Мусхаф., агӏо 205

  1. التَّائِبُونَ الْعَابِدُونَ الْحَامِدُونَ السَّائِحُونَ الرَّاكِعُونَ السَّاجِدُونَ الْآمِرُونَ بِالْمَعْرُوفِ وَالنَّاهُونَ عَنِ الْمُنْكَرِ وَالْحَافِظُونَ لِحُدُودِ اللَّهِ ۗ وَبَشِّرِ الْمُؤْمِنِينَ

    Тōба деш берш‚ Iибадат деш берш‚ /Далла/ хастам беш берш‚ /лаьттахула гзотана я лма лоьхуш/ дсалелаш берш‚ рукуIе-сужуде оьхуш берш‚ дикачуьнца омра деш‚ вочух /нах/ бухатухуш берш‚ Делан дозанаш Iалашдеш берш /уьш бакхийбер бу шайна ялсамани хиларца/, – кхаъ баккха муъмин нахана

    9:112
  2. مَا كَانَ لِلنَّبِيِّ وَالَّذِينَ آمَنُوا أَنْ يَسْتَغْفِرُوا لِلْمُشْرِكِينَ وَلَوْ كَانُوا أُولِي قُرْبَىٰ مِنْ بَعْدِ مَا تَبَيَّنَ لَهُمْ أَنَّهُمْ أَصْحَابُ الْجَحِيمِ

    Ца хилла /оьшуш/ пайхамарна а‚ ийман диллинчарна а мушрикашна гечдар дехар‚ уьш шайн гергара хиллехь а‚ шайна уьш жоьжахатин дай хилар билгалдаьллачул тIаьхьа

    9:113
  3. وَمَا كَانَ اسْتِغْفَارُ إِبْرَاهِيمَ لِأَبِيهِ إِلَّا عَنْ مَوْعِدَةٍ وَعَدَهَا إِيَّاهُ فَلَمَّا تَبَيَّنَ لَهُ أَنَّهُ عَدُوٌّ لِلَّهِ تَبَرَّأَ مِنْهُ ۚ إِنَّ إِبْرَاهِيمَ لَأَوَّاهٌ حَلِيمٌ

    ИбрахIиман шен дена гечдар дехар ца хилла еккъа цо цуьнца йина ваIдина дуьхьа а бен. Шена и Делан мостагI хилар билгалдаьлча, цIанвелира и цунах. Баккъалла а, ИбрахIим ма ву хьасталуш верг а‚ дуккха собаре верг а

    9:114
  4. وَمَا كَانَ اللَّهُ لِيُضِلَّ قَوْمًا بَعْدَ إِذْ هَدَاهُمْ حَتَّىٰ يُبَيِّنَ لَهُمْ مَا يَتَّقُونَ ۚ إِنَّ اللَّهَ بِكُلِّ شَيْءٍ عَلِيمٌ

    Ца хилла Дела къам тилош, Цо Ша нисдинчул тIаьхьа уьш Шех ларбала дезарг царна билгалдаккхалц. Баккъалла а, Дела массо а хIума хууш верг ву

    9:115
  5. إِنَّ اللَّهَ لَهُ مُلْكُ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ ۖ يُحْيِي وَيُمِيتُ ۚ وَمَا لَكُمْ مِنْ دُونِ اللَّهِ مِنْ وَلِيٍّ وَلَا نَصِيرٍ

    Баккъалла а, Дела стигланийн а‚ лаьттан а паччахьалла Шегахь долуш ву‚ дендолуьйтуш а ву И‚ долуьйтуш а ву – И воцург верас а вац шуна‚ гIоьнча а вац

    9:116
  6. لَقَدْ تَابَ اللَّهُ عَلَى النَّبِيِّ وَالْمُهَاجِرِينَ وَالْأَنْصَارِ الَّذِينَ اتَّبَعُوهُ فِي سَاعَةِ الْعُسْرَةِ مِنْ بَعْدِ مَا كَادَ يَزِيغُ قُلُوبُ فَرِيقٍ مِنْهُمْ ثُمَّ تَابَ عَلَيْهِمْ ۚ إِنَّهُ بِهِمْ رَءُوفٌ رَحِيمٌ

    Дала тōба къобалдира пайхамаран а‚ дIакхелхинчеран а‚ ансарийн а‚ халачу сохьтехь цунна тIаьхьахIиттина хилла болчу‚ царах цхьана тобанан дегнаш дIатиладеллачул тIаьхьа‚ тIаккха Цо тōба къобалдира церан. Баккъалла а, И царах дог лозуш а‚ къинхетам болуш а ву

    9:117

Гочдар: Магомед Магомедов