Мусхаф., агӏо 212
-
لِلَّذِينَ أَحْسَنُوا الْحُسْنَىٰ وَزِيَادَةٌ ۖ وَلَا يَرْهَقُ وُجُوهَهُمْ قَتَرٌ وَلَا ذِلَّةٌ ۚ أُولَٰئِكَ أَصْحَابُ الْجَنَّةِ ۖ هُمْ فِيهَا خَالِدُونَ
Дика хиллачарна дика ду – /ялсамани/‚ кхин совдерг хир ду /къематдийнахь–Делан юьхь гар/‚ церан яххьех чан летар яц‚ сийсазалла а /летар яц/. Уьш – ялсаманин дай бу‚ цу чохь шаьш гуттар а хир болуш
10:26 -
وَالَّذِينَ كَسَبُوا السَّيِّئَاتِ جَزَاءُ سَيِّئَةٍ بِمِثْلِهَا وَتَرْهَقُهُمْ ذِلَّةٌ ۖ مَا لَهُمْ مِنَ اللَّهِ مِنْ عَاصِمٍ ۖ كَأَنَّمَا أُغْشِيَتْ وُجُوهُهُمْ قِطَعًا مِنَ اللَّيْلِ مُظْلِمًا ۚ أُولَٰئِكَ أَصْحَابُ النَّارِ ۖ هُمْ فِيهَا خَالِدُونَ
Вониг диначарна бекхам и санна вониг ду‚ сийсазалла летар ю царах. Ма вац царна Делера и духатухур верг. Шайн яххьаш буьйсанан бодане кийсигашца хьулйиначарах тера бу уьш. Уьш цIеран дай бу‚ цу чохь гуттар а хир болуш
10:27 -
وَيَوْمَ نَحْشُرُهُمْ جَمِيعًا ثُمَّ نَقُولُ لِلَّذِينَ أَشْرَكُوا مَكَانَكُمْ أَنْتُمْ وَشُرَكَاؤُكُمْ ۚ فَزَيَّلْنَا بَيْنَهُمْ ۖ وَقَالَ شُرَكَاؤُهُمْ مَا كُنْتُمْ إِيَّانَا تَعْبُدُونَ
Оцу /къемат/дийнахь Оха уьш берриге а гулбийр бу‚ /Делаца/ накъост лаьцна хиллачаьрга эр ду: 'ДIалаца шайн меттиг аша а‚ шун накъосташа а'. Церан юкъаметтиг хадийра Оха. Церан накъосташа элира: 'Шу ца хилла тхуна Iибадат деш‚
10:28 -
فَكَفَىٰ بِاللَّهِ شَهِيدًا بَيْنَنَا وَبَيْنَكُمْ إِنْ كُنَّا عَنْ عِبَادَتِكُمْ لَغَافِلِينَ
Дала кхачойира теш хилла тхуна а‚ шуна а юккъехь: баккъалла а, тхо хилла аш тхуна Iибадат дарх гIопал'
10:29 -
هُنَالِكَ تَبْلُو كُلُّ نَفْسٍ مَا أَسْلَفَتْ ۚ وَرُدُّوا إِلَى اللَّهِ مَوْلَاهُمُ الْحَقِّ ۖ وَضَلَّ عَنْهُمْ مَا كَانُوا يَفْتَرُونَ
Цигахь бāла кхечира массо а синан ша хьалха динчуьнца. Уьш дIаберзийра Деле‚ шайн хьакъ-бакъ верас хилла волчу‚ царах дIатилира цара /харц/ кхуллуш хилларг
10:30 -
قُلْ مَنْ يَرْزُقُكُمْ مِنَ السَّمَاءِ وَالْأَرْضِ أَمَّنْ يَمْلِكُ السَّمْعَ وَالْأَبْصَارَ وَمَنْ يُخْرِجُ الْحَيَّ مِنَ الْمَيِّتِ وَيُخْرِجُ الْمَيِّتَ مِنَ الْحَيِّ وَمَنْ يُدَبِّرُ الْأَمْرَ ۚ فَسَيَقُولُونَ اللَّهُ ۚ فَقُلْ أَفَلَا تَتَّقُونَ
Ахь āлал: 'Мила ву шуна рицкъ луш верг стиглара а‚ лаьттара а? Я мила ву дōладеш лерсих (хазарх) а‚ бIаьрсих а‚ мила ву дийна верг веллачух схьавоккхуш‚ велларг дийначух схьавоккхуш‚ мила ву дIахьош гIуллакхаш?' Цара эр ду хьуна: 'Дела ву-кх'. ТIаккха ахь āла: 'Шу ца кхоьру /Цунах/?'
10:31 -
فَذَٰلِكُمُ اللَّهُ رَبُّكُمُ الْحَقُّ ۖ فَمَاذَا بَعْدَ الْحَقِّ إِلَّا الضَّلَالُ ۖ فَأَنَّىٰ تُصْرَفُونَ
И ву Дела – шун хьакъ-бакъ волу Эла. ХIун ду ткъа бакъдолчул тIаьхьа тилар бен? ТIаккха а ма дIадерзош ду шу!
10:32 -
كَذَٰلِكَ حَقَّتْ كَلِمَتُ رَبِّكَ عَلَى الَّذِينَ فَسَقُوا أَنَّهُمْ لَا يُؤْمِنُونَ
Иштта бакъхилира хьан Кхиош-Кхобучун дош фасикъ нахана тIехь, уьш тешар болуш бац аьлла долу
10:33
Гочдар: Магомед Магомедов