Мусхаф., агӏо 161
-
وَمَا كَانَ جَوَابَ قَوْمِهِ إِلَّا أَنْ قَالُوا أَخْرِجُوهُمْ مِنْ قَرْيَتِكُمْ ۖ إِنَّهُمْ أُنَاسٌ يَتَطَهَّرُونَ
Цуьнан къоман жоп ма ца хилира, цара āлар бен: 'Арабāха уьш шайн юьртара – шаьш цIена бу моьттуш нах бу уьш'
7:82 -
فَأَنْجَيْنَاهُ وَأَهْلَهُ إِلَّا امْرَأَتَهُ كَانَتْ مِنَ الْغَابِرِينَ
Оха кIелхьарваьккхира иза а‚ цуьнан доьзал а‚ цхьа зуда йиссалц – и хилла бухайисинчарах /Iазапана чохь/
7:83 -
وَأَمْطَرْنَا عَلَيْهِمْ مَطَرًا ۖ فَانْظُرْ كَيْفَ كَانَ عَاقِبَةُ الْمُجْرِمِينَ
Царна тIе догIа делхийтира Оха – хьажал‚ муха хилла къинош диначеран тIаьхье!
7:84 -
وَإِلَىٰ مَدْيَنَ أَخَاهُمْ شُعَيْبًا ۗ قَالَ يَا قَوْمِ اعْبُدُوا اللَّهَ مَا لَكُمْ مِنْ إِلَٰهٍ غَيْرُهُ ۖ قَدْ جَاءَتْكُمْ بَيِّنَةٌ مِنْ رَبِّكُمْ ۖ فَأَوْفُوا الْكَيْلَ وَالْمِيزَانَ وَلَا تَبْخَسُوا النَّاسَ أَشْيَاءَهُمْ وَلَا تُفْسِدُوا فِي الْأَرْضِ بَعْدَ إِصْلَاحِهَا ۚ ذَٰلِكُمْ خَيْرٌ لَكُمْ إِنْ كُنْتُمْ مُؤْمِنِينَ
Мадьянашка а церан ваша ШуIайб /вахийтира Оха/. Цо элира: 'ХIай сан къам! Далла Iибадат де‚ И воцург кхин дела вац шуна. Шуьга еана шун Кхиош-кхобучуьнгара билгало: дустар а‚ терза озар а нийса хилийта‚ нахана хIуманаш ма эшае‚ ма даржаде лаьтта тIехь вониг и цIандинчул тIаьхьа. Иза шуна дика ду, шу тешаш хиллехь
7:85 -
وَلَا تَقْعُدُوا بِكُلِّ صِرَاطٍ تُوعِدُونَ وَتَصُدُّونَ عَنْ سَبِيلِ اللَّهِ مَنْ آمَنَ بِهِ وَتَبْغُونَهَا عِوَجًا ۚ وَاذْكُرُوا إِذْ كُنْتُمْ قَلِيلًا فَكَثَّرَكُمْ ۖ وَانْظُرُوا كَيْفَ كَانَ عَاقِبَةُ الْمُفْسِدِينَ
Некъаш ма лийца /нах/ кхерош‚ Делан некъах воккхуш ша Цунах тешна хилларг‚ чIогIа и ганбан гIерташ. Аш дагадаийта шаьш кIеззиг бен цахилар – Цо (Дала) дебийра шу. Хьовсал шу! Муха хилла вониг диначеран тIаьхье!
7:86 -
وَإِنْ كَانَ طَائِفَةٌ مِنْكُمْ آمَنُوا بِالَّذِي أُرْسِلْتُ بِهِ وَطَائِفَةٌ لَمْ يُؤْمِنُوا فَاصْبِرُوا حَتَّىٰ يَحْكُمَ اللَّهُ بَيْنَنَا ۚ وَهُوَ خَيْرُ الْحَاكِمِينَ
Шух цхьа тоба иман диллина хиллехь соьга доссийначуьнга‚ важа тоба иман ца дуьллуш хиллехь – аш собар де Дала вайна юккъехь цхьа хьукам далц. – Иза хьукам дечарах уггар диканиг ма ву'
7:87
Гочдар: Магомед Магомедов