Мусхаф., агӏо 228
-
إِنْ نَقُولُ إِلَّا اعْتَرَاكَ بَعْضُ آلِهَتِنَا بِسُوءٍ ۗ قَالَ إِنِّي أُشْهِدُ اللَّهَ وَاشْهَدُوا أَنِّي بَرِيءٌ مِمَّا تُشْرِكُونَ
Оха олу: 'Тхан цхьаболчу деланаша зулам дина хьуна'. Цо элира: 'Баккъалла а, ас Дела хIоттаво теш‚ аш тешалла де со аш /Делаца/ накъост лацарх цIена ву алий
11:54 -
مِنْ دُونِهِ ۖ فَكِيدُونِي جَمِيعًا ثُمَّ لَا تُنْظِرُونِ
И ша /Дела/ воцчух. Мекарло е суна массара а‚ ца еш тIаьхьа ма татталаш со
11:55 -
إِنِّي تَوَكَّلْتُ عَلَى اللَّهِ رَبِّي وَرَبِّكُمْ ۚ مَا مِنْ دَابَّةٍ إِلَّا هُوَ آخِذٌ بِنَاصِيَتِهَا ۚ إِنَّ رَبِّي عَلَىٰ صِرَاطٍ مُسْتَقِيمٍ
Баккъалла а, со Далла тIетевжи‚ сан а‚ шун а Эла волчу. Цхьа а дийнат ма дац Цо шен кж лоцур болуш бен. Баккъалла а, сан Кхиош-Кхобург нийсачу новкъахь ма ву (нийса бекхам беш ву)
11:56 -
فَإِنْ تَوَلَّوْا فَقَدْ أَبْلَغْتُكُمْ مَا أُرْسِلْتُ بِهِ إِلَيْكُمْ ۚ وَيَسْتَخْلِفُ رَبِّي قَوْمًا غَيْرَكُمْ وَلَا تَضُرُّونَهُ شَيْئًا ۚ إِنَّ رَبِّي عَلَىٰ كُلِّ شَيْءٍ حَفِيظٌ
Шу духадовлахь /ас деъначух/ – ас шуьга дIакхачийна со шуьга дахьаш ваийтинарг. Сан Кхиош-кхобучо тIаьхье шу доцчу /кхечу/ къомана хуьлуьйтур ю‚ аш Цунна цхьана а хIуманца зен дийр дац. Баккъалла а, сан Кхиош-Кхобург – массо а хIуманан лардархо ву!'
11:57 -
وَلَمَّا جَاءَ أَمْرُنَا نَجَّيْنَا هُودًا وَالَّذِينَ آمَنُوا مَعَهُ بِرَحْمَةٍ مِنَّا وَنَجَّيْنَاهُمْ مِنْ عَذَابٍ غَلِيظٍ
Тхешан омра деъча‚ Оха кIелхьарбехира ХIуд а‚ цуьнца болу ийман диллина хилларш а Тхайгарчу къинхетамца. Оха уьш кIелхьарбехира луьрачу Iазапах
11:58 -
وَتِلْكَ عَادٌ ۖ جَحَدُوا بِآيَاتِ رَبِّهِمْ وَعَصَوْا رُسُلَهُ وَاتَّبَعُوا أَمْرَ كُلِّ جَبَّارٍ عَنِيدٍ
Вуьйш Iадаш бу – шайн Кхиош-Кхобучун аяташна инкарло йира цара‚ Цуьнан элчанашна Iеса хилира‚ хIор ца къарлучу, къизачу запхочун (запечу паччахьан) омрана тIаьхьахIиттира уьш
11:59 -
وَأُتْبِعُوا فِي هَٰذِهِ الدُّنْيَا لَعْنَةً وَيَوْمَ الْقِيَامَةِ ۗ أَلَا إِنَّ عَادًا كَفَرُوا رَبَّهُمْ ۗ أَلَا بُعْدًا لِعَادٍ قَوْمِ هُودٍ
/Делан а, маликийн а, массо а нехан а /неIалт хьаьрчира царах хIокху дуьненахь а‚ къематдийнахь а. Хьовсал! Баккъалла а, Iадаша керстаналла ма дина шайн Кхиош-кхобучунна. Хьовсал! Белла бовлийла и Iадаш‚ ХIудин къам!
11:60 -
وَإِلَىٰ ثَمُودَ أَخَاهُمْ صَالِحًا ۚ قَالَ يَا قَوْمِ اعْبُدُوا اللَّهَ مَا لَكُمْ مِنْ إِلَٰهٍ غَيْرُهُ ۖ هُوَ أَنْشَأَكُمْ مِنَ الْأَرْضِ وَاسْتَعْمَرَكُمْ فِيهَا فَاسْتَغْفِرُوهُ ثُمَّ تُوبُوا إِلَيْهِ ۚ إِنَّ رَبِّي قَرِيبٌ مُجِيبٌ
Самудашна а церан ваша Салихь /твахийтира Оха/. Цо элира: 'ХIай сан къам! Iибадат дейша /цхьана/ Далла-Аллахна‚ И воцург кхин дела ма вац шуна. Цо кхиийна шу лаьттах‚ цу тхь дāхийтина шу‚ Цуьнга гечдар деха‚ тIаккха Цуьнга тōба де. Баккъалла а, сан Кхиош-Кхобург гергахь а ву‚ жоп луш а ву'
11:61 -
قَالُوا يَا صَالِحُ قَدْ كُنْتَ فِينَا مَرْجُوًّا قَبْلَ هَٰذَا ۖ أَتَنْهَانَا أَنْ نَعْبُدَ مَا يَعْبُدُ آبَاؤُنَا وَإِنَّنَا لَفِي شَكٍّ مِمَّا تَدْعُونَا إِلَيْهِ مُرِيبٍ
Цара элира: 'ХIай Салихь! Хьо ма варий тхуна юккъехь хIокхул хьалха хьох /тхайна тхь эла хиларе оха/ догдохуш верг. Ахь тхуна ца магадо Оха Iибадат дар тхан дайша Iибадат дечунна. Баккъалла‚ тхо чIогIачу шеконехь ма ду ахь тхо шега кхойкхучух'
11:62
Гочдар: Магомед Магомедов