Мусхаф., агӏо 217

  1. وَاتْلُ عَلَيْهِمْ نَبَأَ نُوحٍ إِذْ قَالَ لِقَوْمِهِ يَا قَوْمِ إِنْ كَانَ كَبُرَ عَلَيْكُمْ مَقَامِي وَتَذْكِيرِي بِآيَاتِ اللَّهِ فَعَلَى اللَّهِ تَوَكَّلْتُ فَأَجْمِعُوا أَمْرَكُمْ وَشُرَكَاءَكُمْ ثُمَّ لَا يَكُنْ أَمْرُكُمْ عَلَيْكُمْ غُمَّةً ثُمَّ اقْضُوا إِلَيَّ وَلَا تُنْظِرُونِ

    Дийца царна Нухьан хабар‚ цо шен къоме ма элира: 'ХIай сан къам! Нагахь санна шуна хала хиллехь сан /шуьца/ Iар а‚ ас Делан аяташ хьехадар а – со Далла тIетевжина. Вовшахтоха шайн гIуллакх а, шайн накъостий а‚ цул тIаьхьа шун гIуллакх шуна ма хуьлийла сингаттаме. ТIаккха суна шайн кхиэл е‚ хан тьхьа ма татталаш (и ца еш)

    10:71
  2. فَإِنْ تَوَلَّيْتُمْ فَمَا سَأَلْتُكُمْ مِنْ أَجْرٍ ۖ إِنْ أَجْرِيَ إِلَّا عَلَى اللَّهِ ۖ وَأُمِرْتُ أَنْ أَكُونَ مِنَ الْمُسْلِمِينَ

    Шу дIадерзахь /сох/ – ас шуьга цхьа а мах ца бехна‚ сан мах Делехь бен бац. Суна омра дина бусалбанех цхьаъ хила'‚ аьлла

    10:72
  3. فَكَذَّبُوهُ فَنَجَّيْنَاهُ وَمَنْ مَعَهُ فِي الْفُلْكِ وَجَعَلْنَاهُمْ خَلَائِفَ وَأَغْرَقْنَا الَّذِينَ كَذَّبُوا بِآيَاتِنَا ۖ فَانْظُرْ كَيْفَ كَانَ عَاقِبَةُ الْمُنْذَرِينَ

    Цара и харцвира‚ тIаккха Оха иза а‚ цуьнца берш а кIелхьарбехира кеманна чохь‚ Оха хилийтира царах тIаьхье‚ Тхешан аяташ харцдинарш хина бухабахийтира Оха. Хьажал‚ муха хилла шайна /элчанаша/ кхерам тосучеран тIаьхье!

    10:73
  4. ثُمَّ بَعَثْنَا مِنْ بَعْدِهِ رُسُلًا إِلَىٰ قَوْمِهِمْ فَجَاءُوهُمْ بِالْبَيِّنَاتِ فَمَا كَانُوا لِيُؤْمِنُوا بِمَا كَذَّبُوا بِهِ مِنْ قَبْلُ ۚ كَذَٰلِكَ نَطْبَعُ عَلَىٰ قُلُوبِ الْمُعْتَدِينَ

    ТIаккха цул тIаьхьа Оха бахийтира элчанаш шайн къаьмнашка‚ уьш баьхкира царна тIе билгалонашца – уьш (элчанаш шайна тбаьхкинарш) ца хилира (хнца а) тешар болуш шаьш хьалха харцдинчух. Иштта мухIар тоьхна Оха /Делан/ дозанех бевлачеран дегнашна

    10:74
  5. ثُمَّ بَعَثْنَا مِنْ بَعْدِهِمْ مُوسَىٰ وَهَارُونَ إِلَىٰ فِرْعَوْنَ وَمَلَئِهِ بِآيَاتِنَا فَاسْتَكْبَرُوا وَكَانُوا قَوْمًا مُجْرِمِينَ

    ТIаккха царал тIаьхьа Муса а‚ ХIарун а вахийтира Оха ФирIавнна а‚ цуьнан элашна а тIе Тхешан аяташца – цара куралла йира‚ уьш хилира къинош деш долу къам

    10:75
  6. فَلَمَّا جَاءَهُمُ الْحَقُّ مِنْ عِنْدِنَا قَالُوا إِنَّ هَٰذَا لَسِحْرٌ مُبِينٌ

    Тхоьгара бакъдерг шайга деъча‚ цара элира: 'Баккъалла а, хIара билггала бозбуунчалла ма ду'

    10:76
  7. قَالَ مُوسَىٰ أَتَقُولُونَ لِلْحَقِّ لَمَّا جَاءَكُمْ ۖ أَسِحْرٌ هَٰذَا وَلَا يُفْلِحُ السَّاحِرُونَ

    Мусас элира: 'Бакъдолчунна, и шайга деъча, /иштта/ олу аш? Бозбуунчалла ду хIара? Бозбуунчаш баккхийбийр ма бац'

    10:77
  8. قَالُوا أَجِئْتَنَا لِتَلْفِتَنَا عَمَّا وَجَدْنَا عَلَيْهِ آبَاءَنَا وَتَكُونَ لَكُمَا الْكِبْرِيَاءُ فِي الْأَرْضِ وَمَا نَحْنُ لَكُمَا بِمُؤْمِنِينَ

    Цара элира: 'Хьо веана тхуна тхешан дай шена тIехь тхуна карийначух тхо дIадерзо /деккъа/ шу- шинна хилийтархьама лаьттахь сийлалла? Тхо шушиннах а тешаш ма дац'

    10:78

Гочдар: Магомед Магомедов