Мусхаф., агӏо 203
-
وَالسَّابِقُونَ الْأَوَّلُونَ مِنَ الْمُهَاجِرِينَ وَالْأَنْصَارِ وَالَّذِينَ اتَّبَعُوهُمْ بِإِحْسَانٍ رَضِيَ اللَّهُ عَنْهُمْ وَرَضُوا عَنْهُ وَأَعَدَّ لَهُمْ جَنَّاتٍ تَجْرِي تَحْتَهَا الْأَنْهَارُ خَالِدِينَ فِيهَا أَبَدًا ۚ ذَٰلِكَ الْفَوْزُ الْعَظِيمُ
ДIакхелхинчарах а‚ (царна) гIо лаьцначарах а дуьххьара (ислам дин тоьцуш) хьалха хилларш‚ дикачуьнца царна тIаьхьахIиттинарш – Дела реза хилла царна. Уьш а реза хилла Цунна. Цо царна бошмаш кечйина, бухахула хиш оьхуш йолу. Уьш цу чохь гуттар хир бу. И сийлахь- боккха толам бу-кх!
9:100 -
وَمِمَّنْ حَوْلَكُمْ مِنَ الْأَعْرَابِ مُنَافِقُونَ ۖ وَمِنْ أَهْلِ الْمَدِينَةِ ۖ مَرَدُوا عَلَى النِّفَاقِ لَا تَعْلَمُهُمْ ۖ نَحْنُ نَعْلَمُهُمْ ۚ سَنُعَذِّبُهُمْ مَرَّتَيْنِ ثُمَّ يُرَدُّونَ إِلَىٰ عَذَابٍ عَظِيمٍ
Шуна гонахь болчу дсакхелхаш лелачу Iаьрбех мунепикъаш а бу‚ Мадинатан бахархойх а бу уьш (мунепикъаш)‚ мунепикъаллина чу кIорга бахана уьш. Хьуна ца бевза уьш‚ Тхуна бевза уьш. Оха шозза Iазап дийр ду царна‚ тIаккха деза-доккхачу Iазапе дберзор бу
9:101 -
وَآخَرُونَ اعْتَرَفُوا بِذُنُوبِهِمْ خَلَطُوا عَمَلًا صَالِحًا وَآخَرَ سَيِّئًا عَسَى اللَّهُ أَنْ يَتُوبَ عَلَيْهِمْ ۚ إِنَّ اللَّهَ غَفُورٌ رَحِيمٌ
Кхиберш къера хилира шайн къиношна‚ цара иэйира дика Iамал кхечу вочуьнца‚ Дала тōба къобалдан мега церан. Баккъалла а, Дела ву гечдийриг а‚ къинхетаме верг а
9:102 -
خُذْ مِنْ أَمْوَالِهِمْ صَدَقَةً تُطَهِّرُهُمْ وَتُزَكِّيهِمْ بِهَا وَصَلِّ عَلَيْهِمْ ۖ إِنَّ صَلَاتَكَ سَكَنٌ لَهُمْ ۗ وَاللَّهُ سَمِيعٌ عَلِيمٌ
Церан бахамах сагIа эца – цуьнца догIмаш а‚ синош а цIандийр ду ахь церан‚ /Деле/ доIа а де царна‚ баккъалла а, хьан доIа царна синтем бу. И Дела хезаш верг а‚ хууш верг а ву
9:103 -
أَلَمْ يَعْلَمُوا أَنَّ اللَّهَ هُوَ يَقْبَلُ التَّوْبَةَ عَنْ عِبَادِهِ وَيَأْخُذُ الصَّدَقَاتِ وَأَنَّ اللَّهَ هُوَ التَّوَّابُ الرَّحِيمُ
Царна ца хаьа-те Дала къобалдеш хилар Шен лешкара тōба а‚ сагIа оьцуш хилар а‚ и Дела ша тōба къобалдеш верг а‚ къинхетаме верг а вуйла?
9:104 -
وَقُلِ اعْمَلُوا فَسَيَرَى اللَّهُ عَمَلَكُمْ وَرَسُولُهُ وَالْمُؤْمِنُونَ ۖ وَسَتُرَدُّونَ إِلَىٰ عَالِمِ الْغَيْبِ وَالشَّهَادَةِ فَيُنَبِّئُكُمْ بِمَا كُنْتُمْ تَعْمَلُونَ
Ахь āла: /хIай Мухьаммад/ 'Iамал е! Далла а‚ Цуьнан элчанна а‚ муъмин нахана а тIаьхьа гур ю шун Iамал‚ тIаьхьа ддерзор ду шу хьуламехь дерг а‚ гучахь дерг а хууш волчунна тIе – (Далла тIе). ТIаккха Цо шуьга дуьйцур ду аш деш хилларг'
9:105 -
وَآخَرُونَ مُرْجَوْنَ لِأَمْرِ اللَّهِ إِمَّا يُعَذِّبُهُمْ وَإِمَّا يَتُوبُ عَلَيْهِمْ ۗ وَاللَّهُ عَلِيمٌ حَكِيمٌ
Цхьа кхиберш Делан гIуллакхе догдохуьйтуш хир бу: я Iазап дийр ду Цо царна‚ я церан тōба къобалдийр ду Цо. И Дела хууш верг а‚ хьукма /нийса/ деш верг а ву
9:106
Гочдар: Магомед Магомедов