Мусхаф., агӏо 218

  1. وَقَالَ فِرْعَوْنُ ائْتُونِي بِكُلِّ سَاحِرٍ عَلِيمٍ

    ФирIавна элира: 'Суна тIе валаве хIора говза мел волу бозбуунча'

    10:79
  2. فَلَمَّا جَاءَ السَّحَرَةُ قَالَ لَهُمْ مُوسَىٰ أَلْقُوا مَا أَنْتُمْ مُلْقُونَ

    Бозбуунчаш баьхкича, Мусас цаьрга элира: 'Кхосса шаьш кхуссуш ерг'

    10:80
  3. فَلَمَّا أَلْقَوْا قَالَ مُوسَىٰ مَا جِئْتُمْ بِهِ السِّحْرُ ۖ إِنَّ اللَّهَ سَيُبْطِلُهُ ۖ إِنَّ اللَّهَ لَا يُصْلِحُ عَمَلَ الْمُفْسِدِينَ

    Цара кхоьссича‚ Мусас элира: 'Аш шайца деана дерг бозбуунчалла ду. Баккъалла а, Дала дойур ду иза. Баккъалла а, Дала ца тойо /хма/ талхош болчеран Iамал

    10:81
  4. وَيُحِقُّ اللَّهُ الْحَقَّ بِكَلِمَاتِهِ وَلَوْ كَرِهَ الْمُجْرِمُونَ

    Бакъдерг бакъхуьлуьйту Дала Шен дешнашца‚ къинош дечарна и мел ца дезахь а'

    10:82
  5. فَمَا آمَنَ لِمُوسَىٰ إِلَّا ذُرِّيَّةٌ مِنْ قَوْمِهِ عَلَىٰ خَوْفٍ مِنْ فِرْعَوْنَ وَمَلَئِهِمْ أَنْ يَفْتِنَهُمْ ۚ وَإِنَّ فِرْعَوْنَ لَعَالٍ فِي الْأَرْضِ وَإِنَّهُ لَمِنَ الْمُسْرِفِينَ

    Мусах ца тийшира цуьнан къомах цхьа зуьрриет бен, ФирIавна а‚ цуьнан элаша а шаьш питане лацарх кхерарна. Баккъалла а, ФирIавн лакхаваьлла лаьттахь /зуламаш деш/. Баккъалла а, и /Делан ниIматах/ кхоам цабечарах ву

    10:83
  6. وَقَالَ مُوسَىٰ يَا قَوْمِ إِنْ كُنْتُمْ آمَنْتُمْ بِاللَّهِ فَعَلَيْهِ تَوَكَّلُوا إِنْ كُنْتُمْ مُسْلِمِينَ

    Мусас элира: 'ХIай сан къам‚ шу хиллехь Делах тешна – Цунна тIетовжа‚ шаьш (Цунна) муьтIахь дерш делахь'

    10:84
  7. فَقَالُوا عَلَى اللَّهِ تَوَكَّلْنَا رَبَّنَا لَا تَجْعَلْنَا فِتْنَةً لِلْقَوْمِ الظَّالِمِينَ

    ТIаккха цара элира: 'Далла тIетевжина тхо. Веза волу Тхо Кхиош-Кхобург‚ тхо ма хилийталахь зуламе къомана питана

    10:85
  8. وَنَجِّنَا بِرَحْمَتِكَ مِنَ الْقَوْمِ الْكَافِرِينَ

    КIелхьардахалахь тхо Хьайн къинхетамца керста къомах'

    10:86
  9. وَأَوْحَيْنَا إِلَىٰ مُوسَىٰ وَأَخِيهِ أَنْ تَبَوَّآ لِقَوْمِكُمَا بِمِصْرَ بُيُوتًا وَاجْعَلُوا بُيُوتَكُمْ قِبْلَةً وَأَقِيمُوا الصَّلَاةَ ۗ وَبَشِّرِ الْمُؤْمِنِينَ

    Мусага а‚ цуьнан веше (ХIаруне) а Оха хаийтира ваьхьица ашшиммо а шаьшшиннан къомана Мисрахь хсамаш а лаца, шайн хсамех къилба а хилийта‚ ламаз а хIоттаде‚ кхаъ а баккха муъмин нахе‚ аьлла

    10:87
  10. وَقَالَ مُوسَىٰ رَبَّنَا إِنَّكَ آتَيْتَ فِرْعَوْنَ وَمَلَأَهُ زِينَةً وَأَمْوَالًا فِي الْحَيَاةِ الدُّنْيَا رَبَّنَا لِيُضِلُّوا عَنْ سَبِيلِكَ ۖ رَبَّنَا اطْمِسْ عَلَىٰ أَمْوَالِهِمْ وَاشْدُدْ عَلَىٰ قُلُوبِهِمْ فَلَا يُؤْمِنُوا حَتَّىٰ يَرَوُا الْعَذَابَ الْأَلِيمَ

    Мусас элира: 'Веза волу тхо Кхиош-Кхобург‚ ФирIавнна а‚ цуьнан элашна а дуьненан дахарехь хазалла а‚ бахам а белла Ахь, тхан Кхиош-кхобург, уьш тилабалийтархьама Хьайн некъах. Веза волу тхо Кхиош-Кхобург‚ байа церан бахам а‚ къиза де церан дегнаш а - уьш тешар болуш бац шайна лазош долу Iазап ца гича'

    10:88

Гочдар: Магомед Магомедов