Мусхаф., агӏо 207

  1. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا قَاتِلُوا الَّذِينَ يَلُونَكُمْ مِنَ الْكُفَّارِ وَلْيَجِدُوا فِيكُمْ غِلْظَةً ۚ وَاعْلَمُوا أَنَّ اللَّهَ مَعَ الْمُتَّقِينَ

    ХIай ийман диллинарш! ТIом бе керстанех шайна гергахь болчаьрца‚ шуьгахь луьралла карайойла царна‚ шуна хаалаш‚ Дела /Шех/ кхоьруш болчаьрца вуйла

    9:123
  2. وَإِذَا مَا أُنْزِلَتْ سُورَةٌ فَمِنْهُمْ مَنْ يَقُولُ أَيُّكُمْ زَادَتْهُ هَٰذِهِ إِيمَانًا ۚ فَأَمَّا الَّذِينَ آمَنُوا فَزَادَتْهُمْ إِيمَانًا وَهُمْ يَسْتَبْشِرُونَ

    Царах бу сурат доьссича, олурш: 'Шух мила соввоккху хIокхо ийманца?' Ийман диллинарш – уьш совбоху цо ийманца‚ уьш баккхийбоь

    9:124
  3. وَأَمَّا الَّذِينَ فِي قُلُوبِهِمْ مَرَضٌ فَزَادَتْهُمْ رِجْسًا إِلَىٰ رِجْسِهِمْ وَمَاتُوا وَهُمْ كَافِرُونَ

    Шайн дегнашкахь цамгар ерш – уьш совбоху боьха леларна тIе а боьха леларца‚ уьш белла шаьш керстанаш болуш

    9:125
  4. أَوَلَا يَرَوْنَ أَنَّهُمْ يُفْتَنُونَ فِي كُلِّ عَامٍ مَرَّةً أَوْ مَرَّتَيْنِ ثُمَّ لَا يَتُوبُونَ وَلَا هُمْ يَذَّكَّرُونَ

    Царна ца го-техьа шаьш хIор шарахь цкъа я шозза питане лоцуш хилар? ТIаккха а тōба ца до цара‚ ойла а ца йо цара

    9:126
  5. وَإِذَا مَا أُنْزِلَتْ سُورَةٌ نَظَرَ بَعْضُهُمْ إِلَىٰ بَعْضٍ هَلْ يَرَاكُمْ مِنْ أَحَدٍ ثُمَّ انْصَرَفُوا ۚ صَرَفَ اللَّهُ قُلُوبَهُمْ بِأَنَّهُمْ قَوْمٌ لَا يَفْقَهُونَ

    Суратах хIума доьссича, цхьаберш вовшашка хьовсу‚ цхьанна а шу гуш дуй-те бохуш‚ тIаккха дIабоьлху /и цахазархьама/. Дала церан дегнаш дIадерзийна /серлонах/, уьш ца кхеташ къам долу дела

    9:127
  6. لَقَدْ جَاءَكُمْ رَسُولٌ مِنْ أَنْفُسِكُمْ عَزِيزٌ عَلَيْهِ مَا عَنِتُّمْ حَرِيصٌ عَلَيْكُمْ بِالْمُؤْمِنِينَ رَءُوفٌ رَحِيمٌ

    Шуьга веана элча‚ шух шайх а волу‚ шуна хала хилларг шена дазлуш а волу‚ шу /иймане дар, шу дуьненахь а, эхартахь а декъалхилар/ ша чг лууш а волу‚ муъмин нахах дог лозуш а‚ къинхетаме а волу

    9:128
  7. فَإِنْ تَوَلَّوْا فَقُلْ حَسْبِيَ اللَّهُ لَا إِلَٰهَ إِلَّا هُوَ ۖ عَلَيْهِ تَوَكَّلْتُ ۖ وَهُوَ رَبُّ الْعَرْشِ الْعَظِيمِ

    Уьш дIаберзахь‚ ахь āла: 'Кхачо ю сан Аллах цхьа Дела‚ кхин дела вац И бен‚ Цунна тIетевжина со. И ву сийлахь-йоккхачу Iаршан Да'

    9:129

Гочдар: Магомед Магомедов