Мусхаф., агӏо 209

  1. إِنَّ الَّذِينَ لَا يَرْجُونَ لِقَاءَنَا وَرَضُوا بِالْحَيَاةِ الدُّنْيَا وَاطْمَأَنُّوا بِهَا وَالَّذِينَ هُمْ عَنْ آيَاتِنَا غَافِلُونَ

    Баккъалла а, Тхуна дуьхьалкхетаре дог ца дохуш берш а‚ шаьш гергарчу дахарна (дуьненна) реза хилла берш а‚ цуьнца са-паргIат бевлла берш а‚ Тхан аяташна гIопал хилларш а‚–

    10:7
  2. أُولَٰئِكَ مَأْوَاهُمُ النَّارُ بِمَا كَانُوا يَكْسِبُونَ

    Уьш бу шайн чугIойла /жоьжахатин/ цIе ерш шаьш карадеш хиллачуьнца

    10:8
  3. إِنَّ الَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ يَهْدِيهِمْ رَبُّهُمْ بِإِيمَانِهِمْ ۖ تَجْرِي مِنْ تَحْتِهِمُ الْأَنْهَارُ فِي جَنَّاتِ النَّعِيمِ

    Баккъалла а, ийман диллинарш а‚ дика Iамалш йинарш а – шайн Кхиош- Кхобучо (Дала) нисбийр бу уьш шайн /цна/ ийман хилар бахьанехь /ялсаманин новкъа/ - церан бухахула хиш оьхуш, шаьш Нам олучу ялсаманин бошмашкахь болуш

    10:9
  4. دَعْوَاهُمْ فِيهَا سُبْحَانَكَ اللَّهُمَّ وَتَحِيَّتُهُمْ فِيهَا سَلَامٌ ۚ وَآخِرُ دَعْوَاهُمْ أَنِ الْحَمْدُ لِلَّهِ رَبِّ الْعَالَمِينَ

    Церан доIа цу чохь (ялсаманехь): 'Везан Дела‚ вонах цIена ву Хьо' хир ду‚ церан маршалла цигахь 'Салам' хир ду. Церан тIаьхьара доIа хир ду: 'Хастам бу Далла – Iаламийн Дена'

    10:10
  5. وَلَوْ يُعَجِّلُ اللَّهُ لِلنَّاسِ الشَّرَّ اسْتِعْجَالَهُمْ بِالْخَيْرِ لَقُضِيَ إِلَيْهِمْ أَجَلُهُمْ ۖ فَنَذَرُ الَّذِينَ لَا يَرْجُونَ لِقَاءَنَا فِي طُغْيَانِهِمْ يَعْمَهُونَ

    Дала нахана вониг сихдинехьара дикане церан сихбаларца – шайн Iожалла царна тIекхаьчна хир яра. Оха буьту Тхуна дуьхьалкхетаре дог ца дохуш берш, шайн тиллар чохь бьрзе дIай-схьай уьдуш

    10:11
  6. وَإِذَا مَسَّ الْإِنْسَانَ الضُّرُّ دَعَانَا لِجَنْبِهِ أَوْ قَاعِدًا أَوْ قَائِمًا فَلَمَّا كَشَفْنَا عَنْهُ ضُرَّهُ مَرَّ كَأَنْ لَمْ يَدْعُنَا إِلَىٰ ضُرٍّ مَسَّهُ ۚ كَذَٰلِكَ زُيِّنَ لِلْمُسْرِفِينَ مَا كَانُوا يَعْمَلُونَ

    Адамо, шех цхьа бāла хьакхабелча, Тхоьга кхойкху шен агIонна тIехь ьллуш‚ я охьахиъна, я хьалагIаьттина. Оха ша оцу бāлех хьалхадаьккхича – дIадолало /шен хьалахалерачу новкъа –Далла салла ян/, шех хьакхабеллачу бāлане Тхоьга ца кхайкхича санна. Иштта хаздина /Делан/ дозанех бовлучарна шаьш деш хилларг

    10:12
  7. وَلَقَدْ أَهْلَكْنَا الْقُرُونَ مِنْ قَبْلِكُمْ لَمَّا ظَلَمُوا ۙ وَجَاءَتْهُمْ رُسُلُهُمْ بِالْبَيِّنَاتِ وَمَا كَانُوا لِيُؤْمِنُوا ۚ كَذَٰلِكَ نَجْزِي الْقَوْمَ الْمُجْرِمِينَ

    / Мел дукха/тIаьхьенаш хIаллакйина Оха шул хьалха цара зуламаш дича‚ шайн элчанаш баьхкира царна тIе билгалонашца‚ – уьш ца хилира ийман дуьллуш. Иштта бекхам бо Оха къинош дечу къомана

    10:13
  8. ثُمَّ جَعَلْنَاكُمْ خَلَائِفَ فِي الْأَرْضِ مِنْ بَعْدِهِمْ لِنَنْظُرَ كَيْفَ تَعْمَلُونَ

    ТIаккха шу хилийтира Оха царал тIаьхьа лаьттахь тIаьхье, Тхо хьажархьама, аш муха мал йо

    10:14

Гочдар: Магомед Магомедов