Мусхаф., агӏо 210

  1. وَإِذَا تُتْلَىٰ عَلَيْهِمْ آيَاتُنَا بَيِّنَاتٍ ۙ قَالَ الَّذِينَ لَا يَرْجُونَ لِقَاءَنَا ائْتِ بِقُرْآنٍ غَيْرِ هَٰذَا أَوْ بَدِّلْهُ ۚ قُلْ مَا يَكُونُ لِي أَنْ أُبَدِّلَهُ مِنْ تِلْقَاءِ نَفْسِي ۖ إِنْ أَتَّبِعُ إِلَّا مَا يُوحَىٰ إِلَيَّ ۖ إِنِّي أَخَافُ إِنْ عَصَيْتُ رَبِّي عَذَابَ يَوْمٍ عَظِيمٍ

    Тхан билгала аяташ шайна тIехь дешча‚ Тхуна дуьхьалкхетаре дог ца дохучара элира: 'ХIара доцург кхин дешар ло‚ я и хийца'. Ахь āла: 'Сан и хуьйцийла дац сайггара‚ со деккъа сайга дуссуш долчу ваьхьина тIаьхьавозуш ву. Со кхоьру сан Кхиош-Кхобучунна Iеса хила сийлахь-доккхачу /къемат/дийнан Iазапах'

    10:15
  2. قُلْ لَوْ شَاءَ اللَّهُ مَا تَلَوْتُهُ عَلَيْكُمْ وَلَا أَدْرَاكُمْ بِهِ ۖ فَقَدْ لَبِثْتُ فِيكُمْ عُمُرًا مِنْ قَبْلِهِ ۚ أَفَلَا تَعْقِلُونَ

    Āла: 'Далла лиънехьара‚ ас шуна доьшур ма дацара и‚ Цо (Дала) шуна Iамор а ма дацара и‚ ас шуна юккъехь цул хьалха а цхьа оьмар ма ехьна. Аш ойла ца йо?”

    10:16
  3. فَمَنْ أَظْلَمُ مِمَّنِ افْتَرَىٰ عَلَى اللَّهِ كَذِبًا أَوْ كَذَّبَ بِآيَاتِهِ ۚ إِنَّهُ لَا يُفْلِحُ الْمُجْرِمُونَ

    Мила ву-те зуламе ша Далла тIе харцдерг кхуллучул‚ я Цуьнан аяташ харцдечул? Баккъалла а, къинош деш берш баккхийбийр ма бац

    10:17
  4. وَيَعْبُدُونَ مِنْ دُونِ اللَّهِ مَا لَا يَضُرُّهُمْ وَلَا يَنْفَعُهُمْ وَيَقُولُونَ هَٰؤُلَاءِ شُفَعَاؤُنَا عِنْدَ اللَّهِ ۚ قُلْ أَتُنَبِّئُونَ اللَّهَ بِمَا لَا يَعْلَمُ فِي السَّمَاوَاتِ وَلَا فِي الْأَرْضِ ۚ سُبْحَانَهُ وَتَعَالَىٰ عَمَّا يُشْرِكُونَ

    Цара Iибадат до, Дела а вуьтий, шайна зен а‚ шайна пайда а цабечунна. Цара олу: 'ХIорш бу тхан гIодаккхархой Далла гергахь'. Ахь āла: 'Аш дуьйцу Деле Цунна Шена стигланашкахь а‚ лаьттахь а цахуург?' Вонах цIена ву Иза‚ лакхавели И цара Шеца накъост лацарх

    10:18
  5. وَمَا كَانَ النَّاسُ إِلَّا أُمَّةً وَاحِدَةً فَاخْتَلَفُوا ۚ وَلَوْلَا كَلِمَةٌ سَبَقَتْ مِنْ رَبِّكَ لَقُضِيَ بَيْنَهُمْ فِيمَا فِيهِ يَخْتَلِفُونَ

    Ма ца хилла нах цхьа уммат бен, – тIаьхьа бекъабелира уьш. Хьан Кхиош-Кхобучуьнгара дош хьалха ца даьллехьара, царна юкъахь кхиэл йина хир яра Цо, цара шеца хилпало ечохь

    10:19
  6. وَيَقُولُونَ لَوْلَا أُنْزِلَ عَلَيْهِ آيَةٌ مِنْ رَبِّهِ ۖ فَقُلْ إِنَّمَا الْغَيْبُ لِلَّهِ فَانْتَظِرُوا إِنِّي مَعَكُمْ مِنَ الْمُنْتَظِرِينَ

    Цара олу: 'Шен Кхиош-Кхобучуьнгара делил доьссинехьра цуьнга'. Ахь āла: 'Хьуламехь дерг Делан ду‚ шу хьовсуш Iе‚ баккъалла а, со а шуьца цхьаьна хьовсучарах ву'

    10:20

Гочдар: Магомед Магомедов