Мусхаф., агӏо 204

  1. وَالَّذِينَ اتَّخَذُوا مَسْجِدًا ضِرَارًا وَكُفْرًا وَتَفْرِيقًا بَيْنَ الْمُؤْمِنِينَ وَإِرْصَادًا لِمَنْ حَارَبَ اللَّهَ وَرَسُولَهُ مِنْ قَبْلُ ۚ وَلَيَحْلِفُنَّ إِنْ أَرَدْنَا إِلَّا الْحُسْنَىٰ ۖ وَاللَّهُ يَشْهَدُ إِنَّهُمْ لَكَاذِبُونَ

    Цхьа /кхин/ берш бу шаьш зуламна а‚ керстаналлина а‚ муъмин нахана юккъехь барт эгIорна а‚ хьалха Делаца а‚ Цуьнан элчанца а тIом беш хиллачарна кечамна а маьждиг дина берш – баъанне а дуйнаш ца бууш йр бац уьш шайна диканиг бен лууш ма дацара хьуна‚ бохуш. Дала тешалла до: 'Баккъалла а, уьш бу харцлуьйш'‚ аьлла

    9:107
  2. لَا تَقُمْ فِيهِ أَبَدًا ۚ لَمَسْجِدٌ أُسِّسَ عَلَى التَّقْوَىٰ مِنْ أَوَّلِ يَوْمٍ أَحَقُّ أَنْ تَقُومَ فِيهِ ۚ فِيهِ رِجَالٌ يُحِبُّونَ أَنْ يَتَطَهَّرُوا ۚ وَاللَّهُ يُحِبُّ الْمُطَّهِّرِينَ

    Хьо ма хIотталахь цу /маьждига/ чохь /ламаз дан/ цкъа а. Дуьххьарлерчу дийнахь дуьйна /Делах/ кхерарна тIехь хIоттийна долу маьждиг мелхо а хьакъ ду хьо шена чохь (ламазна) хIотта – цу чохь бу шаьш цIанбала лууш болу божарий. Далла беза шаьш цIанлуш берш

    9:108
  3. أَفَمَنْ أَسَّسَ بُنْيَانَهُ عَلَىٰ تَقْوَىٰ مِنَ اللَّهِ وَرِضْوَانٍ خَيْرٌ أَمْ مَنْ أَسَّسَ بُنْيَانَهُ عَلَىٰ شَفَا جُرُفٍ هَارٍ فَانْهَارَ بِهِ فِي نَارِ جَهَنَّمَ ۗ وَاللَّهُ لَا يَهْدِي الْقَوْمَ الظَّالِمِينَ

    Шен гIирс Делера кхерарна а‚ резаллина а тIехь хIоттийнарг ву дика‚ я шен гIирс йоьхна‚ охьаоьгуш йолчу (бердан) йистехь хIоттийнарг ву‚ цо шеца жоьжахатин цIерга вожийна волу? Дала ца нисдо-кх зуламе долу къам

    9:109
  4. لَا يَزَالُ بُنْيَانُهُمُ الَّذِي بَنَوْا رِيبَةً فِي قُلُوبِهِمْ إِلَّا أَنْ تَقَطَّعَ قُلُوبُهُمْ ۗ وَاللَّهُ عَلِيمٌ حَكِيمٌ

    Ца буьсу церан гIирс‚ цара шаьш бина болу‚ церан дегнашкахь шеко хилла а бен‚ церан дегнаш лилхина кийсакаш хиллалц. Дела хууш верг а‚ хьукма /нийса/ деш верг а ву

    9:110
  5. إِنَّ اللَّهَ اشْتَرَىٰ مِنَ الْمُؤْمِنِينَ أَنْفُسَهُمْ وَأَمْوَالَهُمْ بِأَنَّ لَهُمُ الْجَنَّةَ ۚ يُقَاتِلُونَ فِي سَبِيلِ اللَّهِ فَيَقْتُلُونَ وَيُقْتَلُونَ ۖ وَعْدًا عَلَيْهِ حَقًّا فِي التَّوْرَاةِ وَالْإِنْجِيلِ وَالْقُرْآنِ ۚ وَمَنْ أَوْفَىٰ بِعَهْدِهِ مِنَ اللَّهِ ۚ فَاسْتَبْشِرُوا بِبَيْعِكُمُ الَّذِي بَايَعْتُمْ بِهِ ۚ وَذَٰلِكَ هُوَ الْفَوْزُ الْعَظِيمُ

    Баккъалла а, Дала эцна муъмин нахера церан синош а‚ церан бахам а царна ялсамани яларца. Уьш Делан новкъахь тIом беш бу‚ цара а бойу‚ уьш а бойу. И Цуьнан ваIда ю - Таврата чохь а‚ Инжила чохь а‚ Къуръан чохь а хьакъ-бакъ хилла йолу ваа. Мила ву шен ваIда Дала ечул а дика кхочушъеш верг? Шу даккхийде шайн йохка-эцарца‚ шаьш Цуьнца кхочушйина йолчу /ваIдица/. Иза – сийлахь-боккха толам бу-кх!

    9:111

Гочдар: Магомед Магомедов