Мусхаф., агӏо 213

  1. قُلْ هَلْ مِنْ شُرَكَائِكُمْ مَنْ يَبْدَأُ الْخَلْقَ ثُمَّ يُعِيدُهُ ۚ قُلِ اللَّهُ يَبْدَأُ الْخَلْقَ ثُمَّ يُعِيدُهُ ۖ فَأَنَّىٰ تُؤْفَكُونَ

    Ахь āла: 'Шун накъостех вуй ша кхоллар юьхьанца ддолош верг‚ тIаккха и карладоккхуш верг?' Āла: 'Дала ддоладо кхоллар‚ тIаккха и карладоккху. Ма талхош ду-кх шу (бакъдолчух)!'

    10:34
  2. قُلْ هَلْ مِنْ شُرَكَائِكُمْ مَنْ يَهْدِي إِلَى الْحَقِّ ۚ قُلِ اللَّهُ يَهْدِي لِلْحَقِّ ۗ أَفَمَنْ يَهْدِي إِلَى الْحَقِّ أَحَقُّ أَنْ يُتَّبَعَ أَمَّنْ لَا يَهِدِّي إِلَّا أَنْ يُهْدَىٰ ۖ فَمَا لَكُمْ كَيْفَ تَحْكُمُونَ

    Āлал: 'Шун накъостех вуй ша бакъдолчунна тIе нисбеш верг?' Āла: 'Дала нисбо бакъдолчунна тIе'. Ткъа ша бакъдолчунна тIе /нах/ нисбеш верг хьакъ вац шена тIаьхьахIотта‚ я ша нис ца беш верг ву, ша /цхьаммо/ нисвахь бен? Ткъа шуна хIун хилла? Аш муха хьукма до?!

    10:35
  3. وَمَا يَتَّبِعُ أَكْثَرُهُمْ إِلَّا ظَنًّا ۚ إِنَّ الظَّنَّ لَا يُغْنِي مِنَ الْحَقِّ شَيْئًا ۚ إِنَّ اللَّهَ عَلِيمٌ بِمَا يَفْعَلُونَ

    Царах дукхахберш моттадаларна а бен тIаьхьахIуьттуш ма бац. Баккъалла а, моттадаларо бакъдолчух хIумма а кIелхьар ца доккху (баккъалла а, мотталуш дерг бакъдолчунна дуьхьал хIумма пайдане ма дац). Баккъалла а, Дела хууш ву цара деш дерг

    10:36
  4. وَمَا كَانَ هَٰذَا الْقُرْآنُ أَنْ يُفْتَرَىٰ مِنْ دُونِ اللَّهِ وَلَٰكِنْ تَصْدِيقَ الَّذِي بَيْنَ يَدَيْهِ وَتَفْصِيلَ الْكِتَابِ لَا رَيْبَ فِيهِ مِنْ رَبِّ الْعَالَمِينَ

    ХIара Къуръан ца хилла кхолладала /тарлуш/ Дела воцчуьнгара‚ делахь а, нийса догIуш ду и шел хьалха хиллачуьнца‚ шен чохь шеко йоццуш Iаламийн Дегара жайна (Мухьаммадан умматана тдихкина декхарш) билгалдаккхар а ду и

    10:37
  5. أَمْ يَقُولُونَ افْتَرَاهُ ۖ قُلْ فَأْتُوا بِسُورَةٍ مِثْلِهِ وَادْعُوا مَنِ اسْتَطَعْتُمْ مِنْ دُونِ اللَّهِ إِنْ كُنْتُمْ صَادِقِينَ

    Я цара олу: 'Цо /ша/ кхоьллина и /Къуръан/'? Аш даийтал цунах тера цхьа сурат‚ кхайкха Дела воцчуьнга шайга кхайкхалучуьнга /кхечу гьнчашка/‚ шаьш бакълуьйш хиллехь

    10:38
  6. بَلْ كَذَّبُوا بِمَا لَمْ يُحِيطُوا بِعِلْمِهِ وَلَمَّا يَأْتِهِمْ تَأْوِيلُهُ ۚ كَذَٰلِكَ كَذَّبَ الَّذِينَ مِنْ قَبْلِهِمْ ۖ فَانْظُرْ كَيْفَ كَانَ عَاقِبَةُ الظَّالِمِينَ

    Хъ, харцдира цара (Маккан керстанаша) и (Къуръан) шаьш и дика довза а кхиале‚ шен таъвил а хIинцале шайга ца кхаьчна долу. Иштта харцдира царал хьалха хиллачара а. Хьажал‚ муха хилла зуламхойн тIаьхье!

    10:39
  7. وَمِنْهُمْ مَنْ يُؤْمِنُ بِهِ وَمِنْهُمْ مَنْ لَا يُؤْمِنُ بِهِ ۚ وَرَبُّكَ أَعْلَمُ بِالْمُفْسِدِينَ

    Царах цунах тешаш берш а бу‚ царах цунах ца тешаш берш а бу. Хьан Кхиош-Кхобург дика бевзаш ву хьуна /хма/ талхош берш

    10:40
  8. وَإِنْ كَذَّبُوكَ فَقُلْ لِي عَمَلِي وَلَكُمْ عَمَلُكُمْ ۖ أَنْتُمْ بَرِيئُونَ مِمَّا أَعْمَلُ وَأَنَا بَرِيءٌ مِمَّا تَعْمَلُونَ

    Хьо цара харцвахь‚ ахь āла: 'Суна сайн Iамал ю‚ шуна шайн Iамал ю. Шу цIена ду ас дечух‚ со цIена ву аш дечух'

    10:41
  9. وَمِنْهُمْ مَنْ يَسْتَمِعُونَ إِلَيْكَ ۚ أَفَأَنْتَ تُسْمِعُ الصُّمَّ وَلَوْ كَانُوا لَا يَعْقِلُونَ

    Царах хьоьга ладугIуш берш а бу. Ахь хозуьйтур дара къорачарна, цу тIе а уьш хьекъале а ца хилча?

    10:42

Гочдар: Магомед Магомедов