Мусхаф., агӏо 229
-
قَالَ يَا قَوْمِ أَرَأَيْتُمْ إِنْ كُنْتُ عَلَىٰ بَيِّنَةٍ مِنْ رَبِّي وَآتَانِي مِنْهُ رَحْمَةً فَمَنْ يَنْصُرُنِي مِنَ اللَّهِ إِنْ عَصَيْتُهُ ۖ فَمَا تَزِيدُونَنِي غَيْرَ تَخْسِيرٍ
Цо элира: 'ХIай сан къам! Гой шуна‚ со сайн Кхиош-Кхобучуьнгара билгалонна тIехь хилча‚ Цо суна шегара къинхетам а белча‚ хьан гIо дийр дара суна Далла дуьхьал‚ со Цунна Iеса хилча? Аш суна сов ца боккху эшам а бен
11:63 -
وَيَا قَوْمِ هَٰذِهِ نَاقَةُ اللَّهِ لَكُمْ آيَةً فَذَرُوهَا تَأْكُلْ فِي أَرْضِ اللَّهِ وَلَا تَمَسُّوهَا بِسُوءٍ فَيَأْخُذَكُمْ عَذَابٌ قَرِيبٌ
ХIай сан къам! хIара Делан эмкал ю шуна делил хилла‚ йиталаш и Делан лаьттахь яжа. Вониг ма делаш цунна - тIаккха гергарчу Iазапо схьалоцур ду шу'
11:64 -
فَعَقَرُوهَا فَقَالَ تَمَتَّعُوا فِي دَارِكُمْ ثَلَاثَةَ أَيَّامٍ ۖ ذَٰلِكَ وَعْدٌ غَيْرُ مَكْذُوبٍ
Цара цунна (Дала яийтинчу эмкална) урс хьаькхира. Цо (Салихьа) элира: 'Зовкх хьега шайн хсамашкахь кхаа дийнахь. И харц йоцу ваIда ю!'
11:65 -
فَلَمَّا جَاءَ أَمْرُنَا نَجَّيْنَا صَالِحًا وَالَّذِينَ آمَنُوا مَعَهُ بِرَحْمَةٍ مِنَّا وَمِنْ خِزْيِ يَوْمِئِذٍ ۗ إِنَّ رَبَّكَ هُوَ الْقَوِيُّ الْعَزِيزُ
Тхешан омра деъча, Оха кIелхьарваьккхира Салихь а‚ цуьнца ийман диллина хилларш а Тхайгара къинхетамца, цу дийнан сийсазаллах /лаш а бира/. Баккъалла а, хьан Кхиош-Кхобург нуьцкъала верг а‚ веза верг а ма ву
11:66 -
وَأَخَذَ الَّذِينَ ظَلَمُوا الصَّيْحَةُ فَأَصْبَحُوا فِي دِيَارِهِمْ جَاثِمِينَ
Зулам динарш /нуьцкъалчу/ маьхьаро схьалецира – шайн хсамашкахь /белла/ бертал эгна Iуьйранга бевлира уьш,
11:67 -
كَأَنْ لَمْ يَغْنَوْا فِيهَا ۗ أَلَا إِنَّ ثَمُودَ كَفَرُوا رَبَّهُمْ ۗ أَلَا بُعْدًا لِثَمُودَ
Шаьш царна чохь ца йнарш санна. Хьовсал! Баккъалла а, самудаша керстаналла дина шайн Кхиош-Кхобучунна. Хьовсал! Белла бовлийла и самудаш!
11:68 -
وَلَقَدْ جَاءَتْ رُسُلُنَا إِبْرَاهِيمَ بِالْبُشْرَىٰ قَالُوا سَلَامًا ۖ قَالَ سَلَامٌ ۖ فَمَا لَبِثَ أَنْ جَاءَ بِعِجْلٍ حَنِيذٍ
Тхан элчанаш (маликаш) баьхкира ИбрахIиме кхаъ боккхуш‚ цара элира: 'Салам!'. Цо элира: 'Салам!'‚ сихо йира цо кхаьрзинчу эсанца /хьешашна/ тIе ван
11:69 -
فَلَمَّا رَأَىٰ أَيْدِيَهُمْ لَا تَصِلُ إِلَيْهِ نَكِرَهُمْ وَأَوْجَسَ مِنْهُمْ خِيفَةً ۚ قَالُوا لَا تَخَفْ إِنَّا أُرْسِلْنَا إِلَىٰ قَوْمِ لُوطٍ
Цунна гича церан куьйгаш цунна (эсанна) тIе ца кхочуш‚ иза царах шеконе велира‚ кхера а велира. Цара элира: 'Ма кхера! Баккъалла а, тхо дахкийтина ЛутIин къомана тIе' /уьш хIаллакбан/
11:70 -
وَامْرَأَتُهُ قَائِمَةٌ فَضَحِكَتْ فَبَشَّرْنَاهَا بِإِسْحَاقَ وَمِنْ وَرَاءِ إِسْحَاقَ يَعْقُوبَ
Цуьнан (ИбрахIиман) зуда (Сарат) яра ирахIоьттина лаьтташ‚ и елаелира. Оха цунна (Саратана) кхаъ баьккхира Исхьакъаца‚ Исхьакъана тIаьххье ЯIкъубаца
11:71
Гочдар: Магомед Магомедов