Мусхаф., агӏо 206

  1. وَعَلَى الثَّلَاثَةِ الَّذِينَ خُلِّفُوا حَتَّىٰ إِذَا ضَاقَتْ عَلَيْهِمُ الْأَرْضُ بِمَا رَحُبَتْ وَضَاقَتْ عَلَيْهِمْ أَنْفُسُهُمْ وَظَنُّوا أَنْ لَا مَلْجَأَ مِنَ اللَّهِ إِلَّا إِلَيْهِ ثُمَّ تَابَ عَلَيْهِمْ لِيَتُوبُوا ۚ إِنَّ اللَّهَ هُوَ التَّوَّابُ الرَّحِيمُ

    Кхааннан а /тоба къобалдира Дала/‚ шаьш бухабисийтина хилла болчу‚ (уьш дукха пошме хилира) шайна латта гаттадаллалц‚ ша шортта хилла долу‚ шайн синош а царна гаттаделира‚ царна хиира Делах довдийла доцийла, Цунна Шена тIе а бен. ТIаккха царна тIевирзира Иза (церан тōба къобалдеш), цаьрга (нахе) тōба дайтархьама. Баккъалла а, Дела тōба къобалдийриг а‚ къинхетаме верг а ву

    9:118
  2. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا اتَّقُوا اللَّهَ وَكُونُوا مَعَ الصَّادِقِينَ

    ХIай ийман диллинарш! Делах кхералаш‚ бакълуьйчаьрца хилалаш

    9:119
  3. مَا كَانَ لِأَهْلِ الْمَدِينَةِ وَمَنْ حَوْلَهُمْ مِنَ الْأَعْرَابِ أَنْ يَتَخَلَّفُوا عَنْ رَسُولِ اللَّهِ وَلَا يَرْغَبُوا بِأَنْفُسِهِمْ عَنْ نَفْسِهِ ۚ ذَٰلِكَ بِأَنَّهُمْ لَا يُصِيبُهُمْ ظَمَأٌ وَلَا نَصَبٌ وَلَا مَخْمَصَةٌ فِي سَبِيلِ اللَّهِ وَلَا يَطَئُونَ مَوْطِئًا يَغِيظُ الْكُفَّارَ وَلَا يَنَالُونَ مِنْ عَدُوٍّ نَيْلًا إِلَّا كُتِبَ لَهُمْ بِهِ عَمَلٌ صَالِحٌ ۚ إِنَّ اللَّهَ لَا يُضِيعُ أَجْرَ الْمُحْسِنِينَ

    Ца дезара Мадинатан бахархошна а‚ цунна гонахьара дсакхелхаш лелачу ьрбашна а Делан элчанах бухабиса а‚ и (пайхамар) витина шайн синош деза а. Иза ду – царах ца хьакхаялийта Делан новкъахь хьогалла а‚ хало а‚ мацалла а‚ уьш ца биссийта керстанашна кхерам тосучу меттиге‚ уьш ца кхиийта мостагIчуьнгара цхьанна а кхиаме, цуьнца шайна дика Iамал язъеш бен. Баккъалла а, Дала ца эшайо дикачеран ял

    9:120
  4. وَلَا يُنْفِقُونَ نَفَقَةً صَغِيرَةً وَلَا كَبِيرَةً وَلَا يَقْطَعُونَ وَادِيًا إِلَّا كُتِبَ لَهُمْ لِيَجْزِيَهُمُ اللَّهُ أَحْسَنَ مَا كَانُوا يَعْمَلُونَ

    Жима а‚ йокха а харж йийр ма яц цара‚ цхьа а тогIе хадор ма яц цара (некъ беш)‚ и шайна яздина долуш бен‚ Дала царна бекхам балархьама цара деш хиллачух хазачуьнца

    9:121
  5. وَمَا كَانَ الْمُؤْمِنُونَ لِيَنْفِرُوا كَافَّةً ۚ فَلَوْلَا نَفَرَ مِنْ كُلِّ فِرْقَةٍ مِنْهُمْ طَائِفَةٌ لِيَتَفَقَّهُوا فِي الدِّينِ وَلِيُنْذِرُوا قَوْمَهُمْ إِذَا رَجَعُوا إِلَيْهِمْ لَعَلَّهُمْ يَحْذَرُونَ

    Ца хилла /оьшуш/ муъмин нахана массо а /гIазотана/ гIатта. Царах хIора тайпанах цхьа тоба гIаьттича /тоьар ду/‚ /бисинчара/ динехь гIуллакхаш къастор ду‚ нахана, уьш шайна тIе бухабирзича, хьехам а бийр бу, – уьш /вочух/ ларбала /Iама/ мегара

    9:122

Гочдар: Магомед Магомедов