Мусхаф., агӏо 211

  1. وَإِذَا أَذَقْنَا النَّاسَ رَحْمَةً مِنْ بَعْدِ ضَرَّاءَ مَسَّتْهُمْ إِذَا لَهُمْ مَكْرٌ فِي آيَاتِنَا ۚ قُلِ اللَّهُ أَسْرَعُ مَكْرًا ۚ إِنَّ رُسُلَنَا يَكْتُبُونَ مَا تَمْكُرُونَ

    Оха нахе къинхетамах чам баккхийтича, уьш зено схьалаьцначул тIаьхьа, церан мекарло хуьлу Тхан аяташкахь. Ахь āла: 'Дела мелхо а сиха ву /мекарлона дуьхьал/ мекарло ярца'. Баккъалла а, Тхан элчанаша дIаязъеш ю аш еш йолу мекарло

    10:21
  2. هُوَ الَّذِي يُسَيِّرُكُمْ فِي الْبَرِّ وَالْبَحْرِ ۖ حَتَّىٰ إِذَا كُنْتُمْ فِي الْفُلْكِ وَجَرَيْنَ بِهِمْ بِرِيحٍ طَيِّبَةٍ وَفَرِحُوا بِهَا جَاءَتْهَا رِيحٌ عَاصِفٌ وَجَاءَهُمُ الْمَوْجُ مِنْ كُلِّ مَكَانٍ وَظَنُّوا أَنَّهُمْ أُحِيطَ بِهِمْ ۙ دَعَوُا اللَّهَ مُخْلِصِينَ لَهُ الدِّينَ لَئِنْ أَنْجَيْتَنَا مِنْ هَٰذِهِ لَنَكُونَنَّ مِنَ الشَّاكِرِينَ

    И ву шу дIасалелош аренгахь а‚ хIорда тIехь а. Шу кемана тхь долуш, И дIадоьду цаьрца хазчу махца‚ уьш баккхийбина цунах. ЧIогIа мох богIу цунна тIе‚ царна йогIу массо а меттигера тулгIе‚ царна моттало цо шаьш юкъахьарчадо. Деле кхойкху цара, Цуьнан дин цIандеш берш а хуьлий: 'Ахь тхо хIокхунах клхьардахахь‚ тхо баркалла олучарах хир ма ду'‚ бохуш

    10:22
  3. فَلَمَّا أَنْجَاهُمْ إِذَا هُمْ يَبْغُونَ فِي الْأَرْضِ بِغَيْرِ الْحَقِّ ۗ يَا أَيُّهَا النَّاسُ إِنَّمَا بَغْيُكُمْ عَلَىٰ أَنْفُسِكُمْ ۖ مَتَاعَ الْحَيَاةِ الدُّنْيَا ۖ ثُمَّ إِلَيْنَا مَرْجِعُكُمْ فَنُنَبِّئُكُمْ بِمَا كُنْتُمْ تَعْمَلُونَ

    Цо уьш клхьарбаьхначул тIаьхьа цара лаьттахь боьханиг леладо цхьа а бакъо йоцуш. ХIай нах! Шун боьханиг шуна шайна ду шуна. Дуьненан дахаран /кIеззиг/ хIума ду иза. ТIаккха шун дIадерзар Тхоьга ду – Оха дуьйцур ду шуьга аш деш хилларг

    10:23
  4. إِنَّمَا مَثَلُ الْحَيَاةِ الدُّنْيَا كَمَاءٍ أَنْزَلْنَاهُ مِنَ السَّمَاءِ فَاخْتَلَطَ بِهِ نَبَاتُ الْأَرْضِ مِمَّا يَأْكُلُ النَّاسُ وَالْأَنْعَامُ حَتَّىٰ إِذَا أَخَذَتِ الْأَرْضُ زُخْرُفَهَا وَازَّيَّنَتْ وَظَنَّ أَهْلُهَا أَنَّهُمْ قَادِرُونَ عَلَيْهَا أَتَاهَا أَمْرُنَا لَيْلًا أَوْ نَهَارًا فَجَعَلْنَاهَا حَصِيدًا كَأَنْ لَمْ تَغْنَ بِالْأَمْسِ ۚ كَذَٰلِكَ نُفَصِّلُ الْآيَاتِ لِقَوْمٍ يَتَفَكَّرُونَ

    Дуьненан дахаран масал Оха стиглара даийтинчу хих тера ду: цунах ийра наха а‚ бежанаша а юучех лаьттан орамат. Лаьтто цуьнан заза эцча (и орамат хаза кхиъча)‚ хаздича‚ цуьнан дайшна шаьш цунна тIехь ницкъ кхочуш ду (пайда эца)‚ аьлла хааделча, буса я дийнахь Тхан болх кхочу цунна тIе – Оха хилийти цунах /хьаькхна охьадиллина/ ялта – селхана цахилларг санна – иштта къастадо Оха аяташ ойла еш долчу къомана

    10:24
  5. وَاللَّهُ يَدْعُو إِلَىٰ دَارِ السَّلَامِ وَيَهْدِي مَنْ يَشَاءُ إِلَىٰ صِرَاطٍ مُسْتَقِيمٍ

    Дала кхойкху машаран цIа чу‚ нисво Шена луург нийсачу новкъа

    10:25

Гочдар: Магомед Магомедов