Мусхаф., агӏо 183

  1. وَأَطِيعُوا اللَّهَ وَرَسُولَهُ وَلَا تَنَازَعُوا فَتَفْشَلُوا وَتَذْهَبَ رِيحُكُمْ ۖ وَاصْبِرُوا ۚ إِنَّ اللَّهَ مَعَ الصَّابِرِينَ

    МуьтIахь хилалаш Далла а‚ Цуьнан элчанна а‚ вовшашца ма къийсалаш – тIаккха озалур ду шу /мостагIчух/‚ шун ницкъ дIабер бу. Собаре хилалаш. Баккъалла а, Дела собаре болчаьрца ву (царна гIодарца)

    8:46
  2. وَلَا تَكُونُوا كَالَّذِينَ خَرَجُوا مِنْ دِيَارِهِمْ بَطَرًا وَرِئَاءَ النَّاسِ وَيَصُدُّونَ عَنْ سَبِيلِ اللَّهِ ۚ وَاللَّهُ بِمَا يَعْمَلُونَ مُحِيطٌ

    Шу ма хилалаш шайн цIеношкара арабевллачарах тера кураллица‚ нахана гайтархьама, Делан некъах /нах/ дIатилабеш. И Дела аш дечунна гуо беш ма ву /хаарца/

    8:47
  3. وَإِذْ زَيَّنَ لَهُمُ الشَّيْطَانُ أَعْمَالَهُمْ وَقَالَ لَا غَالِبَ لَكُمُ الْيَوْمَ مِنَ النَّاسِ وَإِنِّي جَارٌ لَكُمْ ۖ فَلَمَّا تَرَاءَتِ الْفِئَتَانِ نَكَصَ عَلَىٰ عَقِبَيْهِ وَقَالَ إِنِّي بَرِيءٌ مِنْكُمْ إِنِّي أَرَىٰ مَا لَا تَرَوْنَ إِنِّي أَخَافُ اللَّهَ ۚ وَاللَّهُ شَدِيدُ الْعِقَابِ

    Дагадаийта, шайтIано хазйира царна шайн Iамалш‚ элира: 'Тахана нахах цхьа а вац шу эшо‚ со шуна лулахо ду'. ТIаккха, шена ши тоба гича, дIадедира иза‚ элира: 'Баккъалла а, со цIена ду шух‚ баккъалла а, со гуш ду (цунна маликаш гуш дара бусалбанашна гIо деш) шуна цагург‚ со кхоьру Делах – и Дела таIзар дарца чIогIа ву'

    8:48
  4. إِذْ يَقُولُ الْمُنَافِقُونَ وَالَّذِينَ فِي قُلُوبِهِمْ مَرَضٌ غَرَّ هَٰؤُلَاءِ دِينُهُمْ ۗ وَمَنْ يَتَوَكَّلْ عَلَى اللَّهِ فَإِنَّ اللَّهَ عَزِيزٌ حَكِيمٌ

    Дагадаийта! Мунепикъаша а‚ шайн дегнашкахь цамгар йолчара а олура: 'ХIорш шайн дино Iехийна'. Далла тIетевжинарг – /Делан хьесапехь ву/. Баккъалла а, и Дела веза верг а‚ хьукам /нийса/ деш верг а ву

    8:49
  5. وَلَوْ تَرَىٰ إِذْ يَتَوَفَّى الَّذِينَ كَفَرُوا ۙ الْمَلَائِكَةُ يَضْرِبُونَ وُجُوهَهُمْ وَأَدْبَارَهُمْ وَذُوقُوا عَذَابَ الْحَرِيقِ

    Хьуна гинехьара и цатешнарш маликаша шайн синош схьадохуш, шайн яххьех а‚ тIехьашха а етташ: 'Iовша шайна жоьжахатин Iазап‚ олуш.-

    8:50
  6. ذَٰلِكَ بِمَا قَدَّمَتْ أَيْدِيكُمْ وَأَنَّ اللَّهَ لَيْسَ بِظَلَّامٍ لِلْعَبِيدِ

    Иза ду шун куьйгаша хьалха -даькхинарг бахьанехь‚ Дела лешна зуламе вац'

    8:51
  7. كَدَأْبِ آلِ فِرْعَوْنَ ۙ وَالَّذِينَ مِنْ قَبْلِهِمْ ۚ كَفَرُوا بِآيَاتِ اللَّهِ فَأَخَذَهُمُ اللَّهُ بِذُنُوبِهِمْ ۗ إِنَّ اللَّهَ قَوِيٌّ شَدِيدُ الْعِقَابِ

    ФирIавнан доьзалан а‚ царал хьалха хиллачеран а Iадатах терра‚ ца тийшира уьш Делан аятех – тIаккха Дала шайн къиношца схьалецира уьш. Баккъалла а, и Дела нуьцкъала ву‚ чIогIа ву таIзар дарца

    8:52

Гочдар: Магомед Магомедов