Мусхаф., агӏо 208
-
الر ۚ تِلْكَ آيَاتُ الْكِتَابِ الْحَكِيمِ
Алиф-ла-м-ра. Хьикмате долчу жайнан аяташ ду хIорш
10:1 -
أَكَانَ لِلنَّاسِ عَجَبًا أَنْ أَوْحَيْنَا إِلَىٰ رَجُلٍ مِنْهُمْ أَنْ أَنْذِرِ النَّاسَ وَبَشِّرِ الَّذِينَ آمَنُوا أَنَّ لَهُمْ قَدَمَ صِدْقٍ عِنْدَ رَبِّهِمْ ۗ قَالَ الْكَافِرُونَ إِنَّ هَٰذَا لَسَاحِرٌ مُبِينٌ
Тамаше хилла-те нахана, Оха царах цхьана стаге Тхешан ваьхьа доссор нахана кхерам таса а‚ ийман диллиначарна кхаъ баккха а, царна шайн Кхиош-кхобучунна гергахь шаьш хьалха йина хиллачу дика Iамалийн дуьхьа доккха диканиг ду‚ алий? Керстанаша ма элира: 'Баккъалла а, хIара билггала бозбуунча ма ву'
10:2 -
إِنَّ رَبَّكُمُ اللَّهُ الَّذِي خَلَقَ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضَ فِي سِتَّةِ أَيَّامٍ ثُمَّ اسْتَوَىٰ عَلَى الْعَرْشِ ۖ يُدَبِّرُ الْأَمْرَ ۖ مَا مِنْ شَفِيعٍ إِلَّا مِنْ بَعْدِ إِذْنِهِ ۚ ذَٰلِكُمُ اللَّهُ رَبُّكُمْ فَاعْبُدُوهُ ۚ أَفَلَا تَذَكَّرُونَ
Баккъалла а, шу Кхиош-Кхобург Дела ву‚ Ша стигланаш а‚ латта а кхоьллина волу ялх дийнахь‚ тIаккха дIанисвелира И Iарша тIехь. Урхалла до Цо (гIуллакхашна тхь). Цо пурба деллачул тIаьхьа а бен цхьа а гIодаккхархо ма вац. И ву шун Дела‚ шун Кхиош-Кхобург‚ Цунна Iибадат де. Аш ойла ца йо?
10:3 -
إِلَيْهِ مَرْجِعُكُمْ جَمِيعًا ۖ وَعْدَ اللَّهِ حَقًّا ۚ إِنَّهُ يَبْدَأُ الْخَلْقَ ثُمَّ يُعِيدُهُ لِيَجْزِيَ الَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ بِالْقِسْطِ ۚ وَالَّذِينَ كَفَرُوا لَهُمْ شَرَابٌ مِنْ حَمِيمٍ وَعَذَابٌ أَلِيمٌ بِمَا كَانُوا يَكْفُرُونَ
Цуьнга ду шун массеран дIадерзар Делан бакъ йолчу ваIдаца. Баккъалла а, Цо кхоллар доладо‚ тIаккха и карладоккху ийман диллинчарна а‚ дика Iамалш йиначарна а нийсонца бекхам бархьама. Керстанаш-м – царна кхехкаш долу хих малар а ду‚ лазош долу Iазап а ду шаьш /дин/ керстадеш хиларна
10:4 -
هُوَ الَّذِي جَعَلَ الشَّمْسَ ضِيَاءً وَالْقَمَرَ نُورًا وَقَدَّرَهُ مَنَازِلَ لِتَعْلَمُوا عَدَدَ السِّنِينَ وَالْحِسَابَ ۚ مَا خَلَقَ اللَّهُ ذَٰلِكَ إِلَّا بِالْحَقِّ ۚ يُفَصِّلُ الْآيَاتِ لِقَوْمٍ يَعْلَمُونَ
И ву Ша малх бина серло хилла‚ бутт а бина нур хилла‚ цуьнан (беттан) барам а хIоттийна – манзалаш‚ шуна шерийн терахь а‚ хьесап а хаийтархьама. Бакъонца а бен ца кхоьллина Дала и. Къастадо Цо аяташ /ойла ян/ хуучу къомана
10:5 -
إِنَّ فِي اخْتِلَافِ اللَّيْلِ وَالنَّهَارِ وَمَا خَلَقَ اللَّهُ فِي السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ لَآيَاتٍ لِقَوْمٍ يَتَّقُونَ
Баккъалла а, буьйса а‚ де а хийцадаларехь‚ Дала стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел кхоьллинчохь /и Дела цхьаъ хилар, И нуьцкъалла хилар гойтуш долу/ делилаш ма ду /Делах/ кхоьручу къомана
10:6
Гочдар: Магомед Магомедов