Мусхаф., агӏо 184
-
ذَٰلِكَ بِأَنَّ اللَّهَ لَمْ يَكُ مُغَيِّرًا نِعْمَةً أَنْعَمَهَا عَلَىٰ قَوْمٍ حَتَّىٰ يُغَيِّرُوا مَا بِأَنْفُسِهِمْ ۙ وَأَنَّ اللَّهَ سَمِيعٌ عَلِيمٌ
Иза ду – Дела цахиларна ша цхьана а къомана делла хилла долу ниIмат хуьйцуш верг, цара шаьш хийццалц шайцадерг, и ду Дела хиларна хезаш верг а‚ хууш верг а
8:53 -
كَدَأْبِ آلِ فِرْعَوْنَ ۙ وَالَّذِينَ مِنْ قَبْلِهِمْ ۚ كَذَّبُوا بِآيَاتِ رَبِّهِمْ فَأَهْلَكْنَاهُمْ بِذُنُوبِهِمْ وَأَغْرَقْنَا آلَ فِرْعَوْنَ ۚ وَكُلٌّ كَانُوا ظَالِمِينَ
ФирIавнан доьзалан а‚ царал хьалха хиллачеран а Iадатах терра‚ харцдира цара шайн Делан аяташ – тIаккха Оха уьш, шайн къинош бахьанехь, хIаллакбира. ФирIавнан доьзал Оха хIорда бухабахийтира - массо а хилира уьш зуламхой
8:54 -
إِنَّ شَرَّ الدَّوَابِّ عِنْدَ اللَّهِ الَّذِينَ كَفَرُوا فَهُمْ لَا يُؤْمِنُونَ
/Дала мел кхоьллинчу/ лаьттахула лелачу хманех уггар боьханиг Далла гергахь – цатешарш бу‚ цара ийман ца дуьллу
8:55 -
الَّذِينَ عَاهَدْتَ مِنْهُمْ ثُمَّ يَنْقُضُونَ عَهْدَهُمْ فِي كُلِّ مَرَّةٍ وَهُمْ لَا يَتَّقُونَ
Ахь шайца барт бина (тIом бира бац, аьлла) хилларш бу уьш‚ тIаккха массо а хенахь и шайн барт бохабо цара‚ уьш ца кхоьру /Делах и барт бохо/
8:56 -
فَإِمَّا تَثْقَفَنَّهُمْ فِي الْحَرْبِ فَشَرِّدْ بِهِمْ مَنْ خَلْفَهُمْ لَعَلَّهُمْ يَذَّكَّرُونَ
Хьо царна тIамехь дуьхьал нисвелча, луьра таар де царна, царал тIехьахь болчарна кхерам таса - цара ойла ян мегара /хьуна шаьш тешнабехк ца бан, хьоьца хилла барт ца бохо /
8:57 -
وَإِمَّا تَخَافَنَّ مِنْ قَوْمٍ خِيَانَةً فَانْبِذْ إِلَيْهِمْ عَلَىٰ سَوَاءٍ ۚ إِنَّ اللَّهَ لَا يُحِبُّ الْخَائِنِينَ
Хьо кхерахь цхьана /хьан шеца барт болчу/ къоман тешнабехках‚ бохабе ахь /барт/ цаьрца нийсса. Баккъалла а, Далла ца беза тешнабехк бийраш
8:58 -
وَلَا يَحْسَبَنَّ الَّذِينَ كَفَرُوا سَبَقُوا ۚ إِنَّهُمْ لَا يُعْجِزُونَ
/Бадрехь ца бойуш кIелхьарбевллачу/ керстанашна маттанне а ма моьттийла шаьш /Тхол/ хьалхадевли (Тхан шайна тIехь ницкъ кхочур бац). Баккъалла а, цара кIелдуьтур дац /Делан гIуллакх а, бусалбанашна гIо хилар а/
8:59 -
وَأَعِدُّوا لَهُمْ مَا اسْتَطَعْتُمْ مِنْ قُوَّةٍ وَمِنْ رِبَاطِ الْخَيْلِ تُرْهِبُونَ بِهِ عَدُوَّ اللَّهِ وَعَدُوَّكُمْ وَآخَرِينَ مِنْ دُونِهِمْ لَا تَعْلَمُونَهُمُ اللَّهُ يَعْلَمُهُمْ ۚ وَمَا تُنْفِقُوا مِنْ شَيْءٍ فِي سَبِيلِ اللَّهِ يُوَفَّ إِلَيْكُمْ وَأَنْتُمْ لَا تُظْلَمُونَ
Кечбе царна дуьхьал шайн тар малло ницкъ: тман грс а, кийча говраш шеца аш кхеро Делан мостагI а‚ шайн мостагI а‚ уьш боцурш кхиберш а‚ шуна шаьш ца бевзаш болу- Далла бевза уьш. Аш Делан новкъахь мел харж яхь а – и /кхоччуш/ юхайоьрзур ю шуна‚ шуна зулам дийр дац (Дала аш динарг тидаме ца оьцуш дуьтур дац)
8:60 -
وَإِنْ جَنَحُوا لِلسَّلْمِ فَاجْنَحْ لَهَا وَتَوَكَّلْ عَلَى اللَّهِ ۚ إِنَّهُ هُوَ السَّمِيعُ الْعَلِيمُ
Нагахь санна уьш машаре кховдахь‚ – тIаккха хьо а кховда цуьнга (машаре)‚ Далла тIетовжа‚ баккъалла а, Иза хезаш верг а‚ хууш верг а ву
8:61
Гочдар: Магомед Магомедов