Мусхаф., агӏо 190

  1. يُبَشِّرُهُمْ رَبُّهُمْ بِرَحْمَةٍ مِنْهُ وَرِضْوَانٍ وَجَنَّاتٍ لَهُمْ فِيهَا نَعِيمٌ مُقِيمٌ

    Царна шайн Кхиош-кхобучо кхаъ боккху Шегара къинхетам хиларца а‚ резахиларца а‚ (ялсаманин) бошмаш хиларца а‚ шайна цунна (ялсамани) чохь сацаделла лаьтташ долу ниIмат долуш

    9:21
  2. خَالِدِينَ فِيهَا أَبَدًا ۚ إِنَّ اللَّهَ عِنْدَهُ أَجْرٌ عَظِيمٌ

    Цу чохь уьш гуттар лаьттар бу‚ баккъалла а, Дела Шегахь сийлахь-еза ял йолуш ву (царна яла)

    9:22
  3. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا لَا تَتَّخِذُوا آبَاءَكُمْ وَإِخْوَانَكُمْ أَوْلِيَاءَ إِنِ اسْتَحَبُّوا الْكُفْرَ عَلَى الْإِيمَانِ ۚ وَمَنْ يَتَوَلَّهُمْ مِنْكُمْ فَأُولَٰئِكَ هُمُ الظَّالِمُونَ

    ХIай ийман диллинарш! Ма лийцалаш шайн дай а‚ шайн вежарий а доттагIий, (ма бе царах доладийраш) царна ийманал керстаналла дукхадезахь. Шух царах доттагIий бинарш – уьш бу зуламхой

    9:23
  4. قُلْ إِنْ كَانَ آبَاؤُكُمْ وَأَبْنَاؤُكُمْ وَإِخْوَانُكُمْ وَأَزْوَاجُكُمْ وَعَشِيرَتُكُمْ وَأَمْوَالٌ اقْتَرَفْتُمُوهَا وَتِجَارَةٌ تَخْشَوْنَ كَسَادَهَا وَمَسَاكِنُ تَرْضَوْنَهَا أَحَبَّ إِلَيْكُمْ مِنَ اللَّهِ وَرَسُولِهِ وَجِهَادٍ فِي سَبِيلِهِ فَتَرَبَّصُوا حَتَّىٰ يَأْتِيَ اللَّهُ بِأَمْرِهِ ۗ وَاللَّهُ لَا يَهْدِي الْقَوْمَ الْفَاسِقِينَ

    Ахь āла: /хIай Мухьаммад/ 'Нагахь санна шун дай‚ шун кIентий‚ шун вежарий‚ шун зударий‚ шун гергарнаш‚ даьхни‚ аш гулдина хилла долу‚ йохка-эцар‚ ша (са йоцуш) йисарх шу кхоьруш йолу‚ цIенош, шайна шу реза долу‚ шуна /дукха/ дезахь Делал а‚ Цуьнан элчанал а‚ Делан новкъахь тм барал а, – хьовсуш Iе Дела валц Шен гIуллакхца (цуьнан Iазап‚ оьгIазло йогIур ю шуна). Дала ца нисдо песакъ къам

    9:24
  5. لَقَدْ نَصَرَكُمُ اللَّهُ فِي مَوَاطِنَ كَثِيرَةٍ ۙ وَيَوْمَ حُنَيْنٍ ۙ إِذْ أَعْجَبَتْكُمْ كَثْرَتُكُمْ فَلَمْ تُغْنِ عَنْكُمْ شَيْئًا وَضَاقَتْ عَلَيْكُمُ الْأَرْضُ بِمَا رَحُبَتْ ثُمَّ وَلَّيْتُمْ مُدْبِرِينَ

    Дала гIо дира шуна дуккхачу меттигашкахь‚ Хьунайн дийнахь а. Шу цецдехира шун дукхалло‚ цо (шу дуккха хиларна, Делан гIоьнах ойла еш дацара шу) шун хIумма кIелхьар ца даьккхира‚ сел шортта хилла долу латта гатделира шуна (довда меттиг йоцуш дисира шу)‚ тIаккха шу юхадевлира

    9:25
  6. ثُمَّ أَنْزَلَ اللَّهُ سَكِينَتَهُ عَلَىٰ رَسُولِهِ وَعَلَى الْمُؤْمِنِينَ وَأَنْزَلَ جُنُودًا لَمْ تَرَوْهَا وَعَذَّبَ الَّذِينَ كَفَرُوا ۚ وَذَٰلِكَ جَزَاءُ الْكَافِرِينَ

    ТIаккха Дала Шен синтем боссийра Шен элчанна а‚ муъмин нахана а; эскар доссийра‚ шуна гуш доцу; цатешачарна Iазап дира‚ цатешачеран бекхам и бу

    9:26

Гочдар: Магомед Магомедов