Мусхаф., агӏо 219
-
قَالَ قَدْ أُجِيبَتْ دَعْوَتُكُمَا فَاسْتَقِيمَا وَلَا تَتَّبِعَانِّ سَبِيلَ الَّذِينَ لَا يَعْلَمُونَ
Цо (Дала) элира: 'Шушиннан доIина жоп делла‚ нийса хила шушиъ‚ тIаьхьа ма хIитталаш ца хууш болчеран новкъа'
10:89 -
وَجَاوَزْنَا بِبَنِي إِسْرَائِيلَ الْبَحْرَ فَأَتْبَعَهُمْ فِرْعَوْنُ وَجُنُودُهُ بَغْيًا وَعَدْوًا ۖ حَتَّىٰ إِذَا أَدْرَكَهُ الْغَرَقُ قَالَ آمَنْتُ أَنَّهُ لَا إِلَٰهَ إِلَّا الَّذِي آمَنَتْ بِهِ بَنُو إِسْرَائِيلَ وَأَنَا مِنَ الْمُسْلِمِينَ
Оха хIорда дехьа бехира Исраилан кIентий. Царна тIаьхьа бевлира ФирIавн а‚ цуьнан бIо а хьогIаций‚ мостагIаллиций. /ХIорда/ бухавахар шена ткхиъча‚ цо (ФирIавна ша хьорда буха воьдуш) элира: 'Со тийши кхин Дела цахиларх, Шех Исраилан кIентий тешнарг бен‚ со муьтIахь болчарах (бусалба нахах) ву-кх'
10:90 -
آلْآنَ وَقَدْ عَصَيْتَ قَبْلُ وَكُنْتَ مِنَ الْمُفْسِدِينَ
ХIинций? Хьалха-м Iесалла ма йира ахь‚ хьо ма хилира /нах Делан динах/ талхочарах
10:91 -
فَالْيَوْمَ نُنَجِّيكَ بِبَدَنِكَ لِتَكُونَ لِمَنْ خَلْفَكَ آيَةً ۚ وَإِنَّ كَثِيرًا مِنَ النَّاسِ عَنْ آيَاتِنَا لَغَافِلُونَ
Тахана Оха кIелхьарвоккхур ву хьо хьайн дегIаца хьол тIаьхьа богIучарна делил хилийтархьама. Баккъалла а, нахах дукхаберш Тхан аятех гIопал ма бу
10:92 -
وَلَقَدْ بَوَّأْنَا بَنِي إِسْرَائِيلَ مُبَوَّأَ صِدْقٍ وَرَزَقْنَاهُمْ مِنَ الطَّيِّبَاتِ فَمَا اخْتَلَفُوا حَتَّىٰ جَاءَهُمُ الْعِلْمُ ۚ إِنَّ رَبَّكَ يَقْضِي بَيْنَهُمْ يَوْمَ الْقِيَامَةِ فِيمَا كَانُوا فِيهِ يَخْتَلِفُونَ
Оха охьаховшийра Исраилан кIентий /бāха/ тоьлаш йолччу меттиге‚ цIенчух рицкъ а делира царна‚ /дин бахьанехь/ хилпало ца йуьйжира царна юкъа шайга Iилма кхаччалц. Баккъалла а, хьан Кхиош-Кхобучо кхиэл йийр ю царна юккъехь къематдийнахь уьш шеца хилпало еш хиллачохь
10:93 -
فَإِنْ كُنْتَ فِي شَكٍّ مِمَّا أَنْزَلْنَا إِلَيْكَ فَاسْأَلِ الَّذِينَ يَقْرَءُونَ الْكِتَابَ مِنْ قَبْلِكَ ۚ لَقَدْ جَاءَكَ الْحَقُّ مِنْ رَبِّكَ فَلَا تَكُونَنَّ مِنَ الْمُمْتَرِينَ
Хьуо шеко йолуш хилахь Оха хьайга доссийначух‚ ахь хаттал хьайл хьалха жайна доьшуш болчаьрга. Хьоьга деана хьан Кхиош-Кхобучуьнгара бакъдерг‚ хьо хиланне а ма хилалахь шеко ечарах
10:94 -
وَلَا تَكُونَنَّ مِنَ الَّذِينَ كَذَّبُوا بِآيَاتِ اللَّهِ فَتَكُونَ مِنَ الْخَاسِرِينَ
Хьо хиланне а ма хилалахь Делан аяташ харцдеш болчарах – тIаккха хьо хир ву эшначарах
10:95 -
إِنَّ الَّذِينَ حَقَّتْ عَلَيْهِمْ كَلِمَتُ رَبِّكَ لَا يُؤْمِنُونَ
Баккъалла а, шайна тIехь хьан Кхиош-Кхобучун дош бакъ хилларш тешар бац
10:96 -
وَلَوْ جَاءَتْهُمْ كُلُّ آيَةٍ حَتَّىٰ يَرَوُا الْعَذَابَ الْأَلِيمَ
Шайга массо а делил деъча а‚ шайна лазош долу Iазап галлац
10:97
Гочдар: Магомед Магомедов