Мусхаф., агӏо 202

  1. يَعْتَذِرُونَ إِلَيْكُمْ إِذَا رَجَعْتُمْ إِلَيْهِمْ ۚ قُلْ لَا تَعْتَذِرُوا لَنْ نُؤْمِنَ لَكُمْ قَدْ نَبَّأَنَا اللَّهُ مِنْ أَخْبَارِكُمْ ۚ وَسَيَرَى اللَّهُ عَمَلَكُمْ وَرَسُولُهُ ثُمَّ تُرَدُّونَ إِلَىٰ عَالِمِ الْغَيْبِ وَالشَّهَادَةِ فَيُنَبِّئُكُمْ بِمَا كُنْتُمْ تَعْمَلُونَ

    Шуьга бехказлонаш йо цара, шу царна тIе юхадирзича. Ахь āла: 'Бехказлонаш ма е! Тешшане а шух тешар дац тхо. Дала дийцина тхуна шун хабарех. Гур ю Далла а‚ Цуьнан элчанна а шун Iамал‚ тIаккха шу ддерзор ду хьуламехь дерг а‚ гучахь дерг а хууш волчунна (Дала) тIе – Цо дуьйцур ду шуьга аш деш хилларг'

    9:94
  2. سَيَحْلِفُونَ بِاللَّهِ لَكُمْ إِذَا انْقَلَبْتُمْ إِلَيْهِمْ لِتُعْرِضُوا عَنْهُمْ ۖ فَأَعْرِضُوا عَنْهُمْ ۖ إِنَّهُمْ رِجْسٌ ۖ وَمَأْوَاهُمْ جَهَنَّمُ جَزَاءً بِمَا كَانُوا يَكْسِبُونَ

    Шуна Делаца дуйнаш буур бу цара, шу царна тIедирзича, шу шайх ддерзорхьама. Ддерза царах! Баккъалла а, уьш рижс ю‚ церан чугIойла жоьжахати ю – бекхам а хилла царна карадеш хиллачунна (дуьхьал)

    9:95
  3. يَحْلِفُونَ لَكُمْ لِتَرْضَوْا عَنْهُمْ ۖ فَإِنْ تَرْضَوْا عَنْهُمْ فَإِنَّ اللَّهَ لَا يَرْضَىٰ عَنِ الْقَوْمِ الْفَاسِقِينَ

    Дуйнаш буу шуна шу шайна реза хилийтархьама. Шу царна реза хилахь а, – Дела реза хир вац фасикъ къомана

    9:96
  4. الْأَعْرَابُ أَشَدُّ كُفْرًا وَنِفَاقًا وَأَجْدَرُ أَلَّا يَعْلَمُوا حُدُودَ مَا أَنْزَلَ اللَّهُ عَلَىٰ رَسُولِهِ ۗ وَاللَّهُ عَلِيمٌ حَكِيمٌ

    Дсакхелхаш лела Iаьрбий керстаналлица а‚ мунепикъаллица а мелхо а чIогIа бу (кхечарал)‚ Дала Шен элчане доссийна дозанаш цахаарехь а сов бу. Дела хууш верг а‚ хьукма /нийса/ деш верг а ву

    9:97
  5. وَمِنَ الْأَعْرَابِ مَنْ يَتَّخِذُ مَا يُنْفِقُ مَغْرَمًا وَيَتَرَبَّصُ بِكُمُ الدَّوَائِرَ ۚ عَلَيْهِمْ دَائِرَةُ السَّوْءِ ۗ وَاللَّهُ سَمِيعٌ عَلِيمٌ

    Дсакхелхаш лелачу Iаьрбех бу шаьш сагIина луш дерг гIуда лоруш берш‚ шуна бāланаш хиларе хьоьжуш берш. Царна бу-кх вочун бāла. Дела хезаш верг а, хууш верг а ву

    9:98
  6. وَمِنَ الْأَعْرَابِ مَنْ يُؤْمِنُ بِاللَّهِ وَالْيَوْمِ الْآخِرِ وَيَتَّخِذُ مَا يُنْفِقُ قُرُبَاتٍ عِنْدَ اللَّهِ وَصَلَوَاتِ الرَّسُولِ ۚ أَلَا إِنَّهَا قُرْبَةٌ لَهُمْ ۚ سَيُدْخِلُهُمُ اللَّهُ فِي رَحْمَتِهِ ۗ إِنَّ اللَّهَ غَفُورٌ رَحِيمٌ

    Дсакхелхаш лелачу Iаьрбех бу шаьш Делах а‚ тIаьххьарчу дийнах а тешаш берш а, шаьш луш долу сагIа Далла гергахь гIурба а‚ элчанна /шайна/ доIа дан /некъ/ лоруш берш а. Царна гIурба дац ткъа и?! Дала Шен къинхетамна чубухкур бу уьш. Баккъалла а, Дела гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а ву

    9:99

Гочдар: Магомед Магомедов