Мусхаф., агӏо 220

  1. فَلَوْلَا كَانَتْ قَرْيَةٌ آمَنَتْ فَنَفَعَهَا إِيمَانُهَا إِلَّا قَوْمَ يُونُسَ لَمَّا آمَنُوا كَشَفْنَا عَنْهُمْ عَذَابَ الْخِزْيِ فِي الْحَيَاةِ الدُّنْيَا وَمَتَّعْنَاهُمْ إِلَىٰ حِينٍ

    /Оха хIаллакйинчу яртех/ цхьа а юрт хиллий шена /Iазап гиначул тIаьхьа/ ийман диллича – цу иймано шен пайда бина, деккъа Юнусан /юьртан/ къам бен? Оха дайдира царах дуьненан дахарехь сийсазаллин Iазап‚ бахам белира царна цхьана ханна

    10:98
  2. وَلَوْ شَاءَ رَبُّكَ لَآمَنَ مَنْ فِي الْأَرْضِ كُلُّهُمْ جَمِيعًا ۚ أَفَأَنْتَ تُكْرِهُ النَّاسَ حَتَّىٰ يَكُونُوا مُؤْمِنِينَ

    Хьан Кхиош-Кхобучунна лиънехьара, ийман диллина хир дара массо а лаьттахь мел волчо. Ткъа хьоьга ийман диллийталур дарий нахе /царна ца луушехь/?

    10:99
  3. وَمَا كَانَ لِنَفْسٍ أَنْ تُؤْمِنَ إِلَّا بِإِذْنِ اللَّهِ ۚ وَيَجْعَلُ الرِّجْسَ عَلَى الَّذِينَ لَا يَعْقِلُونَ

    Ца хилла синна (адамна) ийман диллар Делан пурбанца а бен. Ойла ца еш болчарна рижс (таар) хуьлуьйту Цо

    10:100
  4. قُلِ انْظُرُوا مَاذَا فِي السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ ۚ وَمَا تُغْنِي الْآيَاتُ وَالنُّذُرُ عَنْ قَوْمٍ لَا يُؤْمِنُونَ

    Ахь āла /цу хьайга Дела цхьаъ хиларан делилаш гайта бохучу мушрикашка/: 'Хьовсал! ХIун ду стигланашкахь а‚ лаьттахь а?/мел дукха Дела цхьаъ хиларан делилаш ду цигахь – малх, бутт...!/ Хьалхадоккхур ма дац /Iазапах/ аяташа а‚ кхерамаш туьйсучара а тешаш доцу къам'

    10:101
  5. فَهَلْ يَنْتَظِرُونَ إِلَّا مِثْلَ أَيَّامِ الَّذِينَ خَلَوْا مِنْ قَبْلِهِمْ ۚ قُلْ فَانْتَظِرُوا إِنِّي مَعَكُمْ مِنَ الْمُنْتَظِرِينَ

    Уьш хьовсур буй шайл хьалха баханчеран деношка санна а бен? Ахь āла: 'Хьовса‚ со а шуьца цхьана хьовсучарах ву'

    10:102
  6. ثُمَّ نُنَجِّي رُسُلَنَا وَالَّذِينَ آمَنُوا ۚ كَذَٰلِكَ حَقًّا عَلَيْنَا نُنْجِ الْمُؤْمِنِينَ

    ТIаккха Оха кIелхьарбохур бу Тхайн элчанаш а‚ ийман диллинарш а. Иштта хьакъ хилла Тхуна: Оха кIелхьарбохур бу муъмин нах

    10:103
  7. قُلْ يَا أَيُّهَا النَّاسُ إِنْ كُنْتُمْ فِي شَكٍّ مِنْ دِينِي فَلَا أَعْبُدُ الَّذِينَ تَعْبُدُونَ مِنْ دُونِ اللَّهِ وَلَٰكِنْ أَعْبُدُ اللَّهَ الَّذِي يَتَوَفَّاكُمْ ۖ وَأُمِرْتُ أَنْ أَكُونَ مِنَ الْمُؤْمِنِينَ

    Ахь āла /хIай Мухьаммад/: 'ХIай нах! Шу хиллехь шеконехь сан динах‚ ас Iибадат дийр дац Дела воцчу аш Iибадат дечарна‚ делахь а, ас Iибадат дийр ду Далла‚ шу а долуьйтуш волчу. Суна омра дина со муъмин нахах хила‚ аьлла

    10:104
  8. وَأَنْ أَقِمْ وَجْهَكَ لِلدِّينِ حَنِيفًا وَلَا تَكُونَنَّ مِنَ الْمُشْرِكِينَ

    Хьайн юьхь хIоттае динна тIе догцIена‚ хьо хиланне а ма хилалахь мушрикунех‚ аьлла

    10:105
  9. وَلَا تَدْعُ مِنْ دُونِ اللَّهِ مَا لَا يَنْفَعُكَ وَلَا يَضُرُّكَ ۖ فَإِنْ فَعَلْتَ فَإِنَّكَ إِذًا مِنَ الظَّالِمِينَ

    Ахь ма кхайкхалахь Дела воцчу хьайна пайда а‚ зен а ца дечуьнга‚ ахь и дахь – тIаккха, баккъалла, хьо хир ма ву зуламхойх'‚ аьлла

    10:106

Гочдар: Магомед Магомедов