Мусхаф., агӏо 201
-
رَضُوا بِأَنْ يَكُونُوا مَعَ الْخَوَالِفِ وَطُبِعَ عَلَىٰ قُلُوبِهِمْ فَهُمْ لَا يَفْقَهُونَ
Реза хилла уьш бухабисинчаьрца хила‚ церан дегнашна мухIар тоьхна, – уьш ца кхета
9:87 -
لَٰكِنِ الرَّسُولُ وَالَّذِينَ آمَنُوا مَعَهُ جَاهَدُوا بِأَمْوَالِهِمْ وَأَنْفُسِهِمْ ۚ وَأُولَٰئِكَ لَهُمُ الْخَيْرَاتُ ۖ وَأُولَٰئِكَ هُمُ الْمُفْلِحُونَ
ХIетте а, элчано а‚ цуьнца ийман диллинчара а гIазот дира шайн бахамца а‚ шайн синошца а‚ уьш бу шайна диканаш деш берш‚ уьш бу шаьш баккхийбийр берш
9:88 -
أَعَدَّ اللَّهُ لَهُمْ جَنَّاتٍ تَجْرِي مِنْ تَحْتِهَا الْأَنْهَارُ خَالِدِينَ فِيهَا ۚ ذَٰلِكَ الْفَوْزُ الْعَظِيمُ
Царна Дала бошмаш кечйина‚ шайн бухахула хиш оьхуш‚ цу чохь уьш гуттар лаьттар бу. И бу-кх сийлахь-боккха толам
9:89 -
وَجَاءَ الْمُعَذِّرُونَ مِنَ الْأَعْرَابِ لِيُؤْذَنَ لَهُمْ وَقَعَدَ الَّذِينَ كَذَبُوا اللَّهَ وَرَسُولَهُ ۚ سَيُصِيبُ الَّذِينَ كَفَرُوا مِنْهُمْ عَذَابٌ أَلِيمٌ
Дсакхелхаш лелачу Iаьрбех бехказлонаш еш берш баьхкира шайна пурба далийтархьама. Бухабисира шаьш Делаца а‚ Цуьнан элчанца а харц хилларш‚ тIаьхьа кхочур ду царах керстаналла диначаьрга лазош долу Iазап
9:90 -
لَيْسَ عَلَى الضُّعَفَاءِ وَلَا عَلَى الْمَرْضَىٰ وَلَا عَلَى الَّذِينَ لَا يَجِدُونَ مَا يُنْفِقُونَ حَرَجٌ إِذَا نَصَحُوا لِلَّهِ وَرَسُولِهِ ۚ مَا عَلَى الْمُحْسِنِينَ مِنْ سَبِيلٍ ۚ وَاللَّهُ غَفُورٌ رَحِيمٌ
ЗаьIапхошна а‚ цомгуш болчарна а‚ ян харж ца карочарна а къа дац /гIазоте ца бахча а/, уьш Делаца а‚ Цуьнан элчанца а дог цIена хилча. Диканиг деш болчарна некъ бац /бехк билла/. Дела гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а ву
9:91 -
وَلَا عَلَى الَّذِينَ إِذَا مَا أَتَوْكَ لِتَحْمِلَهُمْ قُلْتَ لَا أَجِدُ مَا أَحْمِلُكُمْ عَلَيْهِ تَوَلَّوْا وَأَعْيُنُهُمْ تَفِيضُ مِنَ الدَّمْعِ حَزَنًا أَلَّا يَجِدُوا مَا يُنْفِقُونَ
Хьо волчу баьхкинчарна а дац /къа/ ахь шаьш кечдахьара, бохуш‚ ахь аьлча: 'Шу шеца кечдан хIума ца карадо суна'‚ дIабирзина болчу, шайн бIаьргаш хих а буьзна, вон хеташ шайна харжъян хIума ца карорна (шайна гIазоте баха таро ца хиларна/
9:92 -
إِنَّمَا السَّبِيلُ عَلَى الَّذِينَ يَسْتَأْذِنُونَكَ وَهُمْ أَغْنِيَاءُ ۚ رَضُوا بِأَنْ يَكُونُوا مَعَ الْخَوَالِفِ وَطَبَعَ اللَّهُ عَلَىٰ قُلُوبِهِمْ فَهُمْ لَا يَعْلَمُونَ
Некъ бу /бехк билла/ хьоьга пурба доьхучарна, шаьш хьалдолуш а болуш. Уьш реза хилла бухабисинчаьрца (зударшца, берашца, заьпхошца) хила‚ церан дегнех Дала мухIар тоьхна, – царна ца хаьа
9:93
Гочдар: Магомед Магомедов