَا تَعْلَمُونَ

    Элира /Дала/: 'ЧугIо шайл хьалха /жоьжахатин/ цIергахь хиллачу жинийн а‚ адамийн а умматашна'. Чоьхьа мел даьллачу уммато неIалт олура вукхарна‚ берриге а вовшахкхетча – тIаккха тIаьхьарчо хьалхарчух элира: 'Тхан Кхиош-кхобург‚ хIокхара тилийра хьуна тхо‚ /жоьжахатин/ цIеран Iазап дехьа царна тIеттIа'. Элира /Дала/: 'ХIоранна а тIеттIа /Iазап/ хир ду'. Делахь а, ца хаьа-кх шуна

    7:38
  2. وَقَالَتْ أُولَاهُمْ لِأُخْرَاهُمْ فَمَا كَانَ لَكُمْ عَلَيْنَا مِنْ فَضْلٍ فَذُوقُوا الْعَذَابَ بِمَا كُنْتُمْ تَكْسِبُونَ

    Хьалхарчо вукхуьнга элира: 'Тхуна тIехь дозалла ца хилира шун‚ Iовша шайна Iазап шаьш карадина хиллачуьнца'

    7:39
  3. إِنَّ الَّذِينَ كَذَّبُوا بِآيَاتِنَا وَاسْتَكْبَرُوا عَنْهَا لَا تُفَتَّحُ لَهُمْ أَبْوَابُ السَّمَاءِ وَلَا يَدْخُلُونَ الْجَنَّةَ حَتَّىٰ يَلِجَ الْجَمَلُ فِي سَمِّ الْخِيَاطِ ۚ وَكَذَٰلِكَ نَجْزِي الْمُجْرِمِينَ

    Баккъалла а, Тхан аяташ харцдинарш‚ царна куралла йинарш стигалан неIарш дIайоьллур ма яц царна‚ ялсамани чу гIур ма бац уьш эмкал механ Iуьрга йоллалц – иштта бекхам бийр бу Оха къинош диначарна

    7:40
  4. لَهُمْ مِنْ جَهَنَّمَ مِهَادٌ وَمِنْ فَوْقِهِمْ غَوَاشٍ ۚ وَكَذَٰلِكَ نَجْزِي الظَّالِمِينَ

    Царна жоьжахатих хир бу /вижа/ мотт а‚ царна тIехула цIеран пардо хир ду – иштта бекхам бийр бу Оха зуламхошна

    7:41
  5. وَالَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ لَا نُكَلِّفُ نَفْسًا إِلَّا وُسْعَهَا أُولَٰئِكَ أَصْحَابُ الْجَنَّةِ ۖ هُمْ فِيهَا خَالِدُونَ

    Иман диллинарш а‚ диканаш динарш а‚ – синна тIе ца дуьллу Оха цунна ницкъ кхочург бен‚ – уьш ялсаманийн дай бу‚ уьш цу чохь гуттар лаьттар бу

    7:42
  6. وَنَزَعْنَا مَا فِي صُدُورِهِمْ مِنْ غِلٍّ تَجْرِي مِنْ تَحْتِهِمُ الْأَنْهَارُ ۖ وَقَالُوا الْحَمْدُ لِلَّهِ الَّذِي هَدَانَا لِهَٰذَا وَمَا كُنَّا لِنَهْتَدِيَ لَوْلَا أَنْ هَدَانَا اللَّهُ ۖ لَقَدْ جَاءَتْ رُسُلُ رَبِّنَا بِالْحَقِّ ۖ وَنُودُوا أَنْ تِلْكُمُ الْجَنَّةُ أُورِثْتُمُوهَا بِمَا كُنْتُمْ تَعْمَلُونَ

    Оха дIаяьккхира церан дегнашкара оьгIазло; дIаоьхуш хир ду /ялсаманехь/ церан /гланий/ бухахула хиш‚ цара эр: 'Хастам бу Далла‚ тхо нисдинчу хIокхунна тIе‚ тхо хир ма дацара нисделла, Дала нисдина ца хиллехь. Тхан Кхиош-кхобучун элчанаш баьхкира бакъонца'. Цаьрга кхайкхира: 'ХIара ялсамани шуна ирсана кхаьчна ю аш Iамал йина хиларца'

    7:43

Гочдар: Магомед Магомедов