Мусхаф., агӏо 189

  1. قَاتِلُوهُمْ يُعَذِّبْهُمُ اللَّهُ بِأَيْدِيكُمْ وَيُخْزِهِمْ وَيَنْصُرْكُمْ عَلَيْهِمْ وَيَشْفِ صُدُورَ قَوْمٍ مُؤْمِنِينَ

    ТIом бе цаьрца‚ Дала шун куьйгашца Iазап дийр ду царна‚ сийсазбийр бу уьш‚ царна тIехь шуна гIо дийр ду‚ тодийр ду муъмин нехан дегнаш

    9:14
  2. وَيُذْهِبْ غَيْظَ قُلُوبِهِمْ ۗ وَيَتُوبُ اللَّهُ عَلَىٰ مَنْ يَشَاءُ ۗ وَاللَّهُ عَلِيمٌ حَكِيمٌ

    ДIайоккхур ю церан дегнийн оьгIазло‚ Дала гечдо Шена луучунна. Дела хууш верг а‚ /нийса/ хьукам дийриг а ву

    9:15
  3. أَمْ حَسِبْتُمْ أَنْ تُتْرَكُوا وَلَمَّا يَعْلَمِ اللَّهُ الَّذِينَ جَاهَدُوا مِنْكُمْ وَلَمْ يَتَّخِذُوا مِنْ دُونِ اللَّهِ وَلَا رَسُولِهِ وَلَا الْمُؤْمِنِينَ وَلِيجَةً ۚ وَاللَّهُ خَبِيرٌ بِمَا تَعْمَلُونَ

    Шу моьттуш дара шаьш дуьтур ду (балане а ца луьйцуш)? Далла хIинца а шух гIазот динарш а‚ Дела а, элча а витина‚ муъмин нах а битина, кхин доттагIий ца лийцинарш а ца бевзина (нахана гучубохуш)? Дела сов дика хууш верг ву аш дийриг

    9:16
  4. مَا كَانَ لِلْمُشْرِكِينَ أَنْ يَعْمُرُوا مَسَاجِدَ اللَّهِ شَاهِدِينَ عَلَىٰ أَنْفُسِهِمْ بِالْكُفْرِ ۚ أُولَٰئِكَ حَبِطَتْ أَعْمَالُهُمْ وَفِي النَّارِ هُمْ خَالِدُونَ

    Оьшуш дац мушрикунаш Делан маьждигашкахь Iен, керстанаш шаьш хиларна тешалла а деш. Церан Iамалш дIатили‚ уьш /жоьжахатин/ цIергахь гуттар лаьттар бу

    9:17
  5. إِنَّمَا يَعْمُرُ مَسَاجِدَ اللَّهِ مَنْ آمَنَ بِاللَّهِ وَالْيَوْمِ الْآخِرِ وَأَقَامَ الصَّلَاةَ وَآتَى الزَّكَاةَ وَلَمْ يَخْشَ إِلَّا اللَّهَ ۖ فَعَسَىٰ أُولَٰئِكَ أَنْ يَكُونُوا مِنَ الْمُهْتَدِينَ

    Делан маьждигашкахь Iийр бу Делах а‚ тьххьарчу дийнах а тешна берш‚ ламаз хIоттийнарш‚ закат делларш‚ Дела воцчух ца кхоьрурш – уьш хила там бу нисбеллачарах

    9:18
  6. أَجَعَلْتُمْ سِقَايَةَ الْحَاجِّ وَعِمَارَةَ الْمَسْجِدِ الْحَرَامِ كَمَنْ آمَنَ بِاللَّهِ وَالْيَوْمِ الْآخِرِ وَجَاهَدَ فِي سَبِيلِ اللَّهِ ۚ لَا يَسْتَوُونَ عِنْدَ اللَّهِ ۗ وَاللَّهُ لَا يَهْدِي الْقَوْمَ الظَّالِمِينَ

    Аш хилийти хьаьжина хи далар а‚ Деза маьждигехь Iар а Делах а‚ тьххьарчу дийнах а тешначух а‚ Делан новкъахь къахьегначух а тера? Ца нисло уьш Далла гергахь‚ Дала ца нисдо зуламе къам

    9:19
  7. الَّذِينَ آمَنُوا وَهَاجَرُوا وَجَاهَدُوا فِي سَبِيلِ اللَّهِ بِأَمْوَالِهِمْ وَأَنْفُسِهِمْ أَعْظَمُ دَرَجَةً عِنْدَ اللَّهِ ۚ وَأُولَٰئِكَ هُمُ الْفَائِزُونَ

    Ийман диллинарш‚ дIакхелхинарш (пайхамарца Маккара Мадинате ислам Iалашдархьама)‚ Делан новкъахь шайн бахамца а‚ шайн синошца а къахьегнарш дуккха беза бу даржаца Далла гергахь‚ уьш бу тоьлларш

    9:20

Гочдар: Магомед Магомедов