Мусхаф., агӏо 154

  1. يَا بَنِي آدَمَ خُذُوا زِينَتَكُمْ عِنْدَ كُلِّ مَسْجِدٍ وَكُلُوا وَاشْرَبُوا وَلَا تُسْرِفُوا ۚ إِنَّهُ لَا يُحِبُّ الْمُسْرِفِينَ

    ХIай Āдаман кIентий! Схьаэца шайн хаза духар хIор сужд дечу меттигахь а, сужд дечу хенахь а (хаза, цIена духар духа, шаьш ламаз деш а, тIаваф деш а – хьажцIенна го боккхуш а)‚ даа‚ мала‚ /шайн хманан/ кхоам бе. Баккъалла а, Далла ца беза /хманан/ кхоам беш боцурш

    7:31
  2. قُلْ مَنْ حَرَّمَ زِينَةَ اللَّهِ الَّتِي أَخْرَجَ لِعِبَادِهِ وَالطَّيِّبَاتِ مِنَ الرِّزْقِ ۚ قُلْ هِيَ لِلَّذِينَ آمَنُوا فِي الْحَيَاةِ الدُّنْيَا خَالِصَةً يَوْمَ الْقِيَامَةِ ۗ كَذَٰلِكَ نُفَصِّلُ الْآيَاتِ لِقَوْمٍ يَعْلَمُونَ

    Ахь āла /хIай Мухьаммад, оцу Маккан керстанашка, шаьш берз-тIерза КаIбина тIаваф деш хилла болчу, Дала хьанал динарг шайна хьарам деш хилла болчу/: 'Хьан хьарам дина Делера хаза дерг (духар)‚ Цо шен лешна схьадаьккхина долу‚ рицкъанах а цIена дерг?' Āла: 'Иза ду иман диллинчарна гергарчу (дуьненан) дахарехь‚ деккъа царна долуш къематдийнахь. Иштта къастадо Оха аяташ хууш долчу къомана'

    7:32
  3. قُلْ إِنَّمَا حَرَّمَ رَبِّيَ الْفَوَاحِشَ مَا ظَهَرَ مِنْهَا وَمَا بَطَنَ وَالْإِثْمَ وَالْبَغْيَ بِغَيْرِ الْحَقِّ وَأَنْ تُشْرِكُوا بِاللَّهِ مَا لَمْ يُنَزِّلْ بِهِ سُلْطَانًا وَأَنْ تَقُولُوا عَلَى اللَّهِ مَا لَا تَعْلَمُونَ

    Ахь āла: 'Баккъалла а, сан Кхиош-кхобучо хьарам дина боьханиг‚ цунах гучадаьлларг а‚ хьуламехь дерг а‚ къа а‚ бахьана доцуш гIело яр а‚ аш /Делаца/ накъост лацар а Цо шеца цхьа а делил доссийна доцчуьнца‚ аш Далла тIехь алар а шайна цахуург'

    7:33
  4. وَلِكُلِّ أُمَّةٍ أَجَلٌ ۖ فَإِذَا جَاءَ أَجَلُهُمْ لَا يَسْتَأْخِرُونَ سَاعَةً ۖ وَلَا يَسْتَقْدِمُونَ

    ХIор умматан Iожалла ю (тоьхна хан). Шен Iожалла тIееъча, цхьа сахьт тIаьхьадуьсур а дац и‚ хьалхадер а дац

    7:34
  5. يَا بَنِي آدَمَ إِمَّا يَأْتِيَنَّكُمْ رُسُلٌ مِنْكُمْ يَقُصُّونَ عَلَيْكُمْ آيَاتِي ۙ فَمَنِ اتَّقَىٰ وَأَصْلَحَ فَلَا خَوْفٌ عَلَيْهِمْ وَلَا هُمْ يَحْزَنُونَ

    ХIай Āдаман кIентий! Бахказа буьсур ма бац шуьга элчанаш шух шайх‚ шуна дуьйцур ду цара Тхан аяташ‚ /Делах/ кхийринчунна‚ диканиг диначунна – кхерам а хир ма бац царна‚ уьш сингаттаме а хир ма бац

    7:35
  6. وَالَّذِينَ كَذَّبُوا بِآيَاتِنَا وَاسْتَكْبَرُوا عَنْهَا أُولَٰئِكَ أَصْحَابُ النَّارِ ۖ هُمْ فِيهَا خَالِدُونَ

    Тхан аяташ харцдинарш‚ царна куралла йинарш – уьш бу /жоьжахатин/ цIеран дай. Уьш цу чохь даима лаьттар бу

    7:36
  7. فَمَنْ أَظْلَمُ مِمَّنِ افْتَرَىٰ عَلَى اللَّهِ كَذِبًا أَوْ كَذَّبَ بِآيَاتِهِ ۚ أُولَٰئِكَ يَنَالُهُمْ نَصِيبُهُمْ مِنَ الْكِتَابِ ۖ حَتَّىٰ إِذَا جَاءَتْهُمْ رُسُلُنَا يَتَوَفَّوْنَهُمْ قَالُوا أَيْنَ مَا كُنْتُمْ تَدْعُونَ مِنْ دُونِ اللَّهِ ۖ قَالُوا ضَلُّوا عَنَّا وَشَهِدُوا عَلَىٰ أَنْفُسِهِمْ أَنَّهُمْ كَانُوا كَافِرِينَ

    Мила ву Далла тIе харцдерг кхоьллинчул зуламе‚ я Цуьнан аяташ харцдинчул (зуламе)? – Царна шайн дāкъа кхочур ду яздинчух. Тхан элчанаш шайна тIебогIуш синош эца‚ олуш: 'Мичахь бу аш, Дела а витина, Iибадат деш хилларш?' Цара элира: 'ДIатилина уьш тхох'. Шайна тIехь тешалла дира цара шаьш цатешарш (керстанаш) хилира, аьлла

    7:37

Гочдар: Магомед Магомедов