Мусхаф., агӏо 227
-
قَالَ يَا نُوحُ إِنَّهُ لَيْسَ مِنْ أَهْلِكَ ۖ إِنَّهُ عَمَلٌ غَيْرُ صَالِحٍ ۖ فَلَا تَسْأَلْنِ مَا لَيْسَ لَكَ بِهِ عِلْمٌ ۖ إِنِّي أَعِظُكَ أَنْ تَكُونَ مِنَ الْجَاهِلِينَ
Элира /Дала/: 'ХIай Нухь! И хьан доьзалх вац. Иза ву /шен/ мал дика йоцург. Соьга ма деха шегахь хьан Iилма доцург. Ас хьехам бо хьуна хьо ца хилийта цахуучарах'
11:46 -
قَالَ رَبِّ إِنِّي أَعُوذُ بِكَ أَنْ أَسْأَلَكَ مَا لَيْسَ لِي بِهِ عِلْمٌ ۖ وَإِلَّا تَغْفِرْ لِي وَتَرْحَمْنِي أَكُنْ مِنَ الْخَاسِرِينَ
Цо элира: 'Сан Кхиош-Кхобург! Со Хьоьца ларло сайна Iилма шеца доцург Хьоьга дехарх. Ахь суна геч ца дахь‚ сох къинхетам ца бахь – со хир ву-кх эшначарах'
11:47 -
قِيلَ يَا نُوحُ اهْبِطْ بِسَلَامٍ مِنَّا وَبَرَكَاتٍ عَلَيْكَ وَعَلَىٰ أُمَمٍ مِمَّنْ مَعَكَ ۚ وَأُمَمٌ سَنُمَتِّعُهُمْ ثُمَّ يَمَسُّهُمْ مِنَّا عَذَابٌ أَلِيمٌ
Аьллера: 'ХIай Нухь! Охьавосса Тхоьгара кхерамазаллица а‚ беркатца а хьайна а‚ хьайца цхьаьна /кемана тхь/ хиллачу умматашна а. Оха шайна тIаьхьа бахам а лур болуш /цхьа кхин умматаш хир ду/‚ тIаккха Тхоьгара лазош долчу Iазапо схьалоцур бу уьш'
11:48 -
تِلْكَ مِنْ أَنْبَاءِ الْغَيْبِ نُوحِيهَا إِلَيْكَ ۖ مَا كُنْتَ تَعْلَمُهَا أَنْتَ وَلَا قَوْمُكَ مِنْ قَبْلِ هَٰذَا ۖ فَاصْبِرْ ۖ إِنَّ الْعَاقِبَةَ لِلْمُتَّقِينَ
Уьш къайленан дийцарш ду‚ Оха хьоьга дуьйцуш долу ваьхьашца. Уьш хууш вацара хьо а /хIай Мухьаммад/‚ хьан къам а хIокхул хьалха. Собар де ахь. Баккъалла а, тIаьхье /Делах/ кхоьручарна ю
11:49 -
وَإِلَىٰ عَادٍ أَخَاهُمْ هُودًا ۚ قَالَ يَا قَوْمِ اعْبُدُوا اللَّهَ مَا لَكُمْ مِنْ إِلَٰهٍ غَيْرُهُ ۖ إِنْ أَنْتُمْ إِلَّا مُفْتَرُونَ
Iадашка а церан ваша ХIуд /вахийтира Оха/. Цо элира: 'ХIай сан къам‚ Iибадат де /цхьана/ Далла – Аллахна‚ И воцург кхин дела вац шуна‚ шу ма дац харцдерг кхуллуш бен
11:50 -
يَا قَوْمِ لَا أَسْأَلُكُمْ عَلَيْهِ أَجْرًا ۖ إِنْ أَجْرِيَ إِلَّا عَلَى الَّذِي فَطَرَنِي ۚ أَفَلَا تَعْقِلُونَ
ХIай сан къам! Цунна тIехь шуьга сайна мах ца боьху ас. Суна мах балар Ша со кхоьллина волчунна тхь бен дац. Шу хьекъале ца хуьлу?
11:51 -
وَيَا قَوْمِ اسْتَغْفِرُوا رَبَّكُمْ ثُمَّ تُوبُوا إِلَيْهِ يُرْسِلِ السَّمَاءَ عَلَيْكُمْ مِدْرَارًا وَيَزِدْكُمْ قُوَّةً إِلَىٰ قُوَّتِكُمْ وَلَا تَتَوَلَّوْا مُجْرِمِينَ
ХIай сан къам! Гечдар дēха шайн Кхиош-Кхобучуьнга‚ тIаккха Цуьнга тōба де - Цо стигал йоуьйтур шуна шортта догIица‚ шун ницкъана тIе а ницкъаца совдохур ду Цо шу. Шу дIа ма дерзалаш къинош деш а долуш.'
11:52 -
قَالُوا يَا هُودُ مَا جِئْتَنَا بِبَيِّنَةٍ وَمَا نَحْنُ بِتَارِكِي آلِهَتِنَا عَنْ قَوْلِكَ وَمَا نَحْنُ لَكَ بِمُؤْمِنِينَ
Цара элира: 'ХIай ХIуд! Хьо ца веана тхоьга билгалонца‚ тхо ма дац тхешан деланаш дтосур болуш хьан дош бахьанехь‚ тхо хир дац хьох тешарш
11:53
Гочдар: Магомед Магомедов