Мусхаф., агӏо 226
-
وَيَصْنَعُ الْفُلْكَ وَكُلَّمَا مَرَّ عَلَيْهِ مَلَأٌ مِنْ قَوْمِهِ سَخِرُوا مِنْهُ ۚ قَالَ إِنْ تَسْخَرُوا مِنَّا فَإِنَّا نَسْخَرُ مِنْكُمْ كَمَا تَسْخَرُونَ
Цо кема дора‚ Цуьнан къоман элий, шаьш уллохула чекх моссазза бовлу, цунах боьлура. Цо элира: 'Шу тхох доьлу‚ тьхьа тхо шух доьлур ду, шу деларе терра
11:38 -
فَسَوْفَ تَعْلَمُونَ مَنْ يَأْتِيهِ عَذَابٌ يُخْزِيهِ وَيَحِلُّ عَلَيْهِ عَذَابٌ مُقِيمٌ
ТIаьхьа хуур ду шуна‚ хьанна тIе Iазап догIур ду‚ цо ша сийсазвеш долу‚ /гуттар/ лаьтта долу Iазап шех хьаьрча дерг мила ву'
11:39 -
حَتَّىٰ إِذَا جَاءَ أَمْرُنَا وَفَارَ التَّنُّورُ قُلْنَا احْمِلْ فِيهَا مِنْ كُلٍّ زَوْجَيْنِ اثْنَيْنِ وَأَهْلَكَ إِلَّا مَنْ سَبَقَ عَلَيْهِ الْقَوْلُ وَمَنْ آمَنَ ۚ وَمَا آمَنَ مَعَهُ إِلَّا قَلِيلٌ
Тхан омра деъча, пеш кхехка йолаелча‚ Оха элира: 'Цунна т- хаае хIор /дийнатах/ шишша‚ хьан доьзалх а шена тIехь дош хьалхадаьлларг воцург‚ /массо а/ ийман диллинарг а. Ийман ца диллира цуьнца кIеззигчара бен
11:40 -
وَقَالَ ارْكَبُوا فِيهَا بِسْمِ اللَّهِ مَجْرَاهَا وَمُرْسَاهَا ۚ إِنَّ رَبِّي لَغَفُورٌ رَحِيمٌ
Цо (Нухьас) элира: 'ТIеховша цунна‚ Делан цIарца ду цуьнан лелар а‚ сацар а. Баккъалла а, сан Кхиош-Кхобург гечдийриг а ву‚ къинхетаме верг а ву'
11:41 -
وَهِيَ تَجْرِي بِهِمْ فِي مَوْجٍ كَالْجِبَالِ وَنَادَىٰ نُوحٌ ابْنَهُ وَكَانَ فِي مَعْزِلٍ يَا بُنَيَّ ارْكَبْ مَعَنَا وَلَا تَكُنْ مَعَ الْكَافِرِينَ
И (кема) лелара цаьрца тулгIенашкахь,шаьш лаьмнаш санна йолчу. Нухьас кхайкхира шен кIанте‚ и вара юьстах лаьтташ: 'ХIай сан кIанталг! ТIе хаа тхоьца‚ ма хила керстанашца'
11:42 -
قَالَ سَآوِي إِلَىٰ جَبَلٍ يَعْصِمُنِي مِنَ الْمَاءِ ۚ قَالَ لَا عَاصِمَ الْيَوْمَ مِنْ أَمْرِ اللَّهِ إِلَّا مَنْ رَحِمَ ۚ وَحَالَ بَيْنَهُمَا الْمَوْجُ فَكَانَ مِنَ الْمُغْرَقِينَ
Цо элира: 'Ас клхьарвалар лохур ду ламана тхь– цо ларвийр ву со хих'. Цо (Нухьас) элира: 'Тахана цхьаммо а ларвийр вац Делан омрах, Цо шех къинхетам бинарг бен'. Цу шинна юккъе тулгIе хьаьвзира – иза хина бухабаханчарах хилира
11:43 -
وَقِيلَ يَا أَرْضُ ابْلَعِي مَاءَكِ وَيَا سَمَاءُ أَقْلِعِي وَغِيضَ الْمَاءُ وَقُضِيَ الْأَمْرُ وَاسْتَوَتْ عَلَى الْجُودِيِّ ۖ وَقِيلَ بُعْدًا لِلْقَوْمِ الظَّالِمِينَ
Элира: 'ХIай латта! Дхудал хьайн хи‚ ва хIай стигал! ДIасацаде /догIа/. Хи дIаделира‚ /Делан/ омра кхочушхилира. И сецира Джудияхь. Элира: 'Декъаза хуьлда зуламе къам'
11:44 -
وَنَادَىٰ نُوحٌ رَبَّهُ فَقَالَ رَبِّ إِنَّ ابْنِي مِنْ أَهْلِي وَإِنَّ وَعْدَكَ الْحَقُّ وَأَنْتَ أَحْكَمُ الْحَاكِمِينَ
Нухьа кхайкхира шен Кхиош-Кхобучуьнга‚ элира /цо/: 'Сан Кхиош-Кхобург! И сан кIант сан доьзалх ма ву‚ Хьан ваIда бакъ ма ю‚ Хьо хьукма дечарах уггар хьукма /нийса/ деш верг а ма ву!'
11:45
Гочдар: Магомед Магомедов